ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Рамадан а, къоьлла а. Нохчийчохь мархашна мехаш хьаладаьхна


Соьлжа-ГIалара "Беркат" базар, архивера сурт
Соьлжа-ГIалара "Беркат" базар, архивера сурт

Бусулбанашна беза болу Рамадан бутт чекхболуш лаьтта. Марха дастале хьалхарчу деношкахь Нохчийчуьрчу бахархоша йуучун, молучун мехаш хьаладовлар далхадо. Стол кечйан оьшуш мел дерг дикка дазлуш хуьлу боху цара. Ткъа цу мехашна Iуналла дан хIиттийначу белхалоша иза бакъ дац, цхьа а хийцамаш бац олий, дIахьедо. Iедалхойн репрессех озалой, шаьш реза цахилар лечкъош, аьрзнаш ца деш, IадIа бахархой.

Нохчийчоьнан куьйгалхоша хIора шарахь марха досту де тIекхочуш сурсатийн мах хьала цабаккхар доьхуш нахе дIахьедарш до, бахархошна йукъахь "таро йоцурш бу", цаьрга шайна оьшург ца эцало бохуш. Дайначу кIирнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бизнесхой наркотикаш йухкучаьрца цхьана могIаре дIахIитторца къамел дира. Цара а олу шаьш шайн доьзалш ца кхаьбча, ца довлу бохуш. Амма Iедалхоша иза дийцахь а, хьал хийцалуш дац.

"Иманехь болучара санна къамелаш-м до"

ХIора шарахь мархийн бутт дIаболучу муьрехь Нохчийчохь массо хIуманан мехаш хьаладовлу. Амма иза ишта делахь а, хIума дIаоьцурш вуно дукха хуьлу. Иштта, цхьа йоккха туька ган а гуш йасйелира. Кассанашка хьалха могIаршкахь дIахIиттина адамаш долуш, боху Д. Заремас.

"Цхьа кIира хьалха Соьлжа-ГIаларчу йибарш йухкучу туьканахь 38 эзар сом доьху цхьа стол, гIанташ хазаделлера суна. Туьканарчу зудчуьнца оьцур ду аьлла бина барт бара. Тахана эца дагахь йахна со, керла мах хIоттийна лаьтташ ду-кх уьш – 44 эзар сом. Кхобуш марха дара аьлла ца Iаш, къиза ду адам. Туьканаш йасйеш, вовшашка баганаш йетта, тахана кассехь лаьтта цхьа ши зуда лата летира. ДIа ладоьгIча-м хIора Делах тешаш хуьлу, амма Рамадан баттахь вовшашца къинхетаме, комаьрша хила лууш бац", – халахетарца дуьйцу къамеле йаьллачо.

Iеламнаха и мехаш иштта хьаладахар къилахь хиларх дикка дийцахьара, хьал кхечу кепара хир дара, аьлла тешна ву Соьлжа-ГIалин вахархо Апти.

Соьлжа-ГIалара "Беркат" базар
Соьлжа-ГIалара "Беркат" базар

"Шо шарера мел долу, Iедалхоша иштта и кхайкхамаш беш, схьадогIу хIара, амма иза дича ца тоьу. Динан бух тIехь фатваш (сацамаш. – Билг.) дан деза мехаш тIетохар доьхкуш. ХIора пIераскан дийнахь имамо кхеттош дийца деза, цхьа бух боцуш йезачу хенахь мах иштта тIетохар хьарамло йу бохуш. Республикерчу нехан дахаран хьелаш муьлхачу тIегIанехь ду кхеташ хила деза", – элира цо.

Рамадан баттахь мах хьалабаккхар – бусулбанийн бакъонаш эшор ду. Цу баттахь шен вонех дIакъаста луучу адамна Дала цул хьалха хилчу цхьайтта баттахь летийна къинош дIадоху, боху нохчийн Iеламхочо Азиев Сайфуллас.

"Нагахь шен киса дузархьама, гIийлачарна эшам беш, мах лелочо хьарамло йар, ша йухкучун бакъболу мах хьалабаккхар динехь магош дац. Везачу Дала вайга кхечуьнан чоьтах даха ма хьовса аьлла, вовшашца лараме а, къинхетаме хила боху. Гондхьа шортта хала бохкурш хиларх кхеташ хила деза вай. Исламехь магийна дац, кхечунна хIума хьашт хиларца хьайн мах хьалабаккхар, нах лебар, терзанца хьарамлонаш лелор", – тIетуьйхира Iеламхочо.

Хьенан стол йу гIоле?

Росстатан хаамшца, регионера йуккъера алапа 31 эзар сом ду, амма республикан бахархоша шайн баккъала долу алапаш цу терахьал дикка лахара ду боху.

Мехаш хьаладовлар бахьанехь дукхахболучаьрга уггаре чIогIа оьшург а ца эцало, боху Веданан кIоштара йахархочо Исраилова Табарика.

"Марха достучу деношкахь мехаш хьаладахарх доьлла тхо-м. Дала оьгIазло ма йойла суна, и де суна ца деза, сихха дIадалахьара олий хета. Цунах зе хуьлу суна. Сарахь дIахIуттий сахиллалц даарш кечдо, цхьамма уьш лартIахь даа ца дуу, шолгIачу дийнахь дуучун цхьа дакъа дIакхосса дезаш хуьлу", – резайоцуш дуьйцу къамелахочо.

Нохчийчоь, марха досту де
Нохчийчоь, марха досту де

Йукъаралло тIеIаткъам барна наха шаьш шайна хIоттийна къовсам бу, "хьенан стол гIоле йу" бохуш. Цунна эрна ахча духку, шайн карайеънарг, бен-башха доцуш, схьа а оьцу, тешна ву Соьлжа-ГIалин вахархо Мохьмад.

"Беламе дерг хIун ду хьуна аьлча, хIусамнанас, несо а хIора шарахь кхаа стоьлана тIехIотто "хазаллин дуьхьа" ананасаш оьцу (тIаккха стол кхоъ хуьлу). Амма и миска стом цхьамма мотт ца тухуш, дIакхуссу. Ур-атталла хада ца йо уьш. Дукхахболчара тIаьххьара ахча лой ма оьцу и даарш, цхьаболчара декхарийла а боьлхуш", – дийцира цо шена зеделларг.

Йухалург нахера ахча доккхий, и даарш оьцу цхьаболчара. Цунах, шайн таронашка ца хьовсуш, стоьлаш кечйо, боху Iеламхочо Магомадов Рамзана (Басхана).

"Сарралц кечйой, берех ларйеш, цара цхьаъ галдаккхарна кхоьруш, и стоьлаш латтайо. ШолгIачу дийнахь и даарш телха. Совдерш лелор, тIалам цабар, муьлхха и тайпа дааршца цадогIу хIумнаш лелор исламехь дихкина ду. Цунах исраф олу. "Йаалаш, малалаш, совдерш ма леладелаш, Цунна ца деза совдерш лелор" аьлла ду 31-чу айатехь", – кхеттош дуьйцу Iеламхочо.

"Нохчийчохь мел духкург чудахьаш ду"

Соьлжа-ГIаларчу "Беркат" базарахь редакцица къамеле мел бевллачара мехаш хьаладахарна шаьш бехке дац элира. Шен цIе цайийцинчу Соьлжа-ГIалин хастоьмаш бухкучу базан белхалочо дерриге шаьш схьаоьцучохь нисдина ду, транспортан мах базбаларца доьзна ду, аьлла дийцира.

Долларш дазделла, соьмаш дайделла, шена зен хилийта цхьанна ца лаьа

"Кхечу регионашкара схьадахьаш дукха хIума ду. Стоьмаш, хастоьмаш, мерзалгаш, кхин дIа мел долу кхузахь доцу хIума. Вайн хIумма дан ма дац, дерриге арахьара чудахьаш ма ду. Доллар дазделла, сом дайделла. Шена зе дан цхьанна ца лаьа", – боху совдегархочо.

Кхечу респонденто, Курчалойн кIоштара хастоьмийн база карахь йолчо Рамадан баттахь шен дерригечу дааршна хазахетарца мах охьабоккхур бара ша бохура. Амма оцу йукъанна аренда йаларх ша мукъа ца вуьту элира цо.

Нохчийчуьрчу федералан Антимонополин урхалло (ФАС), нехан бакъонаш ларйархоша мархин деношкахь мехаш хьаладовларах болу хаамаш харц лерира. ФАС-хь шайга цу хьокъехь бахархошкара хилла цхьа а хаам бац аьлла, дийцира.

"Тхо тхаьш ма ду кхузахь, и йерриге эца оьцуш, Iаш, амма мехаш хьалдовлар тхуна хааделла дац. Нагахь аьрзнаш хилахь, оха зераш дийр ду, хиллачух тхешан официалерчу сайтехь жоп лур ду", – элира урхаллин белхалочо.

Нехан бакъонаш ларйаран Комитетан векало дийцарехь, Нохчийчуьра мехаш хьаладовлар царна гучудаьлла дац, бахархойн аьрзнаш цаьрга кхаьчна дац.

Арз дар? Аш хIун дуьйцу?

"Оха берриге хаамийн белхаш дIахьо. Семинараш йо, тхайн контакташ сайте йехкина йу, тхоьга махкахошкара цхьа арз ца кхаьчна", – дийцира комитетехь.

Цу урхаллийн белхалошца къамел диначул тIаьхьа Кавказ.Реалиин корреспонденто шеца къамелаш динчаьрга йуха а хаьттира, цара мехаш хьаладовларх Iедале хаамаш хIунда ца бо аьлла. Жоп ца делира цара. Цхьана Д. Заремас йелайелла, элира: "Арз дар? Аша хIун дуьйцу? ЧГТРК-ан эфиран "турпалхо" хила лууш цхьа ма вац".

  • Массарна гучохь нах бехказбийлитар Нохчийчохь йукъадаьккхина дикка хан йу. Кавказ.Реалии сайто массийтазза гайтина цу бехказлонех лаьцна видеош. Нохчийчоьнан Iедалан сайташкахь а, меттигерчу хьаькамийн аккаунташках а дIахIиттийна хуьлу уьш. "Адам охьатаIош долу видео-бехказабийларшна" тидам тIебахийтина 2021-чу шарахь шен докладехь Американ дуьненайукъарчу динан маршонах йолчу коммисино.
  • Марха дастаран хьокъехь Нохчийчохь балхах мукъа денош охан-беттан 20, 21, 22-хь хир ду аьлла. Цу омрана куьг йаздина Кадыров Рамзана. Цу деношкахь бусулбачу наха мархийн беттан чакхе лоруш, садоIур ду. Ураза-байрам, Ид аль-Фитр бохург марханаш чекхдовлар санна маьIна долуш ду. Той дIадолало бутт буьзначу сарахь. Кхушара иза охан-беттан 20-хь нисло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG