ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дзержинскийн хIоллам Iалаш бан харжаш еш ду Iедалш


Оьрсийчоь -- Златковский Михаилан беламе сурт, 22ГIр2009
Оьрсийчоь -- Златковский Михаилан беламе сурт, 22ГIр2009

Москох гIалийн юккъехь лаьттина хилла болу Дзержинский Феликсан хIоллам тобан сацам бина Оьрсийчоьнан Iедалша. 33 шарахь лаьттира иза Лубянская олучу майданахь Горбачевн Iедал карчо гIоьртинчулла тIаьхьа гIаьттинчу адамо дIабаккхалц. Дзержинскин хIоллам боцург кхин а реставраци йира йолуш бу цхьамоггIа Советан заманера хIолламаш.

Киножурналан кийсак: Эзарнаш Москох бахархой гулбелира Ленинан тешаме тIаьхьлончана а, тешаме накъостана Дзержинский Феликс Эдмундовичана хIоллам схьабоьллуш дакъа лаца. Халкъан везаш хилла стаг, партина везаш хилла стаг...

ХIара шуна хезнарг 1958-чу шарахь кечдинчу кинокерланийн цхьа кусок ю. ГIе метта хьоьттинчу нахана дага догIу хир ду и кино журналаш хIоразза а клубехь кино дIайолаялале хьалха гойтуш хилла долу.

33 шарахь лаьттира Москох гIалийн юккъехь ВЧК-ан гIаьнтада хилла волчу, угггара адамалла доцуш хиларца воьвзуш волчу Дзержинский Феликсана хIоттийна болу хIоллам.

И хIоллам лаьтташ бара Луюянская олучу майданахь ВЧК-н (ОГПУ-н, НКВД-н, КГБ-н, ФСК-н, ФСБ-н) хIусаманна хьалха. 1991-чу шарахь ГКЧП олуш йолу тоба Горбачевн Iедал карчо гIоьртинчулла тIаьхьа гIаьттинчу адамо дIабаккхалц.

Дзержискин хIоллам бохор симбол а хилла дIахIоьттира коммунистийн Iедал дохаран.

Кран а ялийна, коча аьчка трос а тесна охьабаьккхина болу и хIоллам, хIаллак ца бинера, масала, Соьлж-гIалахь Ленинан хIоллам санна. Иза дIабаьхьира «Музеон» олучу суьрташдахкархойн коьртачу хIусамана уллехь йолчу парке.

Дзержинскийна хIоллам кхоьллинарг вара скульптор Вучетич Евгений. Иза дIахIоттийра 1927-чу шарахь Дзержинский Феликс веллачулла тIаьхьа цуьнан цIе тиллина йолчу майданехь. Цуьнан йозалла ю 11 тонн.

ХIинца Оьрсийчурча Iедалша сацам бина иза культуран тIахьенан объект ю, аьлла.

Дзержинскина хIоллам кхоьллина, аьлла, 1959-чу шарахь Вучетич Евгенийна цIе тиллира Советан Союзан халкъан суьрташдахкархо, аьлла. 1967-чу шарахь цуьнах вира Социализман Къинхьегаман турпалхо. 1978-чу шарахьиза валале цунна пхиозза елира Сталинан цIарах йолу преми. Ткъа 1970 Вучетичана елира Ленинан цIарах йолу преми.

«Интерфакс» агенталло, Москох мэрерачу хьостана тIе а тоьвжуш, бинчу хаамца 2012-чу шарахь кхин а масийтта историн културан объект юхаметтахIоттон проекташ кечйийра йолуш ю. Царан юкъахь ю Нерода Юрис 1972-чу шарахь кхоьллина йолу «Хьалхара комсомольцаш» цIе йолу хIоллам а, 1943-чу шарахь кхоьллина «Толаман триумф» олу архитектурин ансабл а, иштта дIа кхин а.

Ша ерриг а то а йина, цIан а йина дIахIоттор йолуш ю 8 объект. Цу белхашна дойур долуш ду 3 миллион сом.

ХIолламашна а, стеллашна а, чурташна а кхин йолчу историн културан объекташна рестовраци яр оьшуш хIума ду. Амма бIаьннаш эзарнаш адамаш дайина болчу нахана хIолламаш кхоллар а, уьш латтор а, баш тIаьхьало йолуш дацахь а, шен цхьа маьIна долуш хIума ду, аьлла, хета политикан говзанчашна. Царах ву Къилбаседа Кавказан проблемашкахула йолчу центран куьйгалхо Кутаев Руслан.

Кутаев Руслан: Мел чIогIа цара цунна реставраци йича а, дIакхоьссина, кхаьллина юкъахь Iиллина схьаэцна йолу идея мах болуш яц. Чоьхьара консолидаци олу хIума дан гIерташ лелош ду иза. Цхьа шо, ши шо хан ялале Путинан дарж дита дезар ду, аьлла, хета суна.

ХIунда аьлча, цунна дуьхьала боьвллачу наха болийна инзаре боккха болх а бу, инзаре деш хIума а ду. Уьш совцур бу, аьлла, а ца хета суна. Мехкадаьттан мах охьабаьккхича нисса эха шарахь пенсиш а, пособиш а дIа ца луш дисча, Дзержинский а веза, Ермолов а веза шайна, бохуш берш, Путин дIаваккха, аьлла, ара боьвр бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG