ХIинцале а 14 полк а, батальон а, кхинйолу вовшахтохараллаш а кхоьллина Нохчийчохь регионан куьйгалхочун ден Кадыров Ахьмадан цIарах. Царех тIаьххьара Украинана дуьхьал тIемаш бан вовшахтоьхна йолу "Ахмат-Россия", "Ахмат-Чечня" ши полк тIеман министраллина чуйогIуш йу. Кадыров Рамзанан культ йаржорах а, оцу кепара Нохчийчоьнан урхалхочун Iедал чIагIдеш хиларх масийттаза билгалдаьккхира бакъоларйархоша.
Карарчу хенахь Нохчийчохь Кадыров Ахьмадан цIе лелайо:
- Полк "Север" (141-гIа Кадыров Ахьмадан цIарах леррина полк), Росгвардина чуйогIуш йу, командир – ву Исмаилов ИбрахIим;
- Полк "Север-Ахмат" (78-гIа Кадыров Ахьмадан цIарах полк йу). ТIеман министраллин 42-чу дивизи йукъа йогIуш йу, командир ву цуьнан – Зингиев Зайнди;
- Батальон "Запад-Ахмат", командир –Агуев Исмаил;
- Батальон "Восток-Ахмат", командир – Салиев Асланбек;
- Батальон "Юг-Ахмат", командир –Иблаев Муса;
- ОМОН "Ахмат-Грозный", Росгварди, командир – Бисаев Анзор;
- ОМОН "Ахмат-1", Росгварди, командир – Шовхалов Алихан;
- Батальон "Ахмат-1", Росгварди, командир – Рашаев Заурбек;
- СОБР "Ахмат", Росгварди, командир – Висмурадов Абузайд;
- Спецназ "Ахмат", тIеман министралла, командир –Алаудинов Апти;
- Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Кадыров Ахьмадан цIарах леррина полицин полк, командир –Чалаев Замид;
- ОМОН "Ахмат-Крепость", Росгварди, командир –Хизриев Аслан;
- Полк "Ахмат – Россия", тIеман министралла, командир –Элимханов Заурбек;
- Полк "Ахмат – Чечня", тIеман министралла, командир – Салиев Асланбек.
Нохчийчохь куп тоьхна Росгвардин дакъош формалехь федералан урхаллина чудогIуш ду, ма-дарра дийцича, уьш Кадыров Рамзанна бен муьтIахь дац.
Нохчийчуьра тIеман дакъоша Оьрсийчоьно Украинехь болийначу тIамехь дакъалоцу, цигахь уьш гIарабевлла "тикток-эскарш" аьлла: тIеман экспертийн а, тергамчийн а хетаршца, нохчийн салтий Оьрсийчоьно дIалецначу дозанаш тIехь бу. Америкахойн тIом зуьйчу Институто (ISW) чIагIдора, нохчийн дакъоша тIемашкахь дакъалоцуш данне а дац, царех тылехь пайдаоьцу аьлла. Цунах лацна дуьйцура иштта Украинехьа тIемаш бечу Къилбаседа Кавказера бахархоша а. Нохчийчохь кхоьллинчу "Ахмат" тобанан "лаамхочо" дийцира, Украинехь кадыровхоша дуккха а тIеман зуламаш лелийна хиларх. Цунах дуьйцура оккупацехь лаьттинчу украинхоша а.
Хьалхо эксперташа билгалдоккхура, "динан билаглонашца" регионехь Кадыров-воккхахволчун культ кхуллуш хиларх. "Дала вазвина ваийтина" боху идей а, урхалла ден доьзал бу бохуш дийцар а оьшу Нохчийчоьнан урхаллина, шен Iедал мел а дуккха а легитиме хилийта а, шайн Iедал Iалашдан а, дIахьедора оппозицин нохчийн Niyso телеграм-канало. Кадыров Ахьмадан цIе республикехь лелош йу 300 урамо, Соьлжа-ГIаларчу коьртачу майдано, паркаша, Нохчийн пачхьалкхан университето, школаша, гимназеша, берийн бошмаша, "Нохчийчоьнан дог" маьждиго, Росгвардин полко а. Ала догIу, оцу полкан ларми чохь кхел йоцуш дуккха а нах байарх хаамбира чиллан-беттахь "Новая газето".