ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинна буьллуш бу и некъ?


Перевозчиков Валерий

Байначу баттахь "Къилбаседа Кавказерчу экологин вахтано" теллина адыгийн Пшеха хин коьртера Кавказан биосферин майданаш. Мог1арчу некъахочунна некъ боьхкуш, дIайиттина йозан билгалонаш, царел дехьа, тIе ха а хIоттийна, болх бан кечъелла лаьтта гIишлоярхойн ши база. Дийриг низамехь дац, орца доху биологаша.

Низамо, ца хьаеш, еса кхаба язйинчу лаьмнийн хьаннашка некъ билла болийна стохка. "Iилман база" цIе а тиллина, магош доцчу меттехь, къайлах хIоттийначу "Беттан Ирзу" ("Лунная Поляна") курорте буьллуш бу некъ, чIагIдо экологин могашалла зуьйчу жигархоша.

VIP-курорте цхьайтта шо хьалха болийра некъ билла. Амма хIетахь ЮНЕСКО-н комиссино дихкира Кавказан синпха лоруш йолу меттиг хьеян. Ткъа хIинца цхьа а пурба а ца доьхуш, юхаболийна болх. "Малхбузе Кавказ" кхерамна кIел ю бохуш, Iаламан бахам ларбечу дуьненан хьукматашка орца доху экологаша.

СадаIа йиллина полигон

"Беттан Ирзу" документашкахь кхечу царца хьехо йолийра 2000-лагIчу шерашкахь - "Iилман полигон "Биосфера". Фишт ломан малхбузерчу басенца Iуьллучу Чигурсан-хотехь хIоттийна туристийн жима цIа бен дацара хIетахь.

Кавказан Iалам шен могашаллах а дозуш лаьттачу меттигна цIеххьана тIе бIаьрг хIоьттира Оьрсийчоьнан президентан гIуллакхийн урхаллин. Цунна аьтто беш, пачхьалкхан Iаламан министралло, "Iилман центр" юьллу ша цигахь аьлла, буьйр арахийцира. ТIаьхьо гучуделира Iилман бала болуш иза цадинийла.

"Центр кхолларх долу и хьалхара буьйр дешча а го, юьхьарлаьцна Iалашо президент ларвечу хьукмате (ФСО) къобалъяйта езаш юйла. Кхеташ ду, пачхьалкхехь "Iилман центраш" оцу урхалле а хоьттуш еш яц", - дуьйцу Экологин вахтин координаторо Рудомаха Андрейс.

Президентан гIуллакхийн урхалло терго а еш, дIаболийра белхаш 2003-чу шарахь. Инвестор яра мехкдаьттан компани "Роснефть". Ши шо даьлча гучуделира, "Iилман центр" тIехь йолу 105 гектар латта, дуьненаюкъарчу низамашца Iалашъечу Кавказан биосферин майданах дIа а къастийна, Адыгейн Республикан Iедало дезарш дечу лаьттанийн статусе даьккхина хилар.

Ма-хуьллу дуьхьало ян гIоьртира хIетахь Кавказан биосферин майдан куьйгалла, амма – ийшира. Президентан гIуллакхаш лелочу урхаллин коьртехь Iийначу Кожин Владимира, ша буха куьг а яздеш, дохкуьйтучу кехаташкахь, "ша-тайпа беза мах болуш ю объект", олура хIоразза а.

Шо даьлча "Беттан Ирзунехь" гIохьокху салазийн трасса а, фуникулераш а йолийра ян. Спутникан суьрташа гойту хIинца цигахь лаьтта комплекс: луьйчийла, теннисан корт, лай тIехь хоьхкучу машенийн трасса, беракема дуссу ши майда, зIенан станци, садоIу хIусам. Персонал а, хехой а беха цигахь, шайнна динчу юкъарчу цIа чохь.

2012-чу шарахь "Маркер" журнало динчу хаттарна жоп луш, президентан пресс-гIоьнчас Песков Дмитрийс бакъдира Путин "Беттан Ирзуне" кхочуш хилар, амма, цо бахарехь, иза цига "могIара турист санна воьду".

"Яц цигахь Владимир Владимировичан цхьа а курорт. Меттиг ша къевлина лелош а яц: туристийн некъаш бу массо а агIор, гонах, туристаш дукха хуьлу, къаьсттина туризм шорлучу шеран муьрехь, Iилманчаш лела шайн балха", - тоьшалла дира Песковс.

"ЦIеяйъархошна биллина некъ"

"Беттан Ирзуне" ца кхачало тахана беракеманца бен, я оццу 2007-чу шарахь билла болийначу некъа тIехула ваха веза, хьун а хадош. ХIетахь цига машенийн некъ билла гIиртира Iедал, амма экологаша ца магийра. Ткъа некъ ца биллийтинехь а, мегна йихкинчу меттехь объекташ хIитто.

Шо даьлча Олимпиадин гIишлош ян йолийра, баьхкира Кавказан биосферин майдана ЮНЕСКО-н а, IаламIалашдечу дуьненаюкъарчу цхьаьнакхетараллин а векалш. Меттигерчу жигархойн-экологийн аьтто белира цоьсту хьаннаш, талхадеш лаьтта экологин хьал инспекторшна дIагайта. ЖамI – сацийра гIишлош яр.

"Ирча хьал ду тахана. ХIинца ур-атталла официалан документашца йина а, ша лелаен харцо хьулъян а ца гIерта Iедал. Яц гIишлошна хIиттийна проекташ, хIумма а ца хаьттина экологашка. Хьалха-м бан болийна белхаш легале баха а гIертара…", - боху Рудомаха Андрейс.

12 шо хьалха бан болийна некъ чутекхира цхьацца меттигашкахь. МеттахIоттийна иза юха а, дIабахбеш бу. Йохон бакъо йоцчу хьаннашкахула, Iаннашкахула буьллуш бу. "Беттан Ирзуна" тIекхача ца йисина ши чаккхарма бен. Тергоечу урхаллашна хаьий-те оцу харцонах дерг? Иза къасто гIоьртира Экологин вахта.

Iедало ен йохк-эцар гойтучу сайта тIехь яц хьахийна некъан проект. Адыгей Республикан жил-Iалам Iалашдечу урхалло бинчу хаамца, "низамо ларъечу "Пшеха а, Пшехашха а хин коьрте" олучу меттехь некъ билла магийтар доьхуш экспертиза ца яйтина".

Майкопан кIоштан администрацино а аьлла, ша елла яц некъ билла бакъо. Ткъа Адыгей Республикан хьаннийн урхалло хаамбина Эковахтина, юьйцучу меттехь "цхьа чаккхарма хьуьнан некъ биллина, эшна хьал хIоьттича, цIеяйъархой тIекхачийта", амма бакъо ца елла юкъара некъ билла, аьлла. Изза жоп деана кхечу тIехьожучу хьукматера а.

"Белхан хIайттаралла, герга озийна техника, бечу некъан башхалла зийча хаало, буьллу некъ аьттехьа а бац цIеяйъархошна буьллуш. Цу тIе, экологин хьукматех цхьа а яц деш лаьттарг гуш. Дерриг а до, шайна иза ца гайта", - догдоьхна дуьйцу Рудомахас.

Цунна гарехь, "Беттан Ирзун" дайшна некъ оьшу Кавказан Iаламан ага кхидIа а хIаллакдаръьама, комплекс шоръярхьама. Салазийн спорт лома ялош, кхоалгIа некъ бу цигахь бан болийна.

Орца доьху экологаша-дуьхьалончаша. Олигархаша салазхехкархошна курорт юьллу бохуш, "Iилман комплексах" деш лаьттарг, цара шайн куьйга Кбаадэ (Красная Поляна) хIаллакъеш хилар ЮНЕСКО-но сихонца тидаме эца а деза, Кавказерчу жил-Iаламан гIарол "Малхбузе Кавказ" леш лаьттачу дуьненан хазанийн декъа яккха а еза, боху цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG