ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Трампан сацамах бахьана а дина, гIовтта мегаш бу бусалба нах"


Израил -- Палестинахой Къудсехь кафе чохь ладугIуш бу Iамеркин президенто Трамп Доналда телевизионехула дечу къамеле. ГIур.6, 2017.
Израил -- Палестинахой Къудсехь кафе чохь ладугIуш бу Iамеркин президенто Трамп Доналда телевизионехула дечу къамеле. ГIур.6, 2017.

Политолого Бено Шемила дуьйцу Трамп Доналда Къудс хьокъехь бинчу сацаман муха тIаьхьалонаш хир ю.

Iамеркан президенто Трамп Доналда кхаариндийнахь, ГIура-беттан 6-хь, леррина дIахьедар дина Къудс (Иерусалим) Израилан коьрта гIала хилар даре дарх лаьцна. Цо омра дина гергарчу хенахь Цхаьнатоьхначу Штатийн Тел-Авивера векалалла цига дехьаяккха аьлла.

Трампан цу лаамна хьалхе дуьйна критика еш бара политикан лидерш, шайна юкъахь Iамеркан бертахой а болуш, бусалба пачхьалкхашкахь а, Европехь а.

Ткъа хIун тIаьхьалонаш хир ю цу гIулчан бохучунна дуьйцу Маршо Радионна еллачу интервьюхь нохчийн вевзаш волчу политолого Бено Шемила.

Бено Шемил.
Бено Шемил.

ХIун хуьйцур ду Трампа бинчу сацамо Гергарчу Малхбалехь? Стенна тIе тидам бахана хьан?

- Цхьа хIума ду цигахь коьртаниг. Бусалба пачхьалкхаш, бусалба къаьмнаш вуно холчахь дехаш ду цигахь. Экономикан агIор къен бу уьш. 50 процент гергга кхачанан сурсаташ дукхах йолчу Iаьрбийн пачхьалкхашка арахьара чукхоьхьуш ду. Израилан коьрта гIала хийцаран кхечу агIор тIаьхьало хила мегаш ю. Цунах бахьана а дина, иштта а холчахь болу бусалба нах гIовтта мега. Иза ду сингаттаме дерг. Туркойчоьнан президенто а, Урдунан паччахьо а боху, цигара хьал карзахдаккхар а бен, цунах кхин жамI хир дац.

-Ткъа хьуна иза нийса ду аьлла хетий?

- Иза нийса ду. ХIунда аьлча, иштта а холчахь бу и нах. Къудс вайн симбол ма юй. Элча дуьххьара ламазе хIуттучу хенахь дуьйна къибла ма яй иза бусалба нехан, Макко иза хийццалц. Цундела коьртаниг иза ду.

Израилан полицин ха бусалба маьждиган хьалха. 1938 шо.

- Нохчий, хууш ма хиллара, нийсонна чIогIа тIегIерташ Iедал долуш бу. ГIийла стаг хьийзош ву аьлча, дIоггара кхин ойланаш еш ца Iаш, катоьхна шайга далург дан гIоьрта вайн нах. Хьуна хIун аьлла хета, нохчаша муха тIеэца деза Къудсца доьзнарг?

- Ойла а йина, хIума дича дика хир ду. Уьш ИбрахIим-пайхамаран Исхьакъан а, ИсмаьIилан а тIаьхьенаш ю. Цара шайн дов дIадерзош шайна юкъахь барт бича дика хир дара. Нехан девнна юкъагIерташ вайн Iедал дац нохчийн. Политикехь а иштта хила деза аьлла хета суна иза. Цкъа дуьххьара ойла а йина, шина агIон лаам буха бу а хьаьжна, тIаккха озабезам цхьаьнгахьа бахь, озабезам а беш... Вайн дов ма дац иза. Вайн дуккха а проблемаш ю дIанисъян езаш.

- Къудсехь бехачу бусалба палестинахойн бакъонаш жуьгтийн ницкъаллин структурийн бехахоша йохош яьхна дуккха а видеош хуьлу социалан машанашкахь яржош. Цу агIор цхьа а Iаткъам бийр буй Iамеркан а, кхин йолчу пачхьалкхийн а векалаллаш цига дехьаяьхча?

- Цхьа а хийцам оцу тIехь хир бац. ХIунда аьлча, иза ца хууш ма боций уьш. Иза жима пачхьалкх ю. Некъ беха а бац цига дIасаваха. Царна хууш ду. Цигахь цара вовше дIасайизор, зударий дIаийзор а, и хIума иза гайтар дукха сов доккхий (хуьлу)... Доцца аьлча, вай цунах башха цецдовла оьшуш хIума дац. Мел гена иза даьлчи а уьш шичой бу. Церан 70 шарахь хиллачу тIемашкахь вайн цхьа тIамехь деллачул адамаш делла дац.

- Къудс (Иерусалим) даима а ма ца хиллий жуьгтийн карахь. Трампа эххар хIун Iалашо ю аьлла хета хьуна и гIала Израилан коьрта гIала хилар даре а дина цо юьхьарлаьцнарг?

- Иерусалиман (Къудсан) 41шо хьалха цхьа дакъа, малхбалехьа йолу Иерусалим, Iаьрбийн карахь дара, ткъа малхбузехьа дерг жуьгтийн карахь дара. 1967-чу шарахь тIом хилча жуьгташа ши а дакъа цхьаьнахоьттина, малхбалехьара дакъа схьа а даьккхина. Цу хенахь дуьйна жуьгташа дIакхайкхийнера иза шайн коьрта гIала хилар. Амма шина-кхаа пачхьалкхо бен шайн векалаллаш Тел-Авивера Иерусалиме дехьа ца ехира.

Къудс.

-Ткъа Трампа хIунда бина и сацам, цул хьалха хиллачу президенташа 1995-чу шарахь дуьйна тIаьхьатоттуш хилла болу. Муха тIеэцна иза Iаьрбаша?

-Трампо шайн векалалла цига дехьаяьккхича урамехь болчу Iаьрбашна вуно халахетта цхьана агIор. Вукха агIор. Ша иза кхайкхадале хьалха Трампа уггаре йоккхачу шина пачхьалкхаца Мисарца а, СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхаца а, барт а бина, дина ду иза. Уьш реза хилар а, иза дIакхайкхор а дов дIанисдан лаам хилар ду аьлла хета суна. ХIунда аьлча, и дов цигарчу нахана массерна а бале даьлла ду.

Урамехь берш шайн рузбане бахча, цигара ара а бовлий, демонстрацеш а йой, цIа а боьлхий "хьумус фул" юъуш Iан, кхин хIума ца деш. Политикашна бала бу цунах. И бала дIабаккха иттаннаш шерашкахь Iаьрбийн лидерша дина хIума дац. Iаьрбийн олуш цхьа хIума ду, Iаьрбаша барт бина барт ца бан олий.

Дуккха тIемаш хилла иза бахьана долуш. Иза дIанисдархьамма ду-кх иза, суна хетарехь. Iаьрбаша "салам-Iалейкум олу", ткъа жуьгташа "шалом Iалейхум" олу, царна юкъа хIун шайтIа даьлла ца хаьа шена аьлла, дина хир ду-кх иза Трампа.​

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG