Тахана нохчашна юкъахь карор бац шайн чохь истанга, я куз, я кхийолу шира хIума хилийта ца луурш. Амма атта дац уьш карон. Карийча а, мах дукха беза бу. ХIетте а цу тайпа нохчийн халкъан шира куьйган кхолларалла яржош нах дукха бац.
Ерриг а Нохчийчохь, масала, ши стаг ву истангаш деш. Оцу тIегIанехь долчу хьолах дийцира «Чеченэтно» цIе йолчу ассоциацин куьйгалхочо Бакараева Зульфияс.
Бакараева: «Тишчу хьолехь ду вай цу декъехь. Шайн говзалла охьа а тесна, кхечу агIор шайн доьзална напгIа лаха дезаш хуьлу уьш. Мукъа хан йолчу хенахь до цара масала истангаш. Хоббин барамехь ду иза. Цуьнах болх а бина, лело хIума дац. Наха оьцуш ерг керла юкъаяьлла хIума ю. ТIаккха цуьнах пайда ца хуьлу».
Нохчашна шайн хIума сийлахь ца хетар дац, амма тахана шена нехан хIусамашкахь къоман билгало йолуш хIума дукха ца го боху Бакараева Зульфияс. Иза шена чIогIа халонга а долу, элира цо
Бакараева: «Архитектура а, хазйина кхийолу кхолларалла халкъан юьхь-амал гойту хIума ду. Къоман истори а ю иза. Чохь дIахIоттош долу стол-гIант делахь а, милла веъча а, со Нохчийчу ма кхаьчна аьлла хета деза. Иза дац хIинца. Мича кхаьчна а ца хууш вуьсур ву вайн республике кхаьчнарг. Духар дац, мотт бац. Цхьа а билгалонаш яц».
Нохчийн къоман коьрта билгало, массо а меттехь хьалхатоьттуш ерш шира бIаьвнаш ю. Уьш массо а меттехь йо, дукхахьолхь цхьанна а кепара низамаш а ца лардеш, бохуш, кхин дIа а дийцира этнолога Бакараева Зульфияс.
Бакараева: «Масала, сувенираш ю-кх вай туристашна луш, «Чечня» олий тIе а яздой, бIаьвнан кепехь йина йолу. И бIов хьалхалера архитектурица еш а ца хуьлу. Я бIов ю, я къолам бу олий хета. Нохчийн куц-кеп гойту духар а тишчу хьолехь ду. Схьагойтучу хенахь кампетийн кехаташ санна цIен а, можа а , детин а, дешин а басахь хуьлу».
Соьлжа-ГIалахь сих-сиха дIахьо халкъан кхоллараллин цхьацца гайтамаш. Йохкалучо йохка а юхку цигахь хIума, амма дукха нах хьажа богIу, аьлла билгалдоккху Бакараева Зульфияс. ТIаккха а цунна хетарехь, и болх кхачаме бац, дицделларг нахана марздан.
Бакараева: «Кегийчарна иза марзадан а, хаздан а оха инстаграм чохь а, интернетехь а и гIуллакх гIарадоккху. Массанхьа, ишколашкахь а, берийн бошмашкахь а иза деш ца хилча, цуьнах гIуллакх ца хуьлу. Кегийчарна шайна дIакховдийнарг бен ца хаьа. Цу тIехь тахана суна болх беш цхьа а хаавелла вац. ТIаьхьа мухха хилахь а».
Къоман истори цуьнан кхоллараллехула йовза йиш ю, цуьнан кIоргалле а кхевдаш. ХIинццалц схьагучу суьртаца цунна баккъал а бала болуш нах дукха бисина а бац. Iедалера гIо-накъосталла оьшуш хIума ду иза, цхьана нехан лаамца кхочушдалур долуш дац.