ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Путинна тIехь ду жоьпалла". Полисхо хилларг - Навальныйгахьа


ЦIечу Майданехь Кашинцев Олеган пикет, ГIуран-бутт, 19-гIа де, 2021 шо
ЦIечу Майданехь Кашинцев Олеган пикет, ГIуран-бутт, 19-гIа де, 2021 шо

Полицехь майор хилла волу Кашинцев Олег Лахьан-беттан 19-чохь Iуьрре аравелира шен хIусамера, Рыбинскера, машена а хиина, вахара Москва. Цигахь Измайловская метрона гергахь сецна, машен дIа а хIоттийна, вахара Оьрсийчоьнан шахьаран центре. Белхан биргIа цуьнгахь йоццушехь, тидаме ца лецира иза цхьана полисхочо – ах сахьт даьлча, ЦIечу майданахь, карахь "Маршо Навальныйна! Путин – чалтач" тIеяздина плакат а долуш, хIоьттина лаьттара иза.

Пхи минот яьлча Федералан хан урхаллера белахахой хьавдда баьхкира, дIаяьккхира карара плакат, лецира пикете хIоьттинарг. Бакъдерг ала деза, цкъа а ца болу аьтто белира полицехь болхбинчун: масех сахьт даьлча дIахийцира иза, арахь низамца боцу барам хIотторна, бакъо а йоцуш полицин духар лелорна материа а хIотийна.

"Машен тIе дIавахара еккъа пазат-кучаца, дика дара хеча соьгара дIа ца яьккхина", – боху стохка Iай а Навальныйгахьа хIоьттинчу акце вахарна лаьцна хиллачу Кашинцевс. ЦIечу майданахь акци хIотто мел гIиртинарш, лоьций, дуккха а деношна административан тIазар деш, чубухкуш, доьрзура хьал, хилла церан декъахь шайн белхан декхар кхочушдеш, видео йоккхуш нисбелла журналисташ а, яздо Свобода Радиорчу журналисташа.

Навальныйна маршо йоьхуш бинчу гуламехь къиза еттарна протест кхайкхош, балхара гIара а оьккхуьйтуш дIаваьлла полисхо Римский Сергей санна ца воьдуш, меллаша, тийнна дIатесира шегара дарж Кашинцев Олега 2019 шарахь. Цо ша еллачу интервьюхь элира, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера болх "аьттехьа а жоп луш бац шен политикан, вахархочун лехамашна". Цул тIаьхьа Кашинцевс болх бира кIеззиг меттигерчу заводан коррупцина дуьхьалоечу декъехь, цигара а дIавелира куьйгалло ахчанашца бозбуанчаллаш лелош хиларх шеко шега ма-йоьссина, тIаккха шен машенах такси йина, напха доккхуш лийлира, тIаьххаьара сецна риэлторийн фирмехь. "Дахар полицера дIаваьлча а хуьлуш хилла!" – боху цо шен кханенах майрра жоп а луш.

Пикет хIоттош лела низам дохорна административан кепехь лацарх Кашинцев хьалхаваьккхинарг дара иза къарвала лууш вацар: цуьнан аьтто белира кхелашкахь ша бехкевацар дIагайта, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера 20 эзар сом компенсаци а яьккхира цо бехказа ша хьийзорна.

Лаьара суна тахана даржехь волчу президенте болу хьажам дIагайта, айса плакат тIе яздинарг баккъал а ду суна хетарг

Рыбинске Москвара цIавеъча къамел дира оха, хаьттира, ЦIечу майдана пикете хIунда велира иза, стенна лору цо Путин чалтач, хаьттира, муха тIеоьцу полисхоша Оьрсийчохь цхьа доза доцу ницкъ къайлахчу сервисашна балар.

– ЦIечу майдана и плакат а эцна араваьлла хьо, и стенна дира ахь?

– Сан акцин коьрта Iалашо – Навальныйгахьа со вуйла хаийтар яра, гонаха хьулуш лаьттачунна со резавоцийла хаийтар яра. Иштта лаьара суна тахана волчу президенте сайн болу хьажам дIагайта, айса плакат тIе яздинарг баккъал а суна хетарг ду. Со акце аравалар дозу тIаьххьарчу хенахь чохьарчу гIуллакхийн министраллин дакъошкахь белхахой луьттуш хиларца а. Цундела бира ас сацам аравала.

Кашинцев Олег
Кашинцев Олег

– Уьш хIун "литтарш" ду?

– Информаци яьржина, полицера алссам белхахой дIабохуш бу аьлла, бехкебо уьш Навальныйн агIоне язбелла хиларна а, цуьнан социала машанашкарчу аккаунташна лайкаш яхкарна а, масала, цуьнан посташна буха. Тоьшаллаш дукха ду, дIабохуш бу белххой.

– Иштта дIаваьккхина цхьа а вевзий хьуна?

– Тхайн жимчу гIара ца вевза, амма бевза, масала, ма хьежа, ма язде Навлаьныйн агIонехь цхьа а хIума, бохуш, белхахошна хьехарш ден накъост, дитина полисхоша социалан машанашкахь йозанаш дар. Иштанаш бевз суна.

Сан акци пхеа миноте кхоччуш яхъелира, цул тIаьхьа гIаролаш баьхкира бевдда, ОМОН-ан белхахой.

Сан машанерчу агIоне язбелла, масала, иттаннаш бу полисхой. Сан посташна буха лайкаш хIиттайорацара хьалха, ткъа прокуратурера, полицера белхахой дIабохуш бу аьлла шайна хезчхьана, массо а цхьаъ санна, сецна ас яздийриг тергадечуьра. Иза шашах нислуш дац. Гарехь, цхьа омра охьадаийтина, машанашка хьуьйсучийн хьокъехь.

– Ахь ЦIечу майданахь дIаяьхьна акци хьахае вайшимма. Хенал хьалха хьо ца лацийта хIилла лелон дийзири хьан? Хьо лаьцначул тIаьхьа хIун хилира? Хьо стенна бехке ву элира?

– Бакъдерг аьлча, ЦIечу майдана кхачале со лоцур ву бохуш Iара со, хIунда аьлча ФСБ-н белхахой дукха бу цигаш лелаш, могIарчу нехан духарахь. Со оцу сайн полисхочун духарца ах-сов Москвах чекхвелира, Измайловора центре кхаччалц, метро чухула. Белхахочун биргIа яцара сан духарна тIехь. ЛартIахь болчу полисхошна иза гучудер ду моьттура суна, амма цхьанненна а ца хааделира. ХIун хIилла! Со парггIат дIавахара, сайна тIе тидам а ца ийзош, со стенга воьду а хууш, дIавахара сайн Iалашонна тIе. Сан акци пхеа миноте кхоччуш яхъелира, цул тIаьхьа гIаролаш баьхкира бевдда, ОМОН-ан белхахой.

Федералан хан урхаллераниг а вара со тергалвеш, цо полисхошна хьоьхура сох хIун дан деза. Полисхоша уггаре хьалха плакат дIаяьккхира соьгара, тIаккха – паспорт. Герггарчу "Китай-гIаларчу" полицин декъе вигира со. Ала деза, сан акци еха ца лаьттинехь а, дуккха нах баьхкира суна тIе, хьоьжуш лаьттира. Цундела суна сайн Iалашо кхочуш хилла аьлла хета.

Полицехь кхо сахьт гергга хан яккхийтира соьга, кехаташ хIиттийра. Хьалхарчу документо бохура со жоьпе озаво пикет хIотторна административан кодексан 20.2 артиклан 5-чу декъаца догIуш, шолгIачу кехато оццу кодексан 17.12 артикл йохура дуьхьал – низамехь а доцуш полицин духар лелор. Со балхах мукъаваьлла майор велахь а, бух бац сан и духар лелон.

– Хьо полисхоша дIа стенна хецна аьлла хета хьуна? И тайпа акцеш Кремльна хьалха кест-кеста хуьлу, наггахь а ца вуьту стаг чу ца вуллуш.

– Суна хетарехь, со хьалха оццу бехканна чувоьллина, лаьцна хилла вац. Суна цара язбинчу бехко ца кхачадо чуволлар – гIуда бен дац цуьнца тухуш. Бух бацара полисхойн со чуволла. РогIехь лацахь, вуллур ву.

Бакъду, хIиттийна хилла суна шо грегга хьалха административан кехаташ, Навальныйгахьа йолчу митинге ваханера со. Амма ас кхелехь толам баьккхира – сайна 10 эзарна тоьхна гIуда харц хилар орзе даьккхинера ас, сайна духьал материалаш хIиттийначо даьхна гIалаташ бахьана долуш туьйлира. И гIуллакх тIекхоьллина дара суна, ас цунах тоьшаллаш а далийра. Масех кхелах чекхваьлча туьйлира. Делахь а чоьхьарчу гIуллакхийн министралла а яц къаръелла – кассацин кхеле хьажийна гIуллакх сан, кхел ларъеш Iа.

"Путин – чалтач" ингалсан маттахь яздинера ахь. ЦIечу майданехь нислучу туристашна хаийта воллура хьо хьайн акцех лаьцна?

– Туристашна а воллура хаийта. ЦIечу майданахь бара иштанаш, царна а гира сан плакат. Дуьненан юкъараллина а хаийта лаьа суна сайна хетарг.

– Стенна лору ахь Путин чалтач?

– Цхьаъ делахь, вайна массарна а бевза ФБК-но (Оьрсийчоьно экстремистийн цхьанакхетаралла лору иза. – Ред.) баржийна талламаш, кхечу хьосташа а гойту ФСБ вайн пачхьалкхехь политикан мостагIий бойъуш лелийла, Иза лечкъо маьIна дац, вист ца хуьлуш Iан а йиш яц. Оцу зуламех долу жоьпалла шенна Путинна тIехь ду аьлла хета суна. Навальный Алексейна дIовш деллийла а хаьа вайна массарна. ГIуллакх а хилла, дIаьвшаца оппозицера нах, Iедална резабоцурш байъинийла а ду хууш. Хьуна, масала, хаьа хир ду Германехь Хангошвили [Зеламха] верна Красиков боху стаг лаьцнийла, Гермнин къайлахчу ницкъашкахь тоьшаллаш ду иза ФСБ-н белхахо хилар тIечIагIдеш. Къайлахчу ницкъаша лелочух ша Путина жоп ло аьлла а хета суна.

Навальный Алексейгахьа Лондонехь хIоттийначу акцехь плакат дара "Путин - чалтач". Охан-беттан 21-ра де, 2021 шо
Навальный Алексейгахьа Лондонехь хIоттийначу акцехь плакат дара "Путин - чалтач". Охан-беттан 21-ра де, 2021 шо

– Хьо полицера дIаваьлла 2019 шарахь – ахь айхьа ма-аллара, политикан цакхетамаш Iедалца хиларна, амма ахь мохь ца элира оу хьокъехь, хьайн цхьаболчу коллегаша санна. Хьо оьшшу шераш а даьхна балхахь, пенсе вахана. Цул тIаьхьа дуккха а лелла протестан барамашка, амма хийцалуш хIума дац. Хьуна кIорда ца дина и дерриг а?

Кхерам юха а теттина, адамашна орцахвийла веза, вочу хIуманах мохк ларбан беза, пачхьалкхан кхане йозу цунах

– ХIан-хIа, чхар мелла а меттахбаккхалур бу аьлла хета суна. Нах соьга хьовсур бу, цхьаверг, соьгара масал оьцуш, протесте аравала а тарло. Жим-жима, пачхьалкхера хьал вайга хийцадала тарло, тешна ву со: политикан тутмакхаш дIаахецийта, пачхьалкх дикачу новкъа яккха. Мацца а цкъа йогIур ма ю керлачу Оьрсийчоьнан зама.

– Хенан йохалла хьо репрессешка озорах, хьайна дуьхьал бехктакхаман дов айдарх, аьр вай, хьайх "арахьара агент" варна ца кхоьру хьо?

– Кхерам – иза адамехь хила безаш бу. Ца кхоьру аьлча, со бакъ хир вац. Айса стенгахь болх бина хууш, бух бу сан кхера. Делахь а ду цхьа хIума – кхерам юха а теттина, адамашна орцахвийла веза, вочу хIуманах мохк ларбан беза, пачхьалкхан кхане йозу цунах…Соьга хаьттича, хIетте а леха еза нийсо. Коьллашка лечкъина Iарх, ши куьг охьадхийтарх гIуллакх хир дац.

– Наха хьайга хьуна дуьхьл бехктакхам айбеш бу аьлча, дIагIур варий хьо Оьрсийчуьра?

– Со вац цхьаьнхьа а дIаваха лерина. Цу тIе кхочур дац аьлла хета суна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG