ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мила ву хиъна "Пятигорскан хьаша"


Кху деношкахь социалан машанехь йоккха резонанс эккхийтинера 21 шо долчу нохчийн кIанта Пятигорскерчу цхьана кафечохь буйнахь тапча а йолуш, даьккхина сурт бахьанехь. Оцу суьртан скрин а яьккхина хааминй гIирсаша Инстаграмехь даржийра "Соьлж-ГIалара корортан Пятигорске веана хьаша" аьлла.

Цул тIаьхьа дуккхаъчара кар-кара оьцуш, оцу суьртан бухахь кIант гезвохуш, комментареш йитира, адамашна юкъахь герз лелор дихкина хиларх, оцу кафечу шайн берашца дай-наной а оьхуш хиларх, доллу нохчийн къомана бехк а буьллуш.

Полисхошна тIедиллира Кадыров Рамзана оцу хьокъехь леррина талламбар. Хьем ца беш билгалделира, суьрта тIехь верг Нохчийчуьра вахархо Сулейманов Билал хиллийла а, цуьнан карахь дерг долу герз ца хиллийла а. Эца а, лело а бакъо а ца оьшуш, хаамбе (сигнальный) тапча хилла Сулеймановн карахь ерг.

КIанта чIагIдарехь, тапча цунна совгIатна елла хилла, ткъа сур доккхучу хенахь, цуьнан дагахь цхьа а вуон хIума а ца хилла.

http://www.radiomarsho.com/a/28353403.html

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG