ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыровх тешор йац ПВО": Бакура Соьлжа-ГIала доьдучу кемана тохар де аьлла омра хьан дина хир ду


Дохийна Embraer 190AR кема
Дохийна Embraer 190AR кема

Бакура Соьлжа-ГIала доьду "Азербайджанхойн авианекъийн" кема доьхна лаьттахула тохар дина, дIахьедина Бакухь. Бехк хилар хьийзош тIелецира Оьрсийчоьнан президенто Путин Влаимира а. ХIокху дуккха а шерашкахь дуьххьара ду цо диллина гечдар дехна бохам хиллачу агIоне. Бинчу талламан официалан жамIаш нахаладахале хьалха хууш дацара, маьрша нах дIасалелочу кемана тохар де аьлла, хьан омра динера. Цу тIе ПВО-н системех Нохчийчохь жоп луш берш кадыровхой болчух тера дац, билгалдаьккхира тхан редакцица къамел динчу эксперташа.

ГIуран-беттан 25-чохь Embraer I90AR кема дуьйхира Казахстанехь: экипаж Актау дIахьажийнера Нохчийчохь охахаа аьтто ца баьллачул тIаьхьа. Кеманчохь хиллера 67 стаг, царех 38 велира.

ХӀаваан транспортан федералан урхалло йуьхьанца бохаман бахьана кема олхазарийн реманца нисдалар ду аьлла дIахазийра. Цул тӀаьхьа газан баллон тӀехь эккхийтар хиларх лаьцна верси а дӀакхайкхийра, и ший а сихонца харцдира эксперташа, шайна юкъахь Оьрсийчоьнан говзанчаш а болуш. Соьлжа-ГIалин кӀоштахь кеманна зен динера Оьрсийчоьнан "Панцирь" комплексера ПВО-н ракетано, ткъа и бохам хилла бахьана, хаамбира Рейтерс агенталло а, Евроньюс телеканало а, Азербайджанан Ӏедалан хьостанашна тӀе а тевжаш.

Оьрсийчоьнан Ӏедалан коьртехь волчо бен жоьпалла шена тӀеэца йиш яц

Кхо де даьлча Путин Владимира къинтӀера довлар дийхира Азербайджанан президенте Алиев Ильхаме, "Оьрсийчоьнан хӀаваан дозанехь хиллачу бохамечу инцидентна".

Алиевс дӀахьедира, тоъал бух болуш хаам бу, кема "урхалла ца далучу хьоле" далор радиоэлектронан тӀеман гӀирсашца дина алар, цул тӀаьхьа лаьттара ракеташца тохар дина кеманан цӀога долчу агIор. Оцу йукъанна Бакухь ца боху, Embraer I90AR кеманна леррина тӀелатар дина хилла.

Аэропортехь кеманхошна а, диспетчершна а йукъахь хиллачу къамелийн текстан стенограмма зорбане йаьккхинчу, кхерамазаллин ницкъашца зӀе йолуш йу бохучу ВЧК-ОГПУ телеграм-канало билгалйаьккхина Азербайджанан авиалайнер чудаийтина боху меттиг. Канало дийцарехь, и хилла Нохчийчуьрчу Невран кӀоштана тӀехула, цигахь дIатардина ду масех тӀеман дакъа, шайна йукъахь ПВО-н системашца кечдинарш а долуш.

Республикин территори тӀехь ПВО-н масех система йу, аьлла ду "Агенталла" гIирсо бинчу талламехь. Иза йу зенитан ракетийн а, йоккхачу тоьпийн а "Панцирь" система – и хӀоттийна Ханкалахь йолу тӀеман база ларъян, иштта тарло Украинин дронаша кхиаме тIелетарш динчул тIаьхьа Нохчийчу дӀакхачийна хила а. "Панцирь" лелийна хилар гойту фюзеляжан суьрта тIера Iуьргаша а. Нохчийн NIYSO олучу оппозицин боламан телеграм-канало зорбане даьккхина тухучу ТКБ-1055 ракетан блокан сурт – иза охьайоьжна хилла Соьлж-ГӀалин аэропортана 10 километр генахь цхьана нехан цӀийнан уьйтIахь.

ТIеман министоаллин стратегин ресурс

Дукха хан йоццуш Нохчийчоьнна дронашца масех тохар дира, цундела Кадыровн ка йаьлла хила тарло, Соьлжа-ГIала Iалашъйан ПВО-н системаш оьшу аьлла, Путин тешон, комментари йира америкахойн тӀом толлучу институтан (ISW) эксперто Степаненко Катеринас. Цуьнца цхьаьна къамелхочо тӀетуьйхира, ISW-н аьтто бац ша-шех дозуш доцуш тӀечӀагӀдан, муьлха система йоьзна йара кеманна тӀелатар дарца аьлла.

Цхьа могӀа Оьрсийчоьнан хьостанаша дIахьедира, эскархоша "Панцирь-С" системех пайдаэцна, иза, цара дийцарехь, дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIалара аэропортан кӀоштахь хӀоттийнера, бохуш, кхин дIа а дуьйцу эксперто: "И боьду тIом шайн декъа тIехь хаало тIаьхь-тIаьхьа Кремльна, хӀунда аьлча Украинин эскарша кхидӀа а тохарш до тӀеман а, индустрин а инфраструктурина, генарчу меттигашкахь дӀасалелачу дронех пайда а оьцуш".

Кема доьхна меттиг
Кема доьхна меттиг

Степаненкос дӀахьедира, Нохчийчохь дуьххьара тохарш динчул тӀаьхьа ПВО-н системаш царна йелла бохуш чIагIдар, хила тарлуш ду аьлла, хӀунда аьлча, Кремло "тӀом боьдучу йукъанна кест-кеста дIатевора Кадыров". Цуьнца цхьаьна цо дагадаийтира, республикан куьйгалхочо керла тӀеман инфраструктура – казармаш а, Ӏаморан полигонаш а йарх лаьцна хаамаш бар, цундела тӀеман министралло уьш хӀаваэхула ларъяр нийса лара мегаш хилар.

ПВО-н система – даим а Оьрсийчоьнан тIеман министраллин контролера стратегин гIирс бу, аьлла комментарий йира дуьненайукъарчу талламбаран InformNapalm йукъаралло. Хила тарло, бохура талламхоша, хIинца Кадыровна "Панцирь-С1" комплексийн кепехь луш долу "совгIаташ" – дуккхаъчу шерашкахь динчу дийцарийн а, муьтIахь хиларан а жамI ду.

"Системаш формалан кепара "Ахмат" спецназе дIакхачийнехь а, царех пайдаэцар дерриг а автономехь делахь тамаш бу. Дукхах долчу хьолехь, хьесапашна урхалла деш бу командировке бахкийтина говзанчаш. Амма царна тӀехIиттийна хила тарлора Кадыровн кураторш. Цара шайн омраца, йа сихаллехь ПВО системийн операторш галбаьхна хила а тарло", - билгалдоккху къамелдечо.

ПВО-н чоьтийн урхалла деш командировке бахкийтина говзанчаш хилла, амма царна тӀехIиттийна хила тарлора Кадыровн кураторш

"Панцирь-С1" комплексан эвсаралла тайп-тайпана йу, операторш кечбаран дикалле а, тӀеман хьоле а хьаьжжина, бохуш, кхетадо InformNapalm юкъараллин векало. Цо дийцарехь, балха тIехь гӀалаташ доьзна хуьлу адаман гӀалатца а, Ӏамор ца хиларца а, йа системаш нийса кечйина ца хиларца доьзна.

Маьршачу кеманна тохар даран хила тарлучу кхечу бахьанашца цхьаьна цо хьахош ду чот йарехь лахара говзалла хилла хилар а, ткъа иштта кадыровхоша тӀеӀаткъам бар а.

"Панцирьш" Нохчийчоьне дӀайаларо гойту, Оьрсийчоьнан тIеман гIирсаца къоьлла хилар, Iаламат коьртачу меттигашкара ишта системаш схьайохуш хилча. Тылера складаш йа мехкадаьтта латтош йолу меттигаш йу дронаша Ӏалашоне йерзош йерш, Соьлжа-ГIалара казармаш йац", - бохуш, дерзийра къамелхочо.

Сацам Москвахь бинера?

Республикехь ПВО-н системашна тӀехь Ӏуналла деш бу тӀеман министраллера дӀахьажийна эпсарш, боху нохчийн оппозицин блогеро Белокиев Ислама: "Кадыровн карахь йац и тайпа системаш. Уьш цунах тешош йац. Оцу кепара йеза техника, авиаци, йа артиллери Пригожинан (ЧВК "Вагнеран" долахо) хиллехь а, Кадыровга оцу тайпа тIеман гIирс кхачор бац".

Цул сов, бохура кхин дIа Белокиевс, кадыровхошна йукъахь лакхара тӀеман Iилма долу нах кӀезиг бу, цуо а гойту цуьнан Ӏуналлехь йолчу тӀеман министраллан а, Росгвардин а формацеш стратегин агӀор ца хилар. "ХӀара беккъа цхьа ледара дешначу, шайн долахь цхьа дайн герз бен доцчу салтийн боккха гулам бу", - тешна ву блогер. Нийсса оцу бахьанца кхетадо цо Нохчийчоьнан куьйгалхочун куьйгакӀел болчу нехан ПВО лелон йиш цахиларх.

Оцу тайпа системаш Кадыров долахь йац. Уьш цунах тешош йац

Оьрсийчоьнан Ӏедалера лакхарчу стеган бен бакъо йац жоьпалла шена тӀеэца, цундела сацамаш тӀеэцар цуьнгара бен хуьлийла дац, билгалдоккху политолого Дубровский Дмитрийс: "Путинан йиш йацара Кадыров шеггара лелла аьлла дIагайта, къаьсттина ПВО санначу стратегин ресурсаца муххале а. Цуьнца цхьаьна, кадыровхой боккъал а зенитан системашна тӀехьа ца хила тарло, командировке бахкийтинарш хила мега уьш. Хетарехь, кхиндӀа хӀун дан деза бохучух лаьцна сацамаш, ишта дохийна кема хIордан дехьарчу аэродроме дIахьажорах а, иза цигахь хIорда буха гIур ду аьлла хеташ, Москвахь тIеэцначух тера ду".

Украинехь тIом боьдучу кху кхаа шарахь гергга Нохчийчоьнна дуьххьара тӀелатар хилира гIадужу-беттан 29-чу дийнахь. Гуьмсера "Оьрсийчоьнан спецназан университетан" гIишлонан тховх цIе йелира - пачхьалкхехь уггаре а йоккха, йолахой кечбен база йу иза. Оьрсийчоьнан лерринчу ницкъийн университетан гӀишлон тховх цӀе яьлла. Цул тӀаьхьа Кадыровс иштта хьахийра тохар бахьана долуш лазийна бохуш болу йийсархой а. Цул тӀаьхьа дронаш кхузза лилхира гIуран-беттан 4-чу а, 12-чу а, 15-чу а деношкахь Соьлж-ГӀаларчу Кадыров Ахьмадан цӀарахчу чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан шолгӀачу спецназан полкан гергахь.

  • Азербайджанан коьрта прокуроро хаамбира, Оьрсийчоьно дош делла Бакура Соьлжа-ГӀала доьдуш хилла AZAL кема дохийнарг "схьакарийна, таӀзар дийр ду" аьлла: хила тарлуш долу бахьанаш а, хьелаш а толлуш ду, шайна юкъахь "арахьара Ӏаткъам" бина хила тарлуш хилар а долуш.
  • Кема доьхначул тӀаьхьа "Азербайджанан авианекъаша лахдира Оьрсийчу кеманаш лелар. Кхин а масех компанино, шайна йукъахь Израилера El Al а, FlyDubai а йолуш, дӀахьедар дира Оьрсийчоьнан гӀаланашка кеманаш лелар сацорх лаьцна.
  • Нохчийчохь Зазадоккху-беттан 28-чу дийнахь цхьана денна тезет кхайкхийра Бакура Соьлжа-ГIала доьдуш долу Азербайджанан авиакомпанин кема Казахстанерчу Актау гӀалахь дохарца доьзна – цуьнца догӀуш долу омрана куьйг яздинера Кадыров Рамзана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG