ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нохчийчуьрчу радикалан террорхоша" шен Ниццера вилла дIалаьцна, аьлла Ротенберган хиллачу зудчо


Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан миллиардеран Ротенберган Аркадин хиллачу зудчо, Натальяс, хаам бина, Ниццехь Shoshana цIе йолу шен вилла "дIалаьцна" аьлла, хаам бо Кавказ.Реалиино. Цо цу хьокъехь зудчо латкъам бина полице, ткъа Nice Matin газето яздарехь, полицехь тIечIагIдина латкъам шайга кхаьчна хилар.

Роттенберг Натальяс хиллачух лаьцна яздинера дIадаханчу кIиранах инстаграмерчу шен агIонехь (карарчу хенахь цу тIехь хийцамаш бина цо).

"Товбеца-беттан 10-хь Нохчийчуьрчу радикалан террорхоша дIалаьцна сан Францера вилла. Нуьцкъала лаьхкина цара территори тIера сан белхахой, йиттина гIаролхошна, йохийна камераш, кегдина догIанаш, дIалаьцна вилла, догIанаш а хийцина цигахь шайн база йина", - дIахьедина, ткъа тоьшаллана санна зорбане яьккхина виллан территори тIехь яьккхина масех видео.

Ротенберга чIагIдо, вилла дIалацар вовшахтоьхна "хьал долчу Оьрсийчуьрчу олигархаша, шен жигаралла ца тайначу". Ца боху, шена иза дайтинчеран цIераш а, иза дIалацарна цара мелла ахча делла а хаьа бохуш. Цо дийцарехь, полици реза ца хилла хуьлучунна юкъагIорта.

France 3 телеканало хаам барехь, Товбеца-беттан 12-чу буса виллан керта ваьлла хилла 30 гергга герзаца волу стаг. Цара лаьхкина цигахь хилла нах.

Наталья Ротенберг цига кхаьчча, цуьнан аьтто ца баьлла керта яха. Хилларг хIун ду хуучу телеканалан хьастано дийцарехь, виллехь йисна хилла цуьнан хIуманаш а, ши жIаьла а.

France 3 телеканало чIагIдо, вилла дIалаьцнарш Ротенберг Аркадин долахь йолчу SCI Villa Shoshana компанин кхерамазаллин белхахой бу бохуш. Ткъа иза цара дина Оьрсийчуьрчу миллиардеро омра а делла.

SCI Villa Shoshana компанин векалша дIахьедина France 3 телеканале, нуьцкъала вила дIалаьцна яц, ткъа карарчу хенахь иза яьсса ю аьлла. Компанехь аьлла Ротенберг Натальяс инстаграмехь йитина комментареш эладита ду аьлла.

Nice Matin газетана комментари еш SCI Villa Shoshana компанин куьйгалхочун адвоката Жонке Софис аьлла вилла компанин долахь ю, ткъа Ротенберган хилла зуда "Эрмалойчохь ехаш ю, иза яха хиъна хила шен долахь йоцчу вилле.

Ротенберг Аркадис ялийнера Наталья 2005-чу шарахь. Кхин а 8 шо даьлча иза йитна цо. Цул тIаьхьа Наталья Ротенберг суьде елира Британехь, амма эххаре а цуьнан аьтто белира цхьацца гIишлош а, кхин долу хIума а даккха шен хиллачу майрачуьнгара.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG