ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Резабоцчуьра берта баллолц: оьрсийн зорбанашкахь муха хийцалора "кадоровхойх" ойла


Соьлжа-ГIала, Нохчийчоьнан куьйгалхочун резиденцин майданехь эскархойн, тIеман техникан а гайтар

Оьрсийчоьно Украинехь бечу тIеман коьрта билгало хилла дIахIиттира шайх кадыровхойн тобанаш олурш. Хьалха иштта цIе йоккхура Нохчийчуьрчу рогIерчу ницкъахойх, уьш формалехь Росгвардин чоьтехь хуьлу, амма баккъала долчу хьолехь республикан урхалхочун Кадыров Рамзанан куьйгкIелахь бен ца хуьлу. Амма хIинца шайн лаамехь болчу йолахойн кепехь Гуьмсехь кечам а бой, тIаме боьлхучу кхечу регионашкара бахархойх олу кадыровхой.

"Кадыровхой" дош официалера дац – иза леладора Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьешарх лаьцна дуьйцуш йолчу оьрсийн оппозицин зорбанаша. Шортта шерашкахь тапъаьлла Iийча пачхьалкхан зорбанашка юхайирзина и термин – цхьайолчу зорбанаша яздо кадыровхойх лаьцна "Украинера вуно майра тIеман тобанех санна".

2000-чу шарахь дуьйна коьртачу оьрсийн пачхьалкхан зорбанаша арахецначунна таллам бина Кавказ.Реалиино, билгалдаьккхина, 20 шарчохь муха хийцаелла "кадыровхой" даше йолу ойла, цуьнан маьIна хийца муха гIертара Iедалхой, оцу бахьанца журналисташца кхеле вала стенна гIертара Кадыров Рамзан.

Википедин оьрсийн сегментехь кадыровх лаьцна артикл цхьана могIах лаьтташ ю – цигахь яздо, кадыровхой "ала тарло Росгвадин а, Оьрсийчоьнан МВД-н а Нохчийн Республикехь куп тоьхначу тобанех". Масала, юьйцург ю Кадыров Ахмадан цIарах йолу 141-гIа леррина полк, "Ахмат-Грозный" ОМОН, СОБР "Ахмат", полицин лерина полк, "Юг" батальон а.

Делахь а, ингалсан маттахь йолчу артиклехь билгалдоккху, кадыровхой республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан куьйгкIелахь хилар, формалехь бен Росгвардин чоьте дIабазбина ца хилар а. Артиклана юкъадогIуш дакъош ду: "Истори", "Критика", "ГIарбевлла хиламаш", "Дуьненаюкъара гIуллакхаш". Масала, цигахь яздо, кадыровхой бохург хилам санна гучуделира 1994-чу шарахь, иштта цIе лелайора къобалъянзачу Ичкерин Кадыров Ахьмада куьйгалла деш хиллачу дуьхьалонан ницкъаша. 1999-гIа шо дIадаьлча кадыровхой оьрсийн агIоне дехьабевлира, тIаккха 2003-чу шарахь Кадыров-воккханиг Нохчийчоьнан президент хоьттича цуьнан долара хадархой хилира царах, "меттигерчу милицин официалехь доцу дакъа" санна. Оцу шерашкахь кадыровхойн терахь 3 эзар тIера 7 эзар стаге кхачалц дистира.

Кхелехь а доцуш нах байъарца, адамийн бакъонаш хьешарца, коррупци лелорца, нах лечкъорца доьзна хаамаш даладо артиклехь.

Кавказ.Реалиино теллина яккхийрачу оьрсийн зорбанаша арахоьцург: Первый канал, "Россия 1", "Российская газета", "РИА Новости", "Известия", ТАСС, "Интерфакс" а. Федералан каналаша "кадыровхой" дош хьахош ца хиллехь, амма зорбанан гIирсаша жигара леладора и дош, уггар чIогIа – "Российская газетехь".

2004-чу шарера 2005-чу шаре кхачалц зорбанехь яздора федералан ницкъаша йозуш йоцчу республикан агIончашца къийсам латторах лаьцна – масала, билгалдоккхура, Оьрсийчоьнан агIо лацарна тIемалоша муха чIир йоькъура кадыровхошна. Гуттара дуьйцура церан лакхара корматалла ю бохуш – масала, цхьайолчу текстехь царах "аьрзунаш" а олура. Амма оцу хенахь кадыровхойн жоьпалле дуьллура, гIалгIайн низамлардархойн 2006-чу шарахь Несарахь хилла тIемалойн тIелатар юхатоха аьтто ца балар, цигахь вийра 98 стаг. Зорбано бахарехь, цуьнан бахьана ду, кадыровхойн къаьсттина статус хилар – уьш "кехаташ гойтуш шайна хало ца еш болу тIеман барзакъ доьхна нах бу" боху.

2005-чу шарахь нах лечкъорца дуьххьара буьйзира кадыровхой "Российская газето" – низам лардаран органашна тIе а товжуш, зорбано дIахьедира, къобалъянзачу Ичкерин хьалхарчу президентан Масхадов Асланан гергарнах цIабахкарх лаьцна. Оцу хьолаца боьзна кадыровхой бу аьлла верси йийцира журналисташа: "карахь автоматаш а йолуш, нохчийн мотт буьйцуш". Йа оьрсийн, йа нохчийн Iедалхоша цунна официалехь комментари ца йира.

Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а, Соьлжа-ГIала, 2005-гIа шо
Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а, Соьлжа-ГIала, 2005-гIа шо

Цул а масех бутт хьалха РИА Новости агенталло цитата йира Нохчийчоьнан пачхьалкхан кхеташонан куьйгалхочунна Джабраилов ТIаусна, цо бохура, дайначу пхеа шарахь республикехь 1800 гергга стаг тIепаза вайна. ТIаккха цо дIахьедира: "Федералан ницкъаша, йа "кадыровхоша" иза леладо бохург, - иза бакъ дац".

Нохчийчуьрчу историко Л.Муслима бахарехь, "кадыровхой" терминах лаьцна дуьххьара республикехь хиира 2001-чу шеран юьххьехь, амма оцу хенахь цуьнан негативе маьIна дацара.

Iилма а доцуш, юьртарчу кIантана Кадыров Рамзанна Кремлехь тIе тидам бахийтира иза инзаре къиза хиларна

"Оьрсех теша а тешна, амнистина кIел а нисвелла, къийсам а сацийна, оьрсийн агIоне дехьабевллачу нехан хьокъехь леладора и дош. 2003-чу шеран юьххьехь, къаьсттина 2004-чу шарахь, негативе ойла кхоллало – тIаакха оцу дешан кхераме амат хуьлу - тахана цуьнан долу маьIна. Кадыровхой – уьш тIелетарш, зачисткаш, ницкъбар, гергарнаш лечкъор, кхерамаш тийсар ду. ТIеман ницкъ аьлча а, маьршачу наханна тIехь Iазап латтош болу нах. Дуьхьалонна зен деш болу мостагIий хетара уьш, аренашкахь, лаьмнашкахь, хьаннашкахь", - дийцина къамелдечо.

Венерчу "Ичкерия" культуран центран куьйгалхочун, Нохчийчохь тIом болчу юкъанна къобалъянзачу Ичкерин президентан Масхадов Асланан адъютант хилла волчу Исханов Хьусайно бахарехь, кадыровхойн республикехь дикачу агIор цIе йоккхуш хан хилла а яц.

"Iилма а доцуш, юьртарчу кIантана Кадыров Рамзанна Кремлехь тIе тидам бахийтира иза инзаре къиза хиларна. Цо а, цуьнан куьйгкIеларчара а шайн муьтIахь хилар гайтина, реза мел-воцург лечкъош, кхерамаш туьйсуш. Рамзанна тIера доладелла дац дерриг – амма цуьнан ден цIарца ду. Цундела цуьнан гергарчара а, юххерчу наха а мидал, йа ахча шайн даларе сатуьйсуш мохь бетта: "Ахмат – сила". Амма уьш чIогIа кIезга бу, республикехь [кадыровхой] бIаьргбан ца беза", - аьлла цо.

Керлачу цIарх цIанвала гIертар

Доларчу эскарша зуламаш лелийна хиларх а, церан къаьсттина долчу хьолах а лаьцна хаамаш кхочучу юкъанна Кадыров Рамзана 2005-чу шарахь дIахьедира, ша журналисташца кхеле вала дагахь ву, цара "кадыровхой" дош лелорна. "Российская газетано ма-яздара, республикан куьйгалхо реза вацара, зорбанаша милицин лерринчу полках "цхьа ша-шех йолу тобах" санна дийцарна.

Шо даьлча, 2006-чу шеран охан-баттахь Кадыровс официалехь дIасахийцира шен кхерамазаллин сервис, цунах лаьцна яздора "РИА Новости" агенталло. ТIаккха Кадыровс таIзар дарца кхерамаш журналисташна ца тийсира, шех кадыровхо мел-олучунна тийсира.

И хьукматаш хIинца яц, шайх "кадыровхой" олучара шаьш шайна тиллина и цIе

"И хьукматаш хIинца яц, шайх "кадыровхой" олучара шаьш-шайна тиллина и цIе, царна таIзар дан деза низамца а догIуш", - аьлла Кадыровс.

Цо тIетуьйхира, шен хадархойх шиъ батальон кхоьллина: "Север", "Юг", дийцарехь, церан буьйранчаш цхьанне агIор Кадыровца боьзна бац. "Юг-н" буьйранча Ильясов Муслим хIоьттира, шо даьлча дIаваьккхира иза, официалехь доцучу хаамашца, Кадыровца дов даларна дIаваьккхина, амма кехаташ тIехь – могушалла ледара хиларна. "Север" батальонан куьйгалле хIоьттира Кадыровн юххера накъост Делимханов Алибек.

"Кадыровхой" бохучу цIарх Кадыров Рамзан мел-цIанвала гIертахь а, хаамийн а, юридикан майданашкахь, ур-атталла пачхьалкхан хаамийн гIирсаша а лелош дара и дош. Масала, "Российская газетехь" 2006-чу шеран гIадужу-баттахь колонка арахийцира, "Новая газетан" журналист Политковская Анна йийнарш кадыровхой хила мега боху версих лаьцна (иза цара дина хилар бакъ ца дора текстехь). Хетарехь, цундела 2007-чу шарахь Кадыров Рамзана сацийра шен къийсам, тIаккха "кадыровхой" бохучу дашна цо ша далийра маьIна.

"Кадыровхой – уьш Нохчийн Республикан президентан харжамаш доьлхучу хенахь сан дена кхаж тесссина нах бу. Иза Нохчийн Республикан къам ду, тIаккха сан ларам бу сан къоме", - аьлла цо.

"Кадырохойн" тобанан куьйгалхо"

2009-чу шарахь Нохчийчохь официалехь контртерроран раж дIаяьккхинчул тIаьхьа, оьрсийн пачхьалкхан зорбанаша ца буьйцура кадыровхой тIемалошна дуьхьал герзашца долчу тийсдаларшкахь дакъа лоцуш бу бохуш. Дукхачу хьолехь оцу тайпа хаамаш республикехь кхоьллинчу берин "Юные кадыровцы" бохучу цхьанакхетараллица доьзна хуьлура. Иштта олура и дош ГIалгIайчоьнан низам лардаран органашца юкъаметтиг лелорца, йа гуш-хезаш бехказвуьйлуьйтучу практикех лаьцна дуьйцуш. Оцу хенахь хьехориг вара ММА-н латархо Кулицкий Артур, цо Кадыровга къинтIеравалар дийхира, цуьнан агIончех "ахчана дуьхьа хIуъа дан кийча болу кадыровхой-зуламхой" аларна, цунах лаьцна яздо РИА Новости агенталло.

2019-чу шарахь и термин тIаьххьаре а низаме яьккхира Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира. РогIерчу пресс-кхеташонехь цо дийцира, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Оьрсийчоьнан Турпалхочун чин даларх.

"Соьга ФСБ-н директоро дийцира цхьайолу тIемалойн тоба хIаллакйарх лаьцна. Аса боху: "Хьайн кIенташна пачхьалкхан совгIаташ ло". Цо боху: "Оха ца дина иза". Аса элира: "Хьан дина?" – "Кадыровхоша а, цо ша а". Аса боху: "Аса цунна магийна ма дацара". Амма иза сецалуш вац, даьндаргашна кIел гIерта. Цундела Оьрсийчоьнан Турпалхочун чин а луш ишттнехьа куьйгаш ца яздо ас", - аьлла Путинан дешнаш даладо "Российская газентано" стенограммехь.

Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а, 2019-гIа шо
Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а, 2019-гIа шо

2020-чу шеран гIуран-баттахь Америко санкцеш кхайкхийра Кадыров Рамзанна а, цуьнца боьзна болчу ницкъахошна а дуьхьал, официалерчу кехатехь цунах "Кадыровхойн тобанан куьйгалхо" олу. Америкхойн Iедалхошна уьш оьрсийн оппозицин политик Немцов Борис верца а, республикерчу ЛГБТ-юкъараллина тIаьхьбоьвлла леларца а боьзна хета. Оьрсийн пачхьалкхан зорбанаша хийцамаш а боцуш цитаташ йора оцу кехатна.

"Кадыровхой" бохучу терминца Кадыров Рамзан къийсам латто гIерташ хиллехь, оцу тайпа цIарца реза воцучух тер ду иза. Амма иза дан хIума а доцуш виссинера, тIаккха оцу дашах вуьйлира иза, юха шовкъе велира. Телефонаш яьржича гайтаме кхерам тоссуш имидж яьржина яра – цунах Кадыровн а, цуьнан агIончийн а дозалла хилира", - аьлла хета Исхановна.

ТIеман хенара кадыровхой

Украинера тIом болабелча "кадыровхой" термин юха а лела юьйлира Оьрсийчохьнан Iедалехьа йолчу зорбанашкахь – иштта билгалбоху тIом беш болу нохчий, йа Нохчийн республикера лаамхой. Амма оцу дешан маьIна хийцало. Масала "Российская газетехь" кадыровхойх "нах кIелхьарабаьхначех", Украинерчу маьршачу нехан кхерамазалла ларйиначех санна яздо, иштта оьрсийн Iедална муьтIахь йолу тIеман тобанаш санна юьйцу.

Билгалдаккха деза, пачхьалкхан "Грозный" каналехь, йа тIом болабелча вуно яьржина йолчу Кадыровн телеграмерчу каналехь "кадыровхой" хьаха а ца бо.

Иштта ладаме ду, оцу термине йолу ойла цхьэшшар цахилар. Цхьана агIор, нохчийн куьйгалхочуьнца боьзначу эскархоша лелийна къизаллех лаьцна дуьйцу. Цхьаболу кадыровхой СБУ-но шеконе лаьцна маьрша нах байъарна. Вукху агIор, тешаш а, эксперташа а дуьйцура, кадыровхой тIеман тийсдаларш доьлхучу меттигашкахь бац бохуш – дийцарехь, уьш заградотрядаш санна, иштта социалан машанашка видеош а йохуш лелаш бу, цундела царна "тикток-эскарш" аьлла цIе тиллина. Масала, зазадоккху-баттахь Кадыровс 30-за гергга дIахьедира, хIинц-хIинц Мариуполь схьайоккху, бохуш, иштта иттанаш видеош арахийцира цигахь тIом беш болчу эскархошца. Царна тIехь хьажийна а доцуш герзаш кхуьйсу, йа Нохчийчоьнан куьйгалхочун сурт тIехь долу байракхаш лестайо.

Оцу хьолехь тамашена ду Iедалхой а, зорбанаш а "кадыровхой" бохучун маьIна "хийца" гIерташ хьийза бохург, аьлла хета возуш воцчу антропологна, фольклористна, филологин Iилманан кандидатна Архипова Александрана. Амма эксперт реза ю оцу дешан семантика негативе хиларца.

Историк Муслим реза вац карарчу хенахь кадыровхой нах кIелхьара баьхнарш санн гайта гIерта бохучунна.

Бусулба динан темана тIе тидам бохуьйту цара, шаьш консервативан, шира ламасташ лардийраш санна гайта гIерта

"Цхьа сирлачу идейн, нохчийн къоман интересийн агIончаш шаьш болуш санна гайта гIерташ бу уьш. Бусулбачу динан темана тIе тидам бохуьйту цара, шаьш консервативан, шира ламасташ лардийраш санна гайта гIерта. Амма массарна а дагайогIу 2000-чу шерашкара эвхьазалла, оцу хенахь лелийнарг а: тIаьххьара шераш кхачалц къаьркъа меларш, сакъерарш", - боху спикеро.

"Нохчашна кадыровхой дегаза хетар" Iедалхошка цхьанне агIор хийцалур дац, аьлла ша тешна хилар хаийтира Нохчийчуьрчу бакъоларъярхочо Р. Хьамзата Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь.

"Кадыровхой" боху термин Нохчийчуьрчу бахархоша юзу ницкъбарца, низамаш хедорца – иза КадыровгIеран тайпо леладора Москвано пурба а луш, дуьхьалончаш хIаллак а беш, шайн Iедал дIахIотточу хенахь. Оцу терминан билггал негативе маьIна ду, хIунда аьлча, дерриг шерашкахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо адамалла йоцуш, маьIна дайна хеталуш йолу репрессеш а, къизаллаш а лелош лардо, чIагIдо шен Iедал. Амма цхьа логика кхузахь ю: бIешерашкахь нохчийн къомехь кхолладелла ламасташ хIаллакдан а, шен хеттачу кепара кхолларна дуьхьа лелош ю и адамалла йоцу къизалла. ХIинццалц цхьанна адамана, йа тайпана аьтто баьлла бацара иза дан", - аьлла цо.

Амма Исханов Хьусайнна хетарехь, "кадыровхой" боху термин Украинера тIом боьдучу юкъанна юха лело дуьйладалар Кремлана оьшуш хила мега, оьрсийн эскархоша лелочунна тIера тидам дIаайбан.

"Нохчашна а, буряташна а тIехьа дIалачкъо гIерта централан куьйгалла оьрсийн эскарша лелийнарг, президентана тIера тидам дIаберзо. Царах лаьцна дукха мел дуьйцу, Путинах лаьцна кIезга дуьйцу, кхин хIумма а дага ца догIу царна. Коьртачу зуламхочунна тIера тидам дIаайбаран пиар ю иза", - чIагIдо Исхановс.

  • Украинерчу тIамехь йийсаре мел кхочуш волчу оьрсийн салтешлахь оьрсийн агIоно дуьххьара хийцабо шайх кадыровхой олурш – уьш бу Нохчийчохь вовшахтоьхначу тIеман тобанашкара рогIера ницкъахой, доккхачу декъанна нохчий. Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь украинхойн блогеро Золкин Владимира ма-дийццара, иза доьзна хила тарло йийсаре эцна кадыровхо – Кадыровн имиджна а, цунна шена а тохар хиларца.
  • Украинхойн Iедалхоша а, дуьненаюкъарчу хьукматаша а дIахьедо, оьрсийн эскархоша пачхьалкхан малхбалерчу латтанашна оккупаци еш тIеман тийсдаларш доьлхучу юкъанна шортта тIеман зуламаш дарх лаьцна. Инзаречех дара Бучехь, Ирпенехь дина резонансе нах байъарш, цигахь байъинчу нехан терахь эзарнашкахь ду. Иштта зуламаш дарна декъехь хилла шайх кадыровхой олурш а – Нохчийчохь куп тоьхна йолу Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу МВД-н а, Росгвардин а эскархойх лаьтта тобанаш. Украинхойн экспертийн "Сова" тобанан куьйгалхочо, политикан Iилманийн докторо Савва Михаила Кавказ.Реалиига дийцина, муьлха зуламаш кехаташкахь дIаяздан аьтто баьлла, муха лелла кадыровхой, меттигерчу бахархоша дийцарехь, Киеван кIоштана цхьана ханна оккупацин йинчу хенахь.
  • ТIаьххьарчу зерашца Кавказ.Реалиина евза Украинехь байъинчу Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а бахархойн 1144 цIе. Царах 127 Нохчийчуьра вахархо ву. Диллинчу хьасташкара схьацна бу и хаамаш, эшамийн бакъдолу терахь хьулдан гIерта Iедалхой. Масала, Нохчийчохь ах шарахь 11 стеган кхалхар бен тIе ца лаьцна.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG