ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинан кеп. Муха цхьанадогIу Украинера а, Нохчийчуьра а тIемаш?


Соьлжа-ГIала, 1995-чу шеран Чиллан-бутт

Великобританин тIеман министраллин тIаьххьарчу цхьана дIахьедарехь билгалдоккху, Украинерчу нах бехачу меттигашна тIе тохарш дар Оьрсийчоьно 1999-чу шарахь Нохчийчохь а, 2016-чу шарахь Шемахь а лелийначух тера ду аьлла. Малхбузерчу эксперташа а, аналитикаша а оцу тайпа терадогIурш тIаьхьарчу хенахь сих-сиха билгалдохура, царах "Путинан метод" олуш.

Украинера тIом боьду ши бутт сов хан ю. ГIаланашна бомбанаш кхийсаро, хьалхо шаьш оккупаци йина хиллачу дозанашкара дIабоьлхучу юкъанна маьрша нах байъаро, дIалецначу кIошташкахь шайн низамаш юкъадахаро гойту Оьрсийчоьно Нохчийчохь эккхийтина тIом дIабаьлла иттанаш шераш даьлча а, оьрсийн политикийн, ницкъахойн леларехь кIезиг хIума хийцаделла. Цул сов, нохчийн тIемашкахь санна, Оьрсийчоьно ца дуьйцу шайн эшамех лаьцна.

"Путинан метод"

Украина Нохчийчоьнца юзу Путинан тIемаш даран методо, аьлла хета Нохчийчохь шинна а тIамехь болх бина йолчу, евзаш йолчу тIеман репортерна, New York Times-н журналистана Голл Карлоттана. Цо билгалдаьккхира, тахана шена Украинехь гуш дерг, иза ша хьалха лан дезнарг ду.

"Шогачу ницкъаца кхерамаш тийсар, гIаланашна бомбанаш кхийсар, уьш гоне лийцар, маьршачу наханна тIелетар, уьш лечкъор, Москвано кхобуш болчу нахаца хийцархьама меттигера журналисташ, хаьржина хьаькамаш набахтешка хьийсор. И ерриг кепаш – ма-ярра Сталинан методашкара схьаэцна ю", - хета Голлна.

Оьрсийчоьно Украинехь ша Нохчийчохь лелийнарг леладо, ткъех шарчохь цуьнга ша хийца ца елла, дуьненахь кхин дIоггара чIогIа доцучу украинхойн эскаро дуьхьало ярна кийча ца хилла иза, яздо тIеман а, талларан а хеттаршкахула францхойн говзанчас Гиснель Жана.

Ша Iедале веъчхьана тIемаш деш волу оьрсийн президент Путин Владимир 1991-чу шеран "историкан Оьрсийчоьнан йохар сацадар" бохучу ойлано лаьцна ву, хета австрихойн возушвоцчу политологана Малек Мартинна. Оьрсийн тIеман машено Нохчийчохь а, (цул тIаьхьа 2015-чу шарахь дуьйна Шемахь а) лелийначу методийн Украинехь тахана вайна гучух тера хиларна тидам ца бан хала ду, билгалдоккху цо.

"Шортта долу тIеман зуламаш шаьш хилларш ду, - дагардо Малека. – Уьш ду вуно дукха маьрша нах байъар, зударий хьийзор, талораш дар, маьрша инфраструктура лерлина йохор (шайлахь хи латтор, дарбан хIусамаш а, аьчка некъан станцеш а йолуш, иштта кхин дIа а) нехан дахар лан ца лучу хьоле даккхархьама. Иштта маьрша нах хьийзош, сийсазбеш, бойъуш лелош йолу "дIакъесторан лагераш".

Малека къаьстина билгалйоккху мостагIна демонизаци йан а, дегуманизаци йан а Iалашонашца лелош йолу, оьрсийн юкъаралло хьалха санна хIинца а хазахетарца тIеоьцуш йолу "акха, агрессиве пропаганда" (хьалха "нохчий", хIинца "украинхойн неонацисташ").

Эксперта халахетарца билгалдоккху, Украинехь, Нохчийчохь хуьлчун хьокъехь машаре кхойкху болам Оьрсийчохь ца хиларал сов (масала, Вьетнамехь тIом боьдучу юкъанна Америкехь санна), юкъараллана хетарг толлучу хеттарийн жамIашца а догIуш, дукхачу наха тIом къобалбо, йа бендацарца хьоьжу цуьнга.

Австрера политологна хетарехь, "муьлхха мах белла а – толам" боху девиз ю Путинан Нохчийчохь санна хIинца Украинехь а. Оцо гойту, Украинана масийтта беттанашкахь, хила тарло, ур-атталла шерашкахь даккхийра сингаттамаш лан дезар ду. Кхин сценарий хила а тарло – Путина даккхийра зенаш деш долу герз лелон мега, цо иза дан тарло, боху эксперта.

Малека тIе тидам бохуьйту, Украинерчу а, Нохчийчуьра и хьелашна юккъехь яккхийра башхаллаш ю – масала, латтанийн барам, бахархойн терахь. Иштта оьрсийн президента тIелоцура нохчий - къам хилар, амма тIе ца лоцу украинхой – уьш, цо бахарехь, "сийлахьчу оьрсийн къоман" цхьа дакъа бен дац, белорусхошца цхьаьна.

Нохчийчоь Оьрсийчоьнан латта хилла а ду, дан а ду; амма Украина а иштта хила дезаш ду Оьрсийчоьнан дакъа, иза йозуш йоцу пачхьалкх санна хIаллакъян гIерта Путин, тешна ву Малек.

Цул сов, сепаратистийн Нохчийчоьнан цхьанне агIор арахьара гIо дацара (Кремлан Нохчийчуьра 1994-1996- чу шерашкара дуьххьара тIом ур-атталла Америко биллина къобалбина бара, 1999-2009-чу шерашкара шолгIаниг – царна бен башха бацара, Москвана дуьхьала керла санкцеш яхаран, йа кхин барамаш тIелацаран бахьана ца хилира цунах). Амма хIинца Украинана гIодеш ЕС а, Къилбаседа Америка а ю, амма и гIодар кхоччуш дацахь а, билгалдоккху Малека.

Цул сов эксперта тидаме оьцу, Евросоюзо дийнахь цхьана миллиард еврона Оьрсийчоьнера газ а, мехкадаьтта оьцуш хилар – оцу ахчанах Путине кхин а еххачу хеначохь тIом балур ду. Цо билгалдоккху, Нохчийчуьра хьалхара тIом а бара "арахьара" финансаш латтош – Дуьненаюкъарчу валютан фондан а, Дуьненан банкан а кредиташца.

Иштта Украинан рогIера эскар ду, вуно шера буьйраллин система йолуш, иза дацара нохчийн тIеман ницкъийн шина тIамехь.

Нохчийн СемаIашкара украинхойн Буче кхачалц

ГIуллакх зуламаш дарх хьакхаделча дуьненан юкъараллин чIогIа йоца иэс ю: итт шо хьалха хилларг сиха дицло, ткъа нах юха инзарбуьйлу оцу тайпа ницкъбаран хиламех, хета къаьмнийн юкъаметтигийн Прагерчу Институтан Iилман директорна, Кавказехула экспертна Аслан Эмильна.

Иза реза ву Нохчийчоь юридикан агIонца дийцича Оьрсийчоьнан дуьззина дакъа хиларна, цундела Малхбузено шорттачу адамийн бакъонаш хьешарна реакци еш хиллехь а, тIаккха а ца хIуттура иза кхин башха юкъагIерта.

Цул сов, Украина – иза йоккха Европан пачхьалкх ю, ткъа Нохчийчоь Малбузехь дукхачарна дозатоьхначу маьIнан переферийн латта санна гора. Арахьарчу дуккхаъчу тIехьоьжучара Нохчийчоьнан йозуш цахиларе гIертар къобалдеш хиллехь а, 2000-чу шарахь цуьнан дуьхьалонан джихадизацине ерзаро Малхбузера дукхаъчеран Нохчийчоьне йолу интерес дIаяьккхира, ур-атталла Оьрсийчоьно "нохчийн ваххабиташна" тIехь тIеман толам баккхар цара кIезиг зулам долуш санна тIелоцура, хета Аслан Эмильна.

Иштта ткъа шарчохь оьрсийн Iедалийн а, къаьсттина, эскарийн а тактика гIеххьа хийцаелча санна хета экспертна: масала, 1994-1996-чу шерашкара нохчийн кампани бохаме йирзича, тIаккха 2008-чу шарахь оьрсийн-гуьржийн конфликт хилча, цуьнан урхалла хийцаелира.

Оьрсийн инарлийн гIуллакх ца хилла цунах масала эца, Нохчийчуьра а, тIаьхьо Шемара кампанешкахь шарйина йолу тIом дIабахьаран метод ларйинехь а, хета Аслан Эмильна. Цуьнан шатайпаналла – маьрша нах кхерамехь латтор, тIелеттачу кIошташкара уьш аратеттар, дуьхьала волчун политикан а, тIеман а куьйгалхошна тIеIаткъам бар а.

Жоьпалле ца озийна стаг вер

Оьрсийн эскархой вуьшта лела Украинера маьршачу нахаца – Нохчийчохь меттигера нах кхерамехь латтор иза тIеман стратеги яра, боху Централан Европан институтан стратегин анализан Центран эксперта Баранец Томаша.

"Суна ца хета иза оьрсийн эскархойн Украинехь дуьххьара Iалашо яра аьлла, - боху Баранеца. – Царна украинхой мухха делахь а гергара, юххера хетара. Ткъа ницкъбар доладелира операци йоьдучу юкъанна, Оьрсийчоьнан эскархой, шайна дуьххьара атта ижу хеттачаьргара шога дуьхьалонна тIенисбелча".

Экспертна хетарехь, и къизаллаш лелор Оьрсийчоьнан кхечу къаьмнашна тIетатта гIерта, масала нохчашна.

"Суна ца хета иза тIом болабалале леррина кечдина хIума дара аьлла. Суна гарехь, эскаран лаккхарчу куьйгаллера омра ца кхаьчнера Бучера маьрша нах хIаллакбе аьлла – и омранаш лора рогIера нах бехаш йолу меттигаш дIалуьйцучу тобанийн тIегIанехь", - хета Баранецна.

Евзаш йолу франхойн яздархо, Чернобылерчу бохамах лаьцначу книгийн автор, историк, Desk Russie-н редактор Аккерман Галина тешна ю, оьрсийн эскархоша шайна тIехь декъийн лаьмнаш дуьтура, шаьш жоьпалле озорг ца хилар шайна хаарна.

"Царна хаьа, и зуламаш буьззинчу барамехь къобалдо церан куьйгалло, юкъаралло, ур-атталла церан хIусамнаноша а. Царна кхеташ ца хила а мега, шаьш лелориг – иза жоьпалле озон хьакъ долу зуламаш дуйла. Ткъа Путина царна цу тIе совгIаташ делла!", - билгалдоккху Аккермана.

***

Охан-беттан 27-гIа де – тIеман 64-гIа де ду. Оьрсийн-украинхойн тIом Украинера арабала мега: Приднестровьехь шолгIа де ду лелхийтарш хуьлуш, шинарин дийнахь радиона, ТВ-на ретрансляци еш хилла вышканаш лелхийтира, Украинан дозанахь а. Ша дIакхайкхийначу Приднестровьен молдаванхойн республикан бахархой Украине, йа Молдове дIабаха гIерта.

Одессан кIоштан Затоки эвлара Днестровскан лиманна тIехула Iуьллуш машенийн а, аьчкан а некъаш долчу тIайн тIе ракетан тохар дина оьрсийн эскаро. Иза дохоро Украина шен Приднестровьеца, Молдоваца, Румыница дозанаш долу къилбера дакъах дIахадайо ала мегар долуш ду.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG