ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дика нах дукха бу, уьш гуш бацахь а"


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Бакъдерг хIораннан шен-шен делахь а, нийса некъ даима а цхьаъ бу. Ткъа бакъ-харц шена хуьлучу пайде хьаьжжина бен ца къестошберш бахьана долуш, тахана нохчашна юккъехь а ду хедда гергарлонаш а, ю кхоллаелла херонаш а. Харц некъ - атта некъ, нийса некъ -хала некъ, олура баккхийчара.

Дуьненан рицкъанах буьзинчу харц новкъа бевллачарца гергарло лелон ца лаьа, шайна тахана хала делахь а, бакъболчу къонахийн амалца чекхбовла луучарна, мел шайна юккъехь тайпанан гергарлонаш делахь а.

ТIаьхьарчу шина тIамо кхечу хорша дерзийна нехан дахарш а, юкъаметтигаш а. Нахана юккъехь херонаш евлла меттигаш белахь а, дика нах дукхох бу, аьлла хета Соьлжа-ГIалара вахархочунна Моллаев Расулна:

"Со лелачохь вовшешка лулахой чубахар а, гергарниш вовшешна тIебахар а ду. Амма цхьайолчу меттехь гуш ду нах, хьалха санна, вовшешна тIе цабахар.

Тахана гергарло ца лелош берш а дукха бу. Дуьненан бахамой, хьарамчу рицкъаной вовшешца хербина а бу. Цхьаберш яккхий гIаланаш а йина Iаш бу, цу чу а левчкъина. Царга лулахо ца воьдуш а хуьлу, цхьаъ еха веъна моьттур ду-кх царна, бохуш. Ишттаниш вайна юккъехь хьалха ца хилла дела тамашийна хета. Делахь а, дика нах дукхох бу. Дика нах гуш бац вайна."

Даймахкана гена белахь а, вовшешца уьйр-марзо латтайо Европерчу вайнаха. Вовшийн дикане-воне боьлху, ницкъ ма-кхоччу. Зуда ялочу хенахь йоккха чоь а лоций, цу чохь вовшехкхеташ а хуьлу.

Европерчу нохчаша цIахь болчарел а гIолехь гергарлонаш леладо, аьлла хета Францехь ехаш йолчу Алиева Таисина: "ХIокху Европехь гергарлонаш оха цIерачарачул чIогIа лелочух тера хета суна. ЦIерачарга оха тхаьш хьошалгIа дахнера аьлча, тхо-м ца ларадо, олу цара. Нохчийчохь болчара, шу тхол дикох ларадо гена кхечу гIала даха а, олу. Мерза хета кхузахь лелош долу гергарлонаш а, хьошаллаш а."

Европерчу нохчаша вовшешца уьйр-марзонаш лелорах лаьцна кхин дIа а дуьйцу Францехь ехаш йолчу Байсарова Маликас: "Вай миччхьа делахь а, Европехь а, миччхьа а, кхузахь дара аьлла ца Iаш, ваьш вайнах дуйла а хууш, вовшешна деза а дезаш, марзо а йолуш, ларам а болуш схьадогIуш ду, Дала мукъ лахь. Воне а, дикане а, массо а, аьлча санна, вовшешна тIекхача а хьовсу."

Хьалха сарахь нах пхьоьхане гуллора хилларш-лелларш, диканаш-вонаш дуьйцуш. Царга ладугIучу кегийрхошна шайн къоман мехаллаш евзара. Иштта чIагIлора нехан вовшешца йолу уьйр-марзонаш.

Ткъа тахана Даймахкана генахь болу Европера вайнах къаьсттина хуьлу вовшешца уьйраш а, гергарлонаш а, цхьанакхетарш а дезаш. Ткъа дукха юй вайн кхузахь иштта вовшехкхеташ меттигаш?

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG