ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Путинан гIашсалтий кхиор". Стенна реза вац Кадыров Нохчийчуьра кегийрхошна


Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан Iедалхоша сагатдо, режимна шаьш резахилар ца гойтучу "бендоцчу" бахархошна, оцу юкъанна дуьхьал ца буьйлучарна а. ТIаьххьарчу беттанашкахь оцу нахах лаьцна къаьсттина кест-кеста дукха дийца буьйлабелла хьаькамаш, ткъа регионан куьйгалхочо оцу тайпачу нехан категори "уггар а кхераме" ю аьлла. Кавказ.Реалиино хеттарш динчу бакъонашаларъярхоша билгалдоккху, оцу кепашца Кадыровс республикера шен Iедалан раж кхин тIе а чIагIъеш хилар.

"Бендоцчу" нехан хьокъехь вистхилла Нохчийчуьра информацин министр, мехкан куьйгалхочун уллора Дудаев Ахьмад. Зорбанан гIирсийн векалшца цхьаьна хIоттийначу гуламехь цо хаамбира, "Нохчийчуьра ши тIом гина боцчу кегийрхошна сагатдо" Iедалхоша, цунна хетарехь, "машаран дуьхьа Кадыров Ахьмада лелийначун мах хадон" хуур дац царна. И бендацар нисдар тIедиллина Дудаевс шен куьйгакIел болчарна а, республикерчу хаамийн гIирсийн векалшна а.

Ур-атталла Оьрсийчохь новкъахь сеца а ца до

Оцу шен къамелехь хьаькамо кхайкхамбина махкахошка "Кадыровн командин" декъашхой хила аьлла. Шайга бохург кхочушдахь гIоле хиндерг дуьйцуш аьлла цо - Нохчийчоьнан куьйгалхочун "авторитетах" пайдаэца таро хилар. "Хьо Рамзанан [Кадыровн]" тобанера ву ахь алахь, ур-атталла Оьрсийчохь некъаца сеца а ца во хьо", - юьхьдуьххьал дIа боху цо Кадыровн гонерчу нехан шатайпа хьелаш хиларх.

Оцу юкъанна, ахшо хьалха пачхьалкхан ЧГТРК "Грозный" каналан хьовсархошна лерина кхин сурт гайтира Дудаевс. Цуьнан дIахьедаршца, Нохчийчуьра тIекхуьучу тIаьхьенан "боллу" векалш карарчу хенахь лаьттачу рожан агIончаш бу, "хьалхарчу президентан Кадыров Ахьмадан командехь" а бу.

"Цуьнан тоьшалла до кхажтасаран жамIаша, хIетахь 100 процент бахархоша а, Нохчийчуьра доллу халкъаша а къобалвира куьйгалхо (харжамашка бозуш боцчу наха терго ца латтийра, ткъа бюджетан белхахой декхаре бира бертаза кхаьжнаш тийса. – Редакцин билгалдаккхар.)", - тIетуьйхира Дудаевс.

Реза вац кхузаманан кегийрхошна Оьрсийчоьнан парламентан депутат, Кадыровн уллора агIонча Делимханов Адам а. Цуьнан синтем байна, "йозуш йоцчу Ичкерин идейн агIончаш барна юкъараллехь малхбузено бечу Iаткъамо".

Шена оппоненташна дуьхьал шога политика латтош ю Нохчийчоьнан куьйгалхочо, амма цуьнан таIзаре кхочу, меттигерчу Iадалхойн хьесапехь, мехкан дахарца "бала боцурш" а. Иштта, 2020-чу шеран товбеца-беттан 16-чохь Веданан кIоштарчу Хой эвлахь хIоттийначу кхеташонехь Кадыровс "кхераме бу" элира пачхьалкхан "Грозный" телеканалан социалан машанашка язбелла боцурш: "Нагахь санна, социалан машанашкахь цуьнан аккаунт йолуш, "Грозный" каналан ютьюберчу агIоне язвелла иза вацахь, и вайна кхераме стаг ву".

Москвана хьалха хеставалархьама

Нохчийчуьра масех бюджетан структурашкара Кавказ.Реалиин хьасташа хаамбира, "интернетехь патриотикан гIуллакхна" юкъаийзорах. Къамелдинчара дийцира, социалан машанашкахь жигара хилар а, республикех лаьцна негативе язъечу комментарешна бухахь позитиве йозанаш дитар а куьйгалло тIедожорах. Зорбанан хьасташкара хиллачу хаамашца, Дудаев цхьанакхеттера масех хаамийн гIирсийн редакцишца, цо дийцира социалан машанашкахь "Нохчийчоьнехула позитиве повестка" хьалхатетта эшарх. Изза тIедахкарш дира кхечу урхаллийн белхахошна а.

Шен кхайкхамех лаьцна Кадыровс кеп-кепара олу: "хьекъалехь кхиъна боцу кегийрхой ямартхойн Iаткъамбарх Iалашбар", "историн гIалаташ юха ца дайтар", "сирлачу кханенан" дуьхьа, иштта кхин дIа а. Делахь а, эксперташа дузу и кхин а цхьана хIуманца – шайн раж карахь латтон гIертарца.

"Гражданское содействие" комитетан куьйгалхочунна Ганнушкина Светланина хетарехь, мехкан урхалло гуттар а гIайгIа бо Iедал шайн карахь сацон, хIунда аьлча, дукха нехан "чам байина" Кадыров Рамзана а, цуьнан гоно а. Метттигерчу Iедалан кхерам бу къаьсттина кегийрхойн тIаьхьенах, юкъараллин мел а жигара дакъа и хиларе терра, аьлла хета цунна.

Москварчу Iедална хьалха шаьш муьтIахь хилар Нохчийчоьнан куьйгалло дIагойтуш хилар ду и

"Москварчу Iедална хьалха шаьш муьтIахь хилар Нохчийчоьнан куьйгалло кхин дIа а гойтуш хилар ду и. Бахархой муьтIахь хилар нахана жигара дIагойтуш акциш хIиттайойла ду церан. Телевизионехула дIа а гойтуш, доза доцчу оцу "къурд алийтарийн" масалашна тIехь. Делахь а, адамашна гуш ду, муха ду дахар", - дийцира бакъоалръярхочо Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь.

Лелош йолу агиатаци чIагIъяр доьзна хила мега меттигерчу бахархошна тIамтIе баха лууш цахиларца аьлла, тешна ю Ганнушкина. Цунна хетарехь, массарна а хьалха дIахьедеш дацахь а, шаьш болчахь беш бу богIуш болу идеологин болх.

Кавказ.Реалиица къамелдинчу Нохчийчуьрчу дешаран а, Iилманан а министраллин белхахочо билгалдаьккхира, тIом болабеллачул тIаьхьа школашкахь берашна лерина классан сахьташ долорах: "Интерактиван уьнаш тIехь гойтура, мел "вон" нах бу украинхой. Классан сахьташ, дийцина а ца бовлуш, бераш кхиочу декъан гIовсашца а, имамашца а, цхьанхьара баьхкинчу хьаькамшца а дина къамелаш", - дуьйцу министраллин белхахочо.

"Кадыровна хуьлуш ду даккхий зенаш"

Дозанал арахьа бехачу оппозицин нохчийн жигархоша хьалхо дIахьедира республикехь политикан режимна дуьхьал къайлах болам вовшахтоьхна аьлла. Царех цхьаъ вара къобалъязчу Ичкерин хиллачу президентан Масхадов Асланан кIант Масхадов Анзор. Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь цо элира, оппозицин ницкъаш вовшахтохарх дина дIахьедар идеологин болх марсабаккхаран бахьана хила тарло. Делахь а, Нохчийчоьнан Iедалхойн карзахбийлар, цунна хетарехь, доьзна ду тIамехь аьтто бохарца.

"Проблема стенца ю хьуна аьлча, цунна (Кадыровна.- Редакцин билгалдаккхар.) лууш ма-хиллара дац тIамтIера гIуллакхаш. ХIора денна, украинхойн эскаран цхьа кега-мерса толамо а дIаоьцу цуьнан совсийначу сийлахьаллин цхьа дакъа. Цуьнан дуккха а эшамаш хилла, рейтингехь а, иштта ахчане диллича а. Цуьнан сагатдо Нохчийчоьнан Ичкерия республикан патриотикан ницкъаш региона чохь а, доллу дуьненахь а жигара бовларо", - аьлла хета Масхадовна.

Адам реза цахилар цкъачунна къайлах ду, амма Оьрсийчоьнан-Путинан агIор Iаткъамбар алсам мел хуьлу, нохчийн къоман агIор эккхар ницкъе хир ду

Кавказ.Реалиино хаамбарца, Оьрсийчоь Украине гIоьртичхьана республикехь кегийрхошца болийна къаьстина болх бу. Студенташца а, дешархошца а, пачхьалкхан пропагандо "спецопераци" олучу тIамах лаьцна къамелаш до. КIошташкахь дуккха а дешархой гулбо, лекциш йоьшу пачхьалкхан хьукматашкахь, маьждигашкахь хьехамаш бо, дIасадокъу урамашкахь леррина арахецна долу газеташ, ткъа меттигерчу телеканалашкахь гойту еха пропагандистийн программаш. Оцу юкъанна, оцу программашкахь дуьйцу дукхахдолу бахьанаш бакъ цахиларх дIахаийтина дуккха а хан ю.

Масхадов Анзоран дешнашца, 20 шо а ду "нохчийн кегийрхойх Путинан гIашсалтий бан гIерташ" мехкан урхалло а, Оьрсийчоьнан пропагандо а къахьоьгу.

"ХIокху доллу шерашкахь Путин тешон гIерта Кадыров, боллу нохчий цуьнан дуьхьа шайн синош дIадала а кийча бу бохуш. Амма хIинца пропагандо а гIо ца до. Цкъачунна адамаш реза цахилар къайлах ду, амма Оьрсийчоьнан-Путинан Iедалхойн Iаткъамбар алсам мел долу, нохчийн къоман агIор эккхар чIогIох хир долуш ду. Тхуна гуш бу кхузарчу адамийн сийнан хIоттам а, Европан мехкашкахь а, иштта тхайн къоман даймахкахь а. Хийцамашка ладоьгIуш ду тхо", - дерзийра Масхадовс.

***

Кадыровн рожна дуьхьал берш гучубаха болийра мехкан урхалле иза хIьоттинчу юьххьехь дуьйна. Регионалан урхалхочо йолийра, гIаттамхойх тера болу бахархой лоьху кампани: "тоянза" маж, дIадаьшна мекхаш, чукарчийна хечин когаш, аьтту пхьарсах сахьт лелор, йа чIениг хьулъеш хьиджаб – стаг лаца бахьана хила тарлора и дерриг а. Цунна муьтIахь долчу телеканалехь кест-кеста репортажаш арахоьцу, "ваххабистех тера хиларх" нахера цо ша бехкаш дохуш.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG