ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин 2024-чу шарал тIаьхьа бакъонехь ца ларар хьахийна Конгрессехь 


Конституцина тIехь хийцамаш барехула кхажтасар
Конституцина тIехь хийцамаш барехула кхажтасар

Шина конгрессмена - Теннесси штатерчу демократа Коэн Стивена а, Къилба Каролинерчу республикахочо Уилсон Джос а – резолюцин проект кховдийна Американ Цхьанатоьхначу Штатийн Конгрессан векалийн Чоьне "2024-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 7-хь дуьйна шен тIаьххьара президентан даржехь йоккху хан чекхяьлча Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир оцу даржехь виса гIертар тIецаэцарх " лаьцна.

Конгрессменашна хета Оьрсийчоьнан Конституцина тIехь бина хийцамаш, царах цхьамма бакъо ло Путинна 2024-чу а, 2030-чу а шерашкахь харжамашкахь дакъалаца, президентан даржехь яьхна хенаш дIаяхарна бинера аьлла Оьрсийчоьно дуьненаюкъара шена тIелаьцнарг дохош а, ткъа иштта вуно масштабан фальсификацеш а еш, стохка дерриг халкъан олучу кхажтасарехь.

Конгрессменаш тIетовжу шайн дIахьедарехь "Голос" боламанна а( Оьрсийчоьнан Федерацехь лерина иза "иноагент"), гарехь, хийцамашна гIортор еш 27 миллион бюллетень харцонца чутеснера аьлла, цо баржиначу хаамашна а. Гарехь, дуьйцурш ду, Оьрсийчуьрчу харжамийн аномалеш толлучу математика Шпилькин Сергейс дина дагардарш.

Текстехь билгалдоккхуш ду, Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ шен бухехь дуьхьал хилар кхечу пачхьалкхашкахь, референдумаш а еш, президенташна оцу даржехь биса аьтто беш сацамаш байтар. Резолюцин текстехь карарчу хенахь йолу, 2024-чу шарахь чекхйолуш йолу, Путин Владимиран хан, цIе тоьхна ю "шолгIа а, тIаьххьара а" аьлла.

Ма дарра аьлча, Путинан президентан даржехь ву хIинцале а 4-гIа (иза оцу даржехь шозза ву шишша хан а йоккхуш, 2008-2012-чу шерашкахь Медведев Дмитрий президент волуш юкъах а волуш).

Нагахь и резолюци тIеэцахь цуьнан рекомендацин амал хир ю. Хьалхо хийцамаш бакъонехь ца хилар ларарх а, цуьнан тIаьхьаkо - Путинан хила мега хан а бакъонехь цалалар а хьокъехь резолюци тIеийцира Европарламента.

Оьрсийн Федерацин Кхеташонехь дIахьедина, нагахь Конгрессо резолюци тIеэцахь, цуьнан жамI хир ду "Оьрсийчоьнан а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а юкъаметтигаш хедор" аьлла. Ша и документ д "харжамашна юкъагIортар" ду аьлла.

Путина хIинца а хаам ца бина 2024-чу шарахь президентан харжамашкахь дакхалаца ша дагахь хиларх лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG