ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стенна ца доккху теллина "экологийн дов"?


Рудомаха Андрей, Краснодар махкара эколог
Рудомаха Андрей, Краснодар махкара эколог

"Пачхьакхан думин депутатан беш" карийна экологаш дагахь бу Страсбургерчу адамийн бакъонийн кхеле бовла

Краснодарерчу кхело сов дахдина "Къилбаседа Кавказерчу экологийн тобан" декъашхошна Рудомаха Андрейна а, Шевченко Дмитрийна а дуьхьал айдина дов листа долор.

Шина эколого арздина, цхьа шо ах шо хьалха гIаттийначу девнан материалаш вовшах а тоьхна, уьш кхеле хьовсийна ца бовлу талламчаш, аьлла.

2016-чу шерахь Пачхьалкхан думин депутато Ремезков Александра кхеле велира Рудомаха а, Шевченко а, цара шена "Эковахта" сайтехула доцург тIекхоьллина аьлла.

Юьйцурш яра сайто 2015-чу а, 2016-чу шерашкахь Ремезковн йишина "харцонца кхаьчначу" лаьттан дакъа а, цунна тIехь дина цIа а гойтуш арахецна материалаш.

Низамаша бахарехь, талламча девнан материал кечйина волуш вац аьлла дина арз талла догIу иза чуделла кхо де дузале. Итт денна дIадахдан а магадо низамо арз динчунна жоп далар. Амма хуьлуш дерг кхин ду: дукха хьолехь беттанашка а довлу и тайпа аьрзнаш листар.

"Кхеташ дац тхан аьрзнашца лелориг. Талламчийн сайто боху, оха дина арз тхоьга юхадаийтина, амма дац иза тхуна гина а. Суна хетарехь, дац тхан арз тхоьга юхадаийта бахьана", элира "Кавказ.Реалиига" Шевченко Дмитрийс.

Юхьанца хаалора талламча болх беш вуйла экологашна духьал гIаттийначу девна тIехь, амма и болх хIинца сецна лаьтта. "Рудомаха цкъа кхайкхира талламчас шена тIе, цунна хаийтира шена дуьхьал дов дуйла айдеш. Ткъа соьга цхьаммо а ца аьлла со цхьана хIуманна бехке ву. Кхойкхуш кехат даийтинера соьга, ткъа со тIеваха веза хан нислора талламна кхачош йолу хан тIехъяьлча. Текхойкху хан чекхъяьлча, талламчас дов дIакъовла сацамбира. Кхин тIекхайкхина а вац со", дуьйцу Шевченкос.

Цунна гарехь, Рудомаха – дуьхьал айдина дов хилча – кхеле кхакхина хила везаш вара тоххара. "Амма девнан материалаш ю Рудомахина а, суна а дуьхьал. Тхуна кхушара гучудаьлла, дов полицера арадаьлла, кхаьчна доцийла цхьаьнхьа а. Тхо ца кхета хуьлуш лаьттачух. Талламча Iа тхо шена тIе а ца кхойкхуш. Оьшуш дац и дов шена депутатна Ремезковна а. Иза долийча, прессо гIаравоккхур ву ша депутат а, цуьнан йиша а. Тхо тешна ду, оха дуьйцу лаьттан дакъа формалехь яздина йишина тIе, ткъа доладийриг ву Ремезков", билгалдоккху Шевченкос.

Экологаш къарбала дагахь бац, цара къуьйсу Крснодар мехкан экологин могашалла, тоьшалла до лаьттан дакъа Iедало гIишлош хIитто магош йоцчу зонехь ю бохуш.

"Тхо бехке дац, эладита ца кхоьллина оха. Талламчас хеннахь ца теллина аьлла, дов дIакъевларх, тхо низамо мукъа ца доху тIехьарчийначу бехках. Кхеле кхача тору тхуна, оха цигахь бакъдерг довзуьйтур ду. Эшахь, девр ду Европан кхеле а", боху эколого.

Ша хьалха а, депутат Ремезков кхеле ваьллачул тIаьхьа а бинчу балханна реза ю . "Экологин тоба". Оха Iорадаьхначу сакхтех цхьадерш дIадаьхна Iедало. ХIордан йист лаьцна яра дуьйцучу лаьттан декъанна тоьхначу керто. Хьун дIалоцуш тоьхначу кертан цхьа дакъа дIадаьккхина го хIинца. Тхо реза ду оцу тIехь прокуратуро бинчу балханна", дуьйцу Шевченкос.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG