Кадыров Рамзана критика йина Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретарна Песков Дмитрийна: масала, тIаьххьарчо, дийцарехь, Украинехь волчу Нохчийчоьнан куьйгалхочунна инарла-лейтенантан чин даларца декъала ца варна а, ткъа тIом болабелча Оьрсийчуьра дIавахана волу телевизонан белхахо Ургант Иванах "патриот" аларна.
"Суна ца хаьара, шен мехкан патриот хилархьама Оьрсийчоьно лелочунна зевне, пафосца критика а еш, шена гонаха гIовгIа а оьккхуьйтуш, дозанал арахьа дIаваха везаш хилла, ткъа тIаьхьо, политикан дуьхьало яран градус охьа а йожийтина, хIумма ца хилча санна юхаван", - яздина Кадыровс, "Песковн приоритетийн шкала цхьа кхиъна йоцуш ю", "оцу гIуллакхна цхьаъ дан деза", аьлла тIе а тухуш.
Журналистийн хеттаршна жоп луш Песковс хьалхо дIахьедира, "лерина тIеман операци шех олург" къобала мел ца йиначух а, Оьрсийчуьра дIа мел вахначух а ямарт нах а, "пхоьалгIа тоба" йан ца оьшу.
"Телевизионан белхахо Ургант Иван – воккха патриот ву, суна дика вевза иза, цуьнан шен хьежамаш хила тарло, амма иза патриот ву", - аьлла Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретара.
- Ургант Иван шен доьзалца дIавахара Оьрсийчуьра Чиллан-беттан 24-хь. Израиль махка кхечира иза, шен инстаграмехь иштта йоза а дуьтуш: "Кхерам, лазам а. ТIамна дуьхьала". "Вечерний Ургант" программа Хьалхарчу каналан эфире йолучара сецира, амма пресс-службано тIе ца чIагIбира шоу дIакъовларах лаьцна хаам. ТIаьхьо Ургант Ивана яздира, ша белхан мукъа дийношка вахана, Оьрсийчу юхавогIур ву аьлла.
- Кавказ.Реалиино хеттарш динчу нохчийн активисташна а, политологашна хетарехь, Кадыровс шен пиар еш пайда оьцу Украинерчу тIамах, ткъа Кремло "кхерам байна кадыровхой" лелабо Киевна психологин Iаткъам баран гIирс санна а, чоьхьа пропаганда еш а.