ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинехьа шайн дахар дIалой-те кавказхоша? ТIамехь беллачийн статистика зен хьажар


Ханкалахь ву эскархо, тIемаш бечу меттиге дIахьажавале хьалха. ГIадужу-бутт,2022 шо
Ханкалахь ву эскархо, тIемаш бечу меттиге дIахьажавале хьалха. ГIадужу-бутт,2022 шо

ТIом болабелчхьана йиллинчу хьасташкарчу хаамаш тIехь хIоттийна беллачу Оьрсийчоьнан салтех статистика ю дIахьош "Медиазонас" а, " Би-би-си оьрсийн сервисо" а. ГIуллакх, шеко йоцуш, Iаламат оьшуш ду. Делахь а, "Къенчу регионашкара эскархой алсам ле" аьллачу графикехь пайдаоьцу беллачийн абсолюте маьIнех, цо жамIаш корректе ца хуьлуьйту. Масала, А регионехь вехаш ву 1 миллион стаг, цигара вийна 200 салтий. Ткъа Б регионехь 10 000 стаг ву, 100 вийна. Кхузахь къаьсташ ду, Б регионера хьал мел а гIад дайна хилар, делахь а, таблички тIехь шозза эвсара долуш санна хир ду и.

Севриновский Владимир
Севриновский Владимир

Абсолюте маьIнийн метта тIамехь веллачу 100 000 стеган терахьех пайда а оьцуш, хьал талла хьовсур ду вай. Кавказ.Реалиин сайтан базера схьаэцна ду дикка къасторхьама кхаа регионехь белла хилар тIечIагIдинчийн терахь- цигахь, "Медиазонас" гулдинчел а лакхара ду терахь (вуьшта, цхьаьнацадар башха лакхара а дац, жамIашна Iаткъамбар а башха хаалуш дац).

Хьесап дагахь доццучу агIор нисделира.

Уггар дукха белларш болчу итт регионехь сурт иштта ду:

  1. Буряти Республика – 30,86
  2. Тува Республика – 30,60
  3. Къилбаседа-ХIирийчоь- Алания –19,35
  4. Забайкалан мохк – 17,73
  5. Алтай Республика – 17,07
  6. Псковн кI ошт – 16,69
  7. Костроман кI ошт – 16,35
  8. Еврейн автономин кIошт – 15,95
  9. Сахалинан кIошт – 12,43
  10. Ульяновн кIошт – 11 ,28

Тептарехь шолгIа меттиг дIалоцуш хилла Дагестан 14-чу меттигехь нисъелла, ткъа Нохчийчоь 19-чу. Къилбаседа Кавказан итт регионашлахь йиссина цхьа Къилбаседа ХIирийчоь.

Кеп-кепара параметраш йолчу регионашкара беллачийн терахьан корреляцин яро гойту юккъерчу а, медианан а тIедогIучун кIегар дозуш хилар - 0,28 а, -0,27 а. Уггар йоккха корреляци гучуелира мискаллин тIегIанца (0,55), гIад дайна къоьллин тIегIанца а (0,56). Мобилизаци кхайкхаяле а хьалха нах тIаме баха гIовттийна коьрта фактор ю къоьлла, схьагарехь. Оцу барамашца регионаш дIанисъяхь, хьалхарчу иттанна юккъера ах декъашхой нисло беллачийн "лидерийн" иттанна юкъахь.

Делахь а, шолгIачу эханнера регионаш юкъараюьйлу тенденцина, къоьлла елахь а, белларш дукха хиларца билгал ца юьйлу. Ю и Кхарачой-Чергазийчоь, ГIалгIайчоь, ГIалмакхойчоь, Курганан кIошт, Нохчийчоь. Кхузахь масех тайпа кхетон тарло – къайлах бизнес лелораш дукха хилар, оцу тIехула бахархошна билггал кхочу пайда официалехь гойтучул а лакхара нисло, кхчам боллуш бац волонтерашкара хаамаш, йа Путинехь шайн синош дIадала лууш бац нах.

Амма мухха делахь а, статистике хьаьжча, дукхахболу кавказхой Украинаца тIом бан кийча хиларан терахь лахара ду, "оьрсийн" дуккха а регионийн векалийнчул а. Дукха хенара схьа дуьйна халкъ дехачу къаьмнийн республикашкара, уггар хьалха иттанна юккъехь нисъелла цхьа Тува а, Къилбаседа ХIирийчоь а.

ХIара таллам кечбина дуккхаъчу чолхаза дарца а, тIедитарца а – массарна а гойтуш яржийна билггал йолу статистика ян ма яц. Цундела гIалаташ хила тарло. Делахь а, Оьрсийчоьнан хьалха дуьйна даьхначу къаьмнаша спецоперацехь коьрта дакъа дIалоцу, иштта дуккха а тIеман зуламашна бехке хиларх лаьтта миф йохайо цо.

"Авторан бакъо" рубрикехь довзийтинарг редакцин хьежамашца ца хила а тарло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG