2008 шарахь 44-гIа Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент хаьржира Иллинойс Штатера сенатор-демократ Обмама Барак. Исторехь дуьххьара афро-Iамеркахо пачхьалкхан коьрте хIоттийра халкъо. Шел хьалхарчу президентера Буш Джоржера цо караийцира лахъелла экономика, Иракъера, ОвхIанистанера тIемаш, мехкан йоьжна цIе. Обама Баракан президенталлера бIаьрла васташ гулдина Маршо Радионо.
Обама Баракан президенталла суьрташкахь
5
Обама Барак а, Францин президент Саркози Николя а, Британин премьер-министр Браун Гордон а G-20 саммитехь, 2009, Гезгмашин-бутт, 25. ГIажарийчоьне зарратан герз ца кхоллийта йолчу Iалашонца къамелаш.
6
Нобелан совгIат деллачу дийнахь, 2009, ГIадужу-бутт, 9. Дарже хиина 9 бутт баьлла.
7
2010, Зазадоккху-бутт, 30. Вирджиния штат. Президенто шен агIончин бер ловзадо. Iамеркан Штаташкахь "дарбадар массарна а кхачор" олу омра тIеэцна де. 20 миллион вахархочун аьтто баьлла парггIат шайн могашалла тоян а, Iалашъян а и омра бахьанехь.
8
Порт Форчоне варрах, хийистехь, Луизиана штат, 2010, Стигалкъекъа-бутт, 28. Deepwater Horizon платформа иккхина, мехкдаьтта Iаьнна хичу.