Талламхошна Нохчийчоьнан яхархочун, Абдурахманова Залинан, социалан сайта “ВКонтакте” тIехь карийна террористийн лоручу “ДаIиш” тобанан символаш. Цунах хаамбо Нохчийчуьрчу прокуратуралло кху беттан 14-чу дийнахь. Ткъа муьлххачу а террорхойн ган йишйолу билгалонаш сайта тIе яхкар низам дохор санна туду Оьрсийчохь. Цундела, цу яхархочунна дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх.