ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Приморскерчу колонин белхахоша йиттина Нохчийчуьрчу тутмакхна. ШолгIачу дийнахь кхелхина иза


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Приморскан кIоштарчу таIзар кхочушдаран федералан урхаллан (ФСИН) номер 27 йолчу колонехь ницкъаллин операци дIахьочу заманчохь чевнаш йина Нохчийчуьра 30 шо долу Адаханов Хьусайн кхелхина шолгIачу дийнахь. Цунах лаьцна дIахьедина ютубехь йоьдучу эфирехь Gulagu.net проект кхоьллинчу Осечкин Владимира.

Бакъонашларъярхочо дийцарехь, ГIуран-беттан 3-чохь сатосуш колони чулилхира ФСИН-н а, ФСБ-н а, Росгвардин а 250 сов белхахой.

"Цара долийначу летаршкахь мел кIезиг а къизаллица чевнаш йира 16 стагана, церан могушаллина дикка зенаш а деш. Номерш 2, 3, 4 йолчу Приморскан кIоштан ФСИН-н СИЗО дIабигира уьш. Оцу спецназхойн тIелатарехь, серло луш, гIовгIа ен гранатех, электрошокерех, чхьонкарех пайдаоьцуш, йиттира 150 сов стагана", - дийцина Осечкина.

Осечкина билгалдоккху, спецназан тIелатар бахьана долуш доккхачу декъанна яккхий чевнаш йинера 1981-чу шарера Адаханов Хьусайнна, де-буьйса даьллачул тIаьхьа велира иза.

Иза кхалхаран коьрта бахьана ду – даге лазар дар. Адаханов кхалхарх дIахьедина Gulagu.net проектан бакъонашларъярхошка цуьнан вашас Мохьмада.

"Gulagu.net проектан цIарах оха кадам бо доьзале. Бехкзуламан гIуллакх доладайта, материалаш а гулъеш, тхайн ницкъ мел берг дийр ду оха", - дерзийна шен къамел Осечкина йоьдучу эфирехь.

Приморскан кIоштарчу ФСИН-н сайтехь информаци яц, номер 27 йолчу колонехь ГIуран-беттан 2-3 чу буса хиллачух.

Сайтехь билгалъяьккхинчу телефонехула регионерчу ФСИН-н пресс-гIуллакххошца зIене довлар ца нисделла "Кавказ.Реалиин", жоп ца делира царна.

Йиллинчу хьосташкахь йолчу информацица, номер 27 йолчу колони Приморск-мехкан Партизанан кIоштарчу Волчанец эвлахь ю. Оцу колонин куьйгаллехь ву подполковник Кисель Андрей.

ГIадужу-беттан юьххьехь йиллинчу хьосташкахь видео гучуелира Саратоврчу тутмакхийн ОТБ-1 дарбан цIийнехь а, кхин а масех Оьрсийчоьнан регионашкарчу колонешкахь а гIело латтош гойту. Материал ара а яьккхина, Gulagu.net проектан жигархошка дIакхачо аьтто белира тутмакх хиллачу программистан Савельев Сергейн. Видео зорбане яьккхинчул тIаьхьа Савельев а, цунна тIаьххье Gulagu.net проект вовшахтоьхна Осечкин Владимир а федералан лехамашка велира. Бакъду, эххар а прокуратуро юхаийцира хьалхарниг лаца бина сацам.

Дагестанан цIарах Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думехь депутаташ болчу Гаджиев Iабдулхьаькима а, Умаханов Сайгидпашас а кехаташ дIахьийтина Оьрсийчоьнан юстицин министралле а, ФСИН-е а, Саратовн кIоштарчу туберкулезан дарбан цIийнехь гIело латторах Gulagu.net проекто зорбане яьккхинчу материалан хьокъехь. Iазапаш хьегийтинчарлахь бу Дагестанера бахархой а. Хьийзийначу махкарчу тутмакхех лаьцначу информацех комментарий йина яц Нохчийчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG