ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путина рогIера орден елла Кадыровна


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира тIе куьг таIийна Нохчийн республикан коьртехь волчу Кадыров Рамзанна III-чу тIегIанан "За заслуги перед Отечеством" орден ялар хьокъехь долчу указана. Оцунах лаьцна хаам бина инстаграмехь Нохчийчоьнан къоман политикехула а, арахьарчу уьйрашкахула а, зорбан а, хаамийн а министро Дудаев Ахьмада.

Цо зарбане яьккхина Путинан указан копи. Цу тIехь аьлла ду Кадыровна орден луш ю Нохчийн республика социалан а, экономикан а кхиорехь доккха дакъалацарна а, дуккха а шерашкахь хьанал болх барна а" аьлла.

Настоящее время телеканала цуьнца цхьаьна билгалдаккхарехь, Кремлан сайта тIехь хаам бац Кадыровна орден яларх лаьцна.

2006-чу шарахь Кадыровна елира IV-чу тIегIанан "За заслуги перед Отечеством" орден. Хьалхо еллера цунна орденш "Мужества" (2003), "Почета" (2015), II-чу тIегIанан "За воинскую доблесть" мидал (2000). Цуьнан ю нохчаша юкъаяьккхина Кадыровн цIарах орден а(2005).

2006-чу шарахь Кадыровна елира "Оьрсийчоьнан турпалхо" цIе, ткъа 2020-чу шарахь Путина цунах вира Росгвардин инарла-майор.

Цул сов, Кадыров цIераш лелош ву "Заслуженный работник физической культуры Чеченской Республики" а, "Заслуженный строитель Чеченской Республики" а.

Гезгмашин-беттан 17-19-хь хиллачу харжамашкахь Кадыров Рамзан хаьржина Нохчийчоьнан куьйгалхочун дарже, кхаьжнаш гулдарехула цо ша хIоттийна йолу рекорд а йохош. Цо гулдира 99,7% харжамхойн кхаьшнаш.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаментан санкцийн тептаре ваьккхина Товбеца-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, цуьнан хIусамнана Медни а, ши йоI Iайшат а, Хадижат а.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа дуьххьара тухуш яцара санкцеш Кадыровна – 2017-гIа шо доьрзуш Штатийн финансийн министралло ваьккхира иза а, цуьнан гонера массех стаг а санкцийн "Магнитскийн тептаре". "Кхел йоцуш нах хIаллакбарна а, адамийн бакъонаш хьешарна а, къоманна тIехь къизаллаш лелорна" аьлла, билгалдаьккхинера министраллехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG