ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Reuters: Шемарчу Идлибехь Оьрсийчоьнан кеманашца тохарш дина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дечкен-беттан 2-чу дийнахь Оьрсийчоьнан авиацино тохарш дина Шемарчу Идлиб гIалин гонахехь. Reuters агенталло бина цунах лаьцна хаам герзашца йолчу оппозицин гонерчу хьасташна тIетевжина. Церан зерашца, кеманаша бомбанаш кхийсина нах бехачу масех меттигашкахь а, хи доккхучу станцина а. Идлибехь хи сецна.

Reuters агенталло яздарца, Идлибера малхбузерчу, ханна тоьхначу каппашкахь а зенаш хилла. Зуда а, ши бер а дийна, боху цигахь. Агенталло тергам бина, Лахьан-баттера схьа дуьйна Шемахь кеманца тохарш дина цахиларх.

Оцу информацина официалехь дина тоьшалла дац. Хьалхо президентана Асад Башарна муьтIахь йолчу Шеман армино хаамбира, джихIадхой хьулбеллачу меттигашкахь бен тохарш деш дац аьлла.

Оьрсийчоьнан буьйранчаша иштта хаийтира, снайперан тохарца Идлибан кIоштахь цхьана тIемалочунна чов ярх. ЧIагIдарца, салтичунна герз тоьхна исламисташа.

Шеман SANA агенталло хаамбира оршотан дийнахь шайн хьасташна тIетевжина, Оьрсийчохь а, кхечу мехкашкахь а йихкинчу террорхойн "Исламан пачхьалкх" тобано армин коврана динчу тIелатарх. Зорбанан гIирсийн хаамашца, вийна пхи салти, 20 чевнаш йира. Инцидент нисъеллера Шеман малхбалерчу мехкадаьттан станцина 50 чакхарма дехьа йолчу гIум-арехь.

Шемахь бахархошна юкъахь хилла вовшахтасадалар Асада Башаран ражна дуьхьал гIовттар хилира 2011-чу шеран бIаьста. ТIаьхьо конфликта юкъа озийра регионера коьрта пачхьалкхаш, дуьненаюкъара организацеш, тIеман, политикан тобанаш, дуьненан юкъаралла. Оцу тIамехь велла 400 эзар гергга стаг миллионашкахь мухIажарш бевлла.

Конфликтан агIонашна тIеман гIо латтадо кхечу пачхьалкхаша. Доккхачу декъанна, Оьрсийчоьно а, ГIажарийчоьно а. Шемарчу оппозицина гIо кхачадо малхбузерчу мехкаша, Туркойчоьно а, Персидан аймин пачхьалкхаша а.

Оьрсийчоь масийттазза бехкейира Шемарчу бахархойн объекташна тIе тохарш дарна. Амма Москвано тIе ца дуьту и бехкаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG