ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Псаки: Украине эскарш хьажо дагахь вац президент Байден


Псаки Джен
Псаки Джен

Президентан Джо Байденан "Iалашо а, лаам а бац Украине эскарш" хьажо, дIахьедина шинарин дийнахь КIайн цIинан пресс-секретара Псаки Джена, хаам бо "Американ аз" зорбан гIирсо.

Журналиста деллачу хаттарна жоп луш, Псакис элира, Цхьаьнатоьхна Штаташ "болх беш ю НАТО-ца цхьаьна малхбалерчу флангера пачхьалкхашкахь гIортор яр чIагIдеш. Цунна кхоьллина а ю НАТО", билгалдаьккхира КIайн цIинан зорбан секретара.

"Цхьа хIума билгалдаккхийта соьга: президент я дагахь а вац, я лаам болуш а вац Украине эскарш хьажо. НАТО – коллективан орган ю вайн малхбалерчу партнерашна а, пачахьалкхашна а гIортор ян. Цунна тIебахийтина бу коьрта тидам", - аьлла Псакис.

КIайн цIинан пресс-секретар ца хIоьттира президента Байдена дIахьедарш дийр ду я дац Оьрсийчохь а, Украинехь а лаьттачу хьолах лаьцна а, ткъа иштта хIун гIо оьшур ду амеркахойн эскархошкара а бохучух лаьцна а ала.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG