ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шеца дийнна зама дIаяьхьи Гелисхановс


Гелисханов Руслан. Сурт даьккхинарг - Кротов Яков.

Диссидентан воI

Флоридерчу Сарасота гIалахь (Iамерка) кхелхина Маршо Радион ветеран Гелисханов Руслан.

1974 шарахь "эфиран техник" балха хIоттарх шовзткъа шарахь къахьегна цо радион президентан гIоьнчин, оьрсийн сервисан директоран даржашка кхаччалц.

Маршо Радион Къилбаседа Кавказан сервисца даима а довха гаргарло леладора Руслана. Иза шашах нисделла а дацара. Мюнхенехь Дуьненан шолгIачу тIеман декъашхочун, диссидентан, Маршо радион техникан, гIалгIачун Гелисханов ИбрахIиман доьзалехь ша вина хиларе терра, вайнахе дог лаьтташ хуьлура иза виллина.

Ша хьалакхуьучу шерашкахь Мюнхенерчу университетехь биологи, ветеринари Iамийна воллушехь, дас дагца йитинчу йовхонца лиинера Русланна радиохь болхбан.

Цунна дика дагадогIура Маршо Радион хьалхара шераш, бевзара шен деца болхбина кавказхой: гIалгIа Ужахов Ахьмад, хIирий Байтуган Барасби, Газданов Гайто, кхиберш. Дагалоьцура вайнахана тахана веза-воккхаволу Авторханов Iабдурахьман а, цуьнан Маршо Радиора эфираш а.

Дагалацам

Зазадоккху-беттан дуьххьара денош дара цIахь шеца висина 5 шо долу кIант Руслан цунна тIехьожучу немцойн зудчо да-нанас болх бечу Маршо Радио вигича.

1950-гIа шераш, Маршо Радион белхахой: (аьрро-аьтто) Ризер Аза, музыкан билиотекан директор, Маршо Радион президент Сарджент Хауланд, цуьнан зуда Лой Мирна, радио йоьллуш жигара дакъалаьцна волу радион белхахо Гелисханов ИбрахIим.
1950-гIа шераш, Маршо Радион белхахой: (аьрро-аьтто) Ризер Аза, музыкан билиотекан директор, Маршо Радион президент Сарджент Хауланд, цуьнан зуда Лой Мирна, радио йоьллуш жигара дакъалаьцна волу радион белхахо Гелисханов ИбрахIим.

Деношкахь бен йиллина а йоцу радио тIамо дохийначу цIийнан декъах лаьттара. Цунна хьалха сагIа доькъуш Iара цхьа оьрсийн йоккха стаг, цо едда тIееана, хаза хьожа йогIу, картол чуйоьллина локъам елира Русланна.

Радион цIачуьра араберзийначу кедехула хезара самукъне йиш. Руслана хаьттира ша лелочу зудчуьнга: "Тахана хIун де ду?" Зудчо шена ца хаьа элира.

Да ИбрахIим волчу дIакхачале, Руслан шайн-шайн чоьнаш чухула вадийна лелийра кавказхойн духаршкахь болчу наха. Цара хIораммо а, къайлах кховдош санна, ахча лора кIантана.

"ЖIаьла делла, жIаьла делла!" – хезара радиочуьрчу белхахошкара-вайнахера. Сарахь ша деца, куьг а лаьцна цIавоьдуш хаьттира Руслана: "Дада, массара а жIаьла делла ма олу, и хIун жIаьла ду делларг?"

"Сталин боху жIаьла делла!" – дара гIадвахана велавеллачу дас делла жоп. Гелисханов ИбрахIима, ца ваьлла политик а хилла, Авторхановца а, кхечу накъосташца-кавказхошца цхьаьна далхадора оцу муьрехь дуьнене махкахбаьхначу вайнаха Азехь ловш долчу Iазапах лаьцна. Иза а, цуьнан доттагIий а баккъал а баккхийбера диктатор эхарта верзарх, тешара иза веллачул тIаьхьа къам децIа доьрзург хиларх.

Гелисханов ИбрахIиман каш, Мюнхен.
Гелисханов ИбрахIиман каш, Мюнхен.

Винчу дийнах

Стохка, 70 шо дузарца декъалвеш, Прагерчу коллегаша, иза шайна герга хиларе терра, яздира Гелисханов Руслане: "Маршо Радион Къилбаседа Кавказан сервисерчу накъосташа декъалво хьо винчу денца! Белша тIехь дика яздеш деха малик комаьрша хуьлда хьан!"

Дуьхьал яздира Руслана: "Аш хаийтталц, сайца цхьаьна малик деха аьлла хеташ вацара со, Дела реза хуьлда!"

Эскархочун-эмигрантан, диссидентан, даймахках хьоьгуш ваьхначу ден воI хиларо ша-тайпа, буткъа, уллерчу стагна бен хаалур боцу сингаттам битинера Русланан сица. Цундела гIеххьа циник а, дуьнедезархо а, дуккха хIума довзархо а, накъосташна тешаме накъост а винера цунах дахаро.

Кху беттан 18-чохь, ши кIира гергга хьалха хилла Гелисханов шен Фейсбук-агIонтIехь. "Вочу агIор со дага ма лоьцийла аш!" – аьлла ду цуьнан цу тIера тIаьххьара весет-йоза. Цо шеца цхьана ерзий вайнехан эмиграцин хьалхарчу тулгIенех цхьаъ. ДIалекъи тIаьххьарчу тешан дагалецамаш а…

Шуна хетарг

Гайта комментареш

ГIебартойн-Балкхаройчуьрчу девнна юкъагIерта оьший нохчий?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG