ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЧIир йитар - хала сацам


Барт ийгIинчу нахана юкъахь маслаIаташ дар, зулам юкъадоьлларш куьйга бахийтар тахана шуьйра даьржинчех цхьа дика ду Нохчийчохь.

Iеламнаха шайн хьехамашкахь дийца эшна а доцуш, вуно деза дуьйцу КъурьIан чохь гечдар а, къинхетам бар а, вовшашна къинтIера довлар а. Барт ийгIинчу нахана юкъахь маслаIаташ дар, зулам юкъадоьлларш куьйга бахийтар тахана шуьйра даьржинчех цхьа дика ду махкахь. Къаьсттина жигаралла гойту Iедалхоша а,динан урхалло а вер-ваккхар а нисделла, махкахошна юкъа луралла доьлча.

Кху деношкахь цIий Iанийна ткъа шаре дахделла дов дерзийна къаноша а, Iеламнаха а ТIехьа-Мартанан кIоштехь. Жимма хьалхо, Кадыров Хожа-Ахьмад биста кхаччалц, динан дай каде хьовзар баьхнехь стаг витна Теркйист кIоштехь. Цу могIарера масалш дукха ду.

МогIарерчу бахархошлахь цхьабосса кхетош дац луралла юкъадоьллачу ткъаннаш доьзалшна юкъахь, Iедалхой хьалханчаш а болуш барт-машар беш,хууш а,ца хууш а нисделла вер-ваккхарш маслаIате дерзор. Иза дика ламаст,Iадат лоручех ву Хьалха-Мартанан кIоштера Мусаев Абу.

Абу: «Нагахь санна ца а хууш нисделлачу зуламна орцахбовлар вон дац. Ларамаза нисделлехь вайнехан Iедал ду-кх стаг вуьтуш. Мелла а, оьзна а воцуш стагера и даьллехь иза витар сунна-м дика хетта».

Барт ийгIинчу нехан дов машаре дерзор бусалба динехь а Iаламат деза лерина хIума ду, шеггара бекхам бан аьлла стагга а сихвелла, собарх вохар къилахь лоруш хIума ду боху соьлжагIалахочо Магамадов Вахийтас. Бехк белахь кхел Дала йийр ю. Цунна хетарехь тахана Iедалехь болчеран тIеIаткъам бахьнехь маслаIате дерзош долу цхьадолу девнаш кхане йолуш дац.Вахийта ву вистхуьлуш.

Вахийта: «Стаг витар,барт бар деза дуьйцуш хIума ду. Соьгара ларамза и дер дац ала мила ваьхьар ву. Ткъа вуьшта куралла бахьнехь, Iедалехь ваолчо ша «говрахь» ву аьлла дина зулам тахана милла юкъа а воьлла дерзийнехь, и саннарг тIаьхьло йолуш ду-м ца моьтту суна…»

Цхьаболчу бахархошна моттарехь,цхьа хан яллалц,сийсаш а лаьттина,юха цIеххьана марасайолучу цIарх тера, Iедалхоша а,маьхькIамхоша а, муфтият хьалханча а йолуш, тахана сихаллехь дерзош долу и цхьадолу девнаш кхана карладийла а гергга ду.

Стенна аьлча боху ишта хьажам болчара,могIарерчу нахана харц тIеIаткъам а беш, чолхе юкъаметтигаш ерзийна масалш кIезиг дац. Цунах дуьйцуш ю юкъараллин дахаран хьал дика девзаш йолу, хIинца а Iедалан балхахь йолу, ас юьззина цIе ца йоккхуш юьту Йисита. Цо масал а далош дийцира шена зеделлачух.

Йисита: «Стаг витар, чIирхошна дехаре тIебахар,дукха хена дуьйна а нохчашлахь лелла,хIинца а кест-кеста пайдаоьцуш Iадат ду. Ца хууш вер-ваккхарш нислуш меттигаш а йогIу. ТIаккха адам а долу алсса-м ара.Бакъдерг аьлча кху тIаьхьарчу шерашкахь цу декъехь луьстуш долу девнаш тIаьхьло йолуш ду аьлла а ца хета. Стенна аьлча Iедалхой юкъа а булий, цара муфтмиятан белхой ара а бохий, хьостий а, човхабой а, ахча хьалхадоккхий а дIадерзош ду Iожаллица дозаделла дукха девнаш.

Ма-дарра аьлча, таро йолчара беш болу тIеIаткъам бахьнехь, даьлла хIума а доцуш, верхьама шайн стаг вийнарш а ца хIуьтту «хIан-хIа» аьлла дуьхьало ян. Цара дагахь мел къахь елахь а «хIаъ» олу, маслаIат хилла кеп хIоттайо. Кхоно юкъараллехьт цхьа хийцам хилахь ишта дерзийна девнаш карладовла а сахьт дац.

Тхан кIоштехь а дерзийна ишта цхьа дов. Кхаа беран нана йийна цхьамма. ХIумма а дуьйцийла а яц, дIа йа дерзийча далац аьлла дов дижийтина. Зуда йийна бехкениг маьрша, хьалха санна шен балхахь ву. Цул тIаьхьа оцу йоI йийначу де-ненан дог-ойла муха хила еза. Иштта сихаллехь листина девнаш ду кхераме…»

Нахана юкъахь барт-машар беш стаг витарх дийцинчу дукха бахархоша чIагIдарца дукха масалш ду, карарчу хенахь шайгахь долчу хьал-таронах тоам а бинчу, Iедалан балхахь болчеран курхалла,сонталла,челакхалла бахьнехь бехк боцу адамаш Iожалле кхачийна. Кхузара, Iеламнахах шайна гIортор а еш, и девнаш дерзо сихлуш берш а бу уьш шаьш боху могIарерчу наха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG