ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Байсултанов Расулан карах италхо валар: муха го хилларг иза вехачу Страсбурбехь?


 Байсултанов Расул
Байсултанов Расул

10 де хьалха Францехь вехачу 24 шо долчу нохчочо Байсултанов Расула Испанехь дов даьлла хиллачу латарехь италхо вийна. ХIинца цунна дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх ду. И жима стаг полицино дIалаьцна набатехь валлош ву хилларг билггал къаста а дина, кхело цхьа сацам баллалц аьлла.

Теркйистера болчу БайсултановгIеран доьзале и бохам беънера оцу кIентан да а нана а Нохчийчу хьажахIотта цIадеанчу хенахь. Шен шина доттагIчуьнца Испани садаIа вахана хилла Расул.

Ала догIу, иза Францехь а, цуьнан дозаналла арахьв а бехачу нохчашна вевза "Ван Дамм" цIарца, спортехь кхиамаш болун дела. Вуьштта, цо цIахь лелош йолу цIе Рамзан ю. Цуьнан нанас Байсултанов Лайлас иштта дийцира шен кIантаца хиллачух лаьцна.

Байсултанова: «Наха дуьйцург наха дуьйцу, соьга сайн кIант аьлларг довзийта лаьа суна. Дискотехь хилла иза шен шина накъостаца. Шеца волчун белшах белш туьйхира оцу веллачо цкъа а, шозза. Ша элира боху шеца болчарга, вай Iад Iийр ду, вайх латахь а, я вай дIалатахь а, вай эшалур долуш цхьа а вац кхузахь аьлла.

ТIаккха ша шен куьйгашца дIатеттира боху оцу кIанта. ТIаккха моха еъана туьйхира ша боху цо. Цу сурта тIехь гуш тоьхна мийра боцург кхин хIума ша цунна тоьхна а яц. Цуьнах иза веллехь иза чIогIа декъаза кIант хилла, бохура цо».

Байсултанов Расулах испанхойн прессо воккха зуламхо вина. Цхьадолчу газеташкахь зорбане евлла артикалш, хиллачух шайна хетарг а довзуьйтуш. Цхьаболчарна оцу кIантан лата хууш хиларо иза тIемалойн могIаршкахь Iаьмма хила шеко кхуллу, аьлла яздина. ХIетте а, Расулан нана Лайлаъ теша кхело нийсонца сацам бийриг хиларх.

Байсултанова: «Адвокат лаьцна оха. Цо 15 эзар еврох гIодийр ду ша боху. Иза цунна дIадала яха езаш ю со. Ткъа хIун далур ду хьоьга цунна аьлла хаьттича, цо ца олу.

Кхузахь олуш ма даций, ас иза ахча делча, аравоккхур ву, хан кIезиг тохуьйтур ю. Амма хьалха Делий, цул тIаьхьа и адвокаттий. Царах теша-кх тхо иза цу балех хьалхавоккхург хиларна».

Байсултанов Расулах дика дош ала дуккха а нах бу. Иза дукха хенахь дуьйна спортехула вевзаш йолу оьрсийн къомах Регина цIе йолчу йоIа бахарехь, цуьнан кIеда а, машаре а амалца догIуш дац хилларг.

Регина: «Суна чIогIа дика вевза "Ван Дамм". Иза чIогIа дика адам ду, муьлхачу хенахь хьуна гIо дийр долуш ву иза. Цунна чIогIа лаара спортехь тренер хила. Суна девзачу адамех иза уггаре диканиг ву. Суна чIогIа халахета и бохам цуьнца хилла. Теша лаьа иза кесталгIа цигара араверг хиларна. Цуьнца хила хьакъ долуш хIума дац и хилларг».

Хилларг шайн а, оцу веллачу италхочун доьзална а боккха бохам белахь а, Байсултанов Расулан нанас нийсонца кхел яре сатуьйсу.

Байсултанов: «Кхузахь иза нисделла Дела нийсо хир ю аьлла хета суна. Суна хийла хезна цIахь иштта гIуллакхаш наха дерзорах лаьцна. Шоьтан а, кIиран а шина дийнахь цунна тIеваха йиш ю. ХIора дийнахь 300 евро кхаччалц ахча дала йиш ю. Гур вац аьлла а, гойтур вац аьлла а хIума дац цигахь. Муьлхха а цунна тIекхача йиш йолуш ву. ТIедогIучу шоьтадийнахь а гIур ю со цига».

Дискотекехь латарехь ларамаза стаг вийначу Байсултанов Расулан хIун хан кхайкхор ю ца хаьа цхьанна а. Иза хадор ю кхело. Дукха хан йоцуш Оьрсийчохь Хабаровск-гIалахь иштта цхьана кафехь дов даьлла, ара а ваьлла, ши спортхо летта, цхьаммо вукхунна тоьхна, ткъа важа велла.

И гIуллакх хIинца политикан тIегIане даларна кхерам бу, хIунда аьлча велларг оьрсий ву, тоьхнарг азербайджанхо ву. Иштта чолхечу хьолехь ву гIебартхо волу Черкесов Аслан а.

Цо Москох ша вен тIелеттачарна дуьхьало еш тапчо тоьхна скинхед Свиридов Егор вийна аьлла, 20 шо хан а тоьхна, чувоьллина ву. Набахтехь къиза ша хьийзош ву аьлла арз дина цо дукха хан йоцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG