ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркоша протесташ йолийна


КIирандийнахь Истамулерчу Нидерландийн векалтан керта а ваьлла, протестхочо хийцина паччахьаллан байракх туркойчуьнца. Де хьалха Нидерландийн, Туркойчоьнан а юкъаметтигаш чолхе евллачу юкъанна, векалт цхьана ханна дIакъевлинера, кхерамзалла ларъярхьама.

Векалтан хIусамна а, хIоландхойн дипломаташ бехачу цIенна а гонах полисхойн ха хIоттийнера. ХIетте а аьтто хилла цхьана протестхочун дипломатийн хьукматан тховтIе вала.

Байракх хийцинчул тIаьхьа «АллахIу Акбар» аьлла, мохь тоьхна, къайла ваьлла иза. Масех минот яьлча Нидерландийн байракх шен метта дIаоьллина. БIе гергга стаг араваьллера дуьхьалонан акци Истамбулерчу векалтна уллохь. Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран Чавушоглу Мевлютан кема нидерладхоша охьа ца хаийтарна оьгIазбахана туркой.

Зезагех Iаьржа кочар хIоттийнера туркоша векалтна хьалха, "Нидерландаш, тхан собар кхачо ма гIерта" бохуш, маьхьарий а детташ.

Оццу тайпанчу Роттердамехь хIоттийначу митингехь а вара масех бIе стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG