ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маршо Радио-65: селхана а, тахана а


Маршо Радион ПрахIера хIусам
Маршо Радион ПрахIера хIусам

65 шо хьалха, 1953 шеран Зазадоккху-беттан 1-чу дийнахь дуьххьара эфире елира Маршо Радио. Иза кхоьллинарш бара дуьненан рогIера тIом баларна кхоьруш, сагатден Iилманчаш, литератораш, публицисташ - Iамеркахой, Советан пачхьалкхо шех шен къизаллица къахкийна, шайн-шайн мехкех бевлла мухIажирш.

Радио йиллинчийн могIарахь вара нохчо-диссидент, Советан пачхьалкхан даржашкахь Iийна, Сталинан режимо бала Iовшийтийна, хIинца оцу Iедалан ирча хатI Iорадохуш къахьоьгу историк, публицист Авторханов Iабдурахьман а.

Нохчийн Iилманча Авторханов Iабдурахьман
Нохчийн Iилманча Авторханов Iабдурахьман

ТIом баларна кхерам эккхийтинарг яра ша дерриг а дуьне "цIечу пролетарийн" карадерзор ду ша бохуш хьийза Советан пачхьалкх. Ткъа Малхбаленна дораха нислора и кхерам тIамца юхатоха а ца гIерташ, публицистийн гIирсашца юхабаккхар. Цхьана дипломато тIаьхьо аьлла ма-хиллара, шарахь Маршо Радио кхобуш дойу ахча ца кхочура цхьана тIеман кеман тIоман мехе а.

Амма Iамеркарчу Радион куьйгалхошна уггаре халаниг дара эфир кечъян а, дIаяхьа а ховшийначу эмигранташца ларабала: Советан пачхьалкхо шаьш луьра човхийна, дуьненан кхечу маьIIе кхийсина хиларе терра, уьш цунна кест-кеста дашца бекха гIуртура дегабаам. Делахь а, иза аномали бен яцара – Радион коьрта герз хилла лелла маьIне къамелаш, бакъдерг.

Юхьанца (1959 шеран аьхкенналц) "ПаргIатдахар" яра радион цIе. Дуккха а меттанийн редакцех лаьттачу цо эфирехь буьйцура иттаннаш меттанаш. Къилбаседа Кавказна леринчу эфирашлахь хезара нохчийн, гIалгIайн, суьйлийн, хIирийн, чергазийн, кхарачойн меттанаш.

Мюнхенехь шен болх болийначу радион белхалошлахь бара, махках бевллехь а, даймехкан иэсехь беха нах. Авторхановс а санна, Советан Iедалера юьйлу харцонаш йовзуьйтуш оьрсашца цхьаьна къахьоьгура хIетахь дуккха а кавказхоша – хIираша Газданов Гайтос, нохчочо Абдулкадыров Мохьмада, гIалгIачо Гелисханов ИбрахIима, суьйличо Ахмед-Наби Махьмас, кхечара .

1960-гIа шераш, Маршо Радион белхахой (аьтто агIор - гIалгIа Гелисханов ИбрахIим).
1960-гIа шераш, Маршо Радион белхахой (аьтто агIор - гIалгIа Гелисханов ИбрахIим).

Амма Авторханов Iабдурахьман царалахь къаьсташ вара къамелан къоргаллица а, Советаш ма-ярра дуьненна йовзийтарца а. Маршо Радиохь цуьнан дерриг а къамелаш санна хуьлура массо а ладогIархошна хууш болчу оьрсийн маттахь. Масаллина хозуьйту Маршо Радионо цуьнан аз.

1962-гIа шо. Сталинан Iедало ахархой «кулакийн» могIара а бохий, муха хIаллакбора, дуьйцу Авторхановс.

Авторханов: «1929-чу шеран ГIуран-беттан 27-чу дийнахь Сталина шеггара, Партин Юкъарчу комитетан сацам а боццушехь, партин гулам ца бийцича а, дIакхайкхийна юьртан бахамхой бохор.

Оцу дийнахь марксистийн-аграрийн конференцехь ша динчу къамелехь Сталина дIахьедира, партино юьртана гонаха йолу шен политика хорцуш ю, иза юьртахой воввшахтуху коллективизаци дIаяхьа йолош а ю, оцу бахьанийца царалара хьолахой бохон а йоллу, аьлла.

Дахаре диллича иза дара – къехой а, юккъера хьал долу нах а ницкъаша колхозашна чубухку, ткъа кулачество шайх олу бахархой – церан зударий, бераш, къаной тIехь гIело а еш, бахамах а баьхна, Сибрехарчу луьрачу хьаннашка дIалохку бохург.

ХIетахьлерчу Советийн официалан статистикаца и тайпа хьолахой-кулакаш 5 процент хиларе терра, лаххара а 7 миллион яртийн бахархой, сиха яцахь а, тешна а тIекхочуш йолчу Iожаллина буха буьгу бохург дара иза.

Амма оцу тIехь соцуш а дацара и гIуллакх. Кестта хIаллакбечийн категоре бехира мелла а таро йолу ахархой а, ткъа цул тIаьхьа - шайх подкулачникаш олу бахархой а. Ишттанаш а бара лаххара а 13 миллион нах.

Иштта, ткъеха миллион гергга юьртан бахархой бара юьззина коллективизаци чекхйоккхуш репрессешна кΙел хьош».

Маршо Радион архивера ду Авторханов Iадбурахьманан кхин цхьа къамел а. 1960 шерийн юьхь. Хрушев Советан пачхьалкхан куьйгаллера ваьлча, цуьнан меттиг Брежневс дIалоцур бу, боху авторо. Иза бакъ хиллийла гайтира хено.

Авторханов: «Шен коммунистийн партин историно гойту цхьа а паччахь хийцаран кепаш кхузахь йоцийла а, уьш хуьлийла доцийла а. Бакъду, яздина а доцуш, цхьа низам ду. Иза иштта ду: Советан пачхьалкхан компартин лидер лешшехь, цуьнан меттиг шашаха дIалоцу оцу ханна партин Юкъарчу комитетан аппаратехь куьйгалла дечо.

Хрущевл тIаьхьа цуьнан меттиг дIалоцур бу оцу ханна партин Юкъарчу комитетан шолгIачу секретаран гIентахь Iачо – ткъа шолгIа секретарь ву карарчу хенахь Брежнев».

1960-гIа шерийн юьххьехь, Авторханов Iабдурахьман, цуьнан цIийннана, Кантемир Iалихан.
1960-гIа шерийн юьххьехь, Авторханов Iабдурахьман, цуьнан цIийннана, Кантемир Iалихан.

1972 шарахь Къилбаседа Кавказан редакци дIакъевлира. Амма сих-сиха хуьлура бухайисинчу оьрсийн редакцин эфирехь Авторханов а, кхиболу кавказхой а.

2002 шарахь юхасхьайиллира Маршо Радионо Къилбаседа Кавказан редакци. Ерриг а компани а санна, цо къастийначу некъа тIехь схьайогIу иза тахханалц, шен мисси ладогIархошна, ешархошна, хьовсархошна йовзуьйтуш ма-яздарра, "демократин Iалашонаш а, институташ а хьалхататтар, бакъйолу информаци, идейш яржор" коьрта а долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG