2008 шарахь 44-гIа Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент хаьржира Иллинойс Штатера сенатор-демократ Обмама Барак. Исторехь дуьххьара афро-Iамеркахо пачхьалкхан коьрте хIоттийра халкъо. Шел хьалхарчу президентера Буш Джоржера цо караийцира лахъелла экономика, Иракъера, ОвхIанистанера тIемаш, мехкан йоьжна цIе. Обама Баракан президенталлера бIаьрла васташ гулдина Маршо Радионо.
Обама Баракан президенталла суьрташкахь

1
ОбамагIар - президент Барак, цуьнан зуда Мишель, йоIарий Мали, Саша. Тажтуьллу де. 2009 шо, Дечкен-беттан 20-гIа де. Вашингтон.

2
2009 шо, Дечкен-беттан 21-ра де. Белхан дуьххьара де. Куберчу Гуантанамо набахтера кхелаш совцорах, шерачохь набахти дIакъовларх дара президентан хьалхара омра. Амма Гунтанамо къовлаза ю тахана а.

3
2009, Чиллан-бутт, 27, Къилбаседа Каролина. Иракъера тIом 2010-чу шеран Марсхьокху-беттан 31-чохь чекхбер бу, элира Обамас. Эскарш арадахаро кхоьллина "Исламан пачхьалкх" олучу тобанашна дебан хьал, аьлла цуьнгара дарж схьаэцначу Трамп Доналда.

4
Прагехь, чехословакийн президентан Масарик Томашан хIолламна гергахь къамелдеш, 2009, Охан-бутт, 5. Зарратан герзах дуьне ца коьруьйтург ша дерриг а дийр ду, элира Обамас.