ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин цкъа а гиний хьуна аьлла шега хаьттича, жоп ца делла цуьнан кхоалгIа йоI ю бохучо


Луиза Розова
Луиза Розова

Журналистийн талламашца Оьрсийчоьнан президентан кхоалгIа йоI ю аьлла хета Розова Луиза (Кривоногих Елизавета) дуьхьал хилла жоп дала, цкъа а Путин Владимир уллора гиний хьуна аьлла, шега хаьттийча. SRSLY портало зорбане яьккхина Розоваца дIаязйина интервью.

Нагахь санна, шаьшиннан цхьанакхетар хилча, муьлха хаттар лур дара ахь президенте аьлла, хаьттича, Розовас аьлла, "хIунда" аьлла хаттар лур дара ша.

2020-чу шарахь "Проекто"* зорбане баьккхира Розовах а, цуьнан ненах, Санкт-Петербургерчу Кривоногих Светланех а, шаьш бина таллам. Журналисташна хетарехь, президентан кхоалгIа йоI хила там бу и Розова.

Хаамийн гIирсаша тергам бина, Путинах йоI тIехьаьжна тера хиларан а, паспорта тIехь да хьахочохь яздина Владимировна хиларан а.

SRSLY порталца дечу къамелехь Розовас тидам бина, "Проекто" материал зорбане яьккхинчул тIаьхьа вон дара шена, амма эххар а кхийтира ша, шен хIумма а гал ца даларх, мелхо а пайдахиларх аьлла. Хаамийн гIирсашкахь гIовгIа эккхаро дуккха а нах бовзийтина цунна, ахча даккха таро а йина, болх бан карах долуьйту.

SRSLY портало цхьа а сурт зорбане ца даьккхина Розован, яздо, коронавирусна тIехула цо юьхь тIера маска дIайоккхуш яцара аьлла. Журналисташа шен дозанаш дохийчхьана, маскано гIо до шена уьш юхаметтIахIиттон аьлла йоIа. Зорбанашкахь хаамаш Iорабаьхначул тIаьхьа урамашкахь йовза йоьлла Розова нахана.

Лахьан-беттан 25-чохь "Проекто" зорбане яьккхинчу материала тIехь чIагIдора, президентна цхьана заманчохь евзаш хиллачу Кривоногих Светланин аьтто баьлла миллиардийн да хила, цуьнца уьйраш хиларна аьлла.

Талламан авторша чIагIдарца, 2003-чу шарахь йоI йира Кривоногих Светланас, президентех "Iаламат тера йолу", цул тIаьхьа цуьнан доттагIаша дола деш лелийра и доьзал.

Кремлан пресс-секретаро Песков Дмитрийс бина таллам "эпистоляран жанр" а, "питане" болх а бу аьллера.

Президентан кхоалгIа йоI ю аьлла, гIараяьллачу Розова Луизех лаьцна хьахийна коррупцица къийсам латточу Фондо "Путинан шахьарх" бинчу талламехь а.

Путин Владимиран Людмилица юкъахь ши йоI ю – Мария а, Катерина а. Хетарехь, Воронцова Мария а, Тихонова Катерина ю и шиъ. Путина я бакъ ца до, я дIа а ца тотту, эндокринологехь талламш бен Воронцова а, Iилманехь а, инновацешкахь а цхьа могIа даржаш дIалаьцна йолу Тихонова а шен ши йоI хилар.

* - Оьрсийчохь оьшуш йоцу организаци ю аьлла, дIакъевлина "Проект"

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG