ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"РогIера милла а хила йиш йу". Нохчийчуьрчу вахархочунна терроризмана тIехула шозза кхел йеш йу


Висаев Апти ву кхелехь
Висаев Апти ву кхелехь

Хабаровскерчу тIеман кхело толлуш ду 38 шо долчу Нохчийчуьрчу вахархочун Висаев Аптин гIуллакх. Терроралла лелорна аьлла бехкевина 14,5 шо чохь даьккхина волчу нохчочунна хIинца Норильскехь 2021 шеран стигалкъекъа-беттан 9-хь эккхийтар дина аьлла бехкаш дехкина. 1,5 шо ду кхел йоьдуш – оцу хеначохь цхьа теш къера хилла, шега нуьцкъаха харц тоьшаллаш дайтина Iедалхоша аьлла, тIаккха адвоката масийттаза дIахьедира, и гIуллакх бен-башха доцуш, харц бух тIехь долийна хиларх. Амма Норильскера нохчийн диаспора шайн махкахочунна тIехIитта ца сиха ца ло: рогIера кхел царах муьлххачунна а йан мега.

2021 шарахь лецира Висаев Апти шен зудчунца, пхеа бераца Пятигорскехь – набахтера араваьккхина 1,5 шо даьлча хилира иза. Талламан версица, Оьрсийчохь магийна йоцучу "Имарат Кавказан" агIонча волуш, радикалан бусулба дин лелош хилла. Прокуратуро чIагIдарехь, цо шен вевза стаг тешийна хиллера Норильскерчу Турпалхойн Майданахь 2021 шеран стигалкъекъа-беттан 9-хь эккха веза аьлла.

Бехктакхаман гIуллакехь бахарехь, инстаграмерчу а, телеграмерчу а къамелехь йеш хилла цо цунна вербовка – бехкевечо вукхунга "джихIад" даккха дезарх, куьйге йина оьккхуьйтучух, уьш йан оьшу гIирс шен ларми чохь бу бохуш дийцина хилла, боху талламо. Оперхоша теллина и меттиг: протоколаца а догIуш, цигахь герзаш, оьккхуьйтурш, патармаш дIадехкина меттиг карийна, тIаккха ванни чохь – магийна йоцучу хIуманашца тIоьрмиг.

Талламан версица, Висаевс вербовка йина бохуш волу стаг гIуллакхехь цIарца вуьйцуш вац – Азад Беккаримов цIарца къайлаха теш санна дакъа лоцуш ву иза. Ницкъахоша дIахьедира, Беккаримов ша веанера ФСБ-н декъе оцу вербовкех лаьцна дийца, шайн хилла къамел гайта а. Висаевна дуьхьал дехкина бехкаш оцу бух тIехь лаьтташ ду – амма цо ша бехкаш тIе ца лоцу, талламо ша дина боху къамел харц хиларх дIахьедина цо.

Висаевн зудчо Мутаева Аишас дийцина Кавказ.Реалиин сайте, оцу кепара къамел церан хилла а дац аьлла. Къайлаха ву бохучу тешан цIе йовза аьтто хилла – иза ву Тыва мехкан вахархо, Висаевна иза вевзаш вацара. Цо дийцира, маьршаваьлча шен хIусамда низам лардаран органийн контролехь вара, сих-сиха цига воьдура иза, ша цанхьа дIавахана цахилар гойтуш. Пятигорскехь а иштта шена билгалдаьхначу деношкахь полицехь гучувала везаш вара иза. Висаев лецира, меттигерчу полисхочо телефон а тоьхна, рогIера цига гучувала иза вахча. Мутаева а йара цуьнца.

"Массо агIора тIелийтира тхуна. Куьйгаш тIехьа дохкуш, видео тIе дIадаздеш. Мохь беттара: "Мичхьа йу телефон?" – дагадоуьйту бехкевечун хIусамнанас.

Кхайкхина боцу хьеший

Мутаевас бахарехь, шайн доьзал Пятигорскехь болчу хенахь ФСБ-н белхахой Норильскерчу шайн петар чу боьвллера. Висаевн доттагIчуьнгара Газарчиев ИбрахIимера догIанаш а даьхна, бехкевечун петар теллина хиллера цара, тIаккха цу чохь тоьпан молха (порох) карийна шайна, бохура ницкъахоша. Мутаевица хиллачу къамелехь Газарчиевс дийцира, шегара нуьцкъаха даьхнера догIанаш схьа, амма официалехь цунах дIахьедан ца хIоьттира иза.

"Шен доьзална цхьаъ хиларна кхоьру ша, бохура цо. Цундела талламе харц тоьшаллаш дира цо", – дуьйцу бехкевечун хIусамнанас.

Со паргIат витийша, сан доьзал бу, бакъонаш йу, АллахIана хьалха ас жоп лур ду

Шега хеттарш дича, Висаевн доттагIчо аьлла хиллера талламхочуьнга, догIанаш шегара схьа ца даьхнера – уьш цуьнан хIумехь Iоьхкура, йа дайъина ша бохура. Газарчиевца хиллачу къамелан аудио Мутаевас талламхошка дIайелча, и дешнаш "Мутаевина хаза луу дешнаш ду" элира цо.

Висаевн зудчуьца дуьхь-дуьхьал хIоьттина къамелдан реза ца хилира теш, тIаккха Оьрсийчуьра Туркойчу дIавахара. ТIаьххьаре а нохчийн политологца Кутаев Русланаца хиллачу къамелехь Газарчиев къера хилира, шена лерринчу сервисаша Iаткъам бина хиларх, амма Кавказ.Реалиин редакцица и дийца дуьхьал хилира иза.

"Со паргIат витийша, сан доьзал бу, бакъонаш йу, АллахIана хьалха ас жоп лур ду. Висаев чувоьллинчаьрца латто беза къийсам, адвоката шен болх бан беза. Оцу методаша гIо до моьтту шуна оцу системина дуьхьал? Ца до", – элира цо.

Газарчиевн дешнашца йолчу аудио гIуллакхна йукъаийцира. Адвокаташа дехарш динехь а, кхелан аьтто бацара цуьнга хеттарш дан, хIунда аьлча, иза дозанал арахьа ву, дийцина Мутаевас.

Висаев Апти, Висаева Iайша
Висаев Апти, Висаева Iайша

"Ледара фальсификаци"

Къайлахчу тешца дина бохучу къамелехь баккъала Висаевн озаца болу хаамаш бу йукъаIиттина, боху Мутаевас. Амма уьш цо кхечу хиламех лаьцна дина къамел ду – и хилале хьалха доьзална тIеIоттабеллачу некъахьовзамах лаьцна. Висаевн гергарнаш тешна бу, и харц тоьшаллаш кечдечу хенахь, уьш баккъала а ду моттийта, талламхоша йукъаIиттина ду цуьнан къамелаш.

"Цуьнан телефон тIера цуьнан озан хаамаш шайна деьхьакхийсина цара. ДжихIадах лаьцначу къамелехь догIуш а дац уьш", – билгалдаьккхина Мутаевас.

Шен цIийндега шайца йукъаметтиг лелор хьехна хиллера ницкъахоша, дийцина Мутаевас. Къайлаха волчу теш осанна тоьшаллаш дан йиш йолчу нехан тептар гайтина хиллера цуьнга, шен гIуллакхехула тоха йиш йолу хан лахйархьама. Цо бахарехь, Висаев реза ца хилира.

Тамашена хир ду, оцу гIурта тIехула долийначу гIуллакхехула иза бехкевахь

Къайлахчу тешаца къамел Висаевс дина цахилар билгалдаккха хала дац, боху адвоката, бакъоларйархочо Охотин Сергейс. Автороведческан экспертиза йан йеза и хаа лаахь, тидам бо цо. Амма талламо, кхело пхоьазза дуьхьало йина оцу кепара экспертиза йайта.

"Оцу экспертизан жамIаша шайна бехкевеш сацам бан новкъарло йийрг хиларна, уьш дуьхьал хилла цунна", – тешна ву адвокат.

Цунна хетарехь, Висаевн бехктакхаман гIуллакх "ледара" фальсификаци йина ду. Талламна хетарехь, кхечу нехан цIарца сим-карта эцна цо, цу тIе социалан машанашкахь аккаунташ кхоьллина, къайлахчу тешца къамелаш дина хиллера. Амма, адвоката бахарехь, Висаевс шен цIе а йазйина, шен сурт а хIоттийна, "ша цхьанна а ца вовзийта".

"Тамашена хир ду, оцу гIурта тIехула долийначу гIуллакхехула иза бехкевахь", – боху Охотина.

Кхелийн гонаш

Висаев сел чIогIа дIалацарца ФСБ-н белхахой кеп хIотто гIерташ хилла, шаьш цхьа вуно кхераме зуламхо лоцуш санна, дийцина Кавказ.Реалиин сайтаца хиллачу къамелехь Норильскерчу нохчийн диаспоран куьйгалхочо Дашкиев Сайдис.

"Шен хIусамненаца лаьтта охьадиллинера и шиъ. Кема, цу чу вуьгу лами, мIаьжгаш йоьхкина ФСБ-н белхахой – цигахь гIовгIа йоккху гранаташ тIе ца тоьура. Иза стенна лелош ду, стаг шега ма-аллара полице схьавеана хилча? Телехьожийла ларйеш волу рогIера вахархо тешорхьама хIиттош йу-кха и кеп, вуно ладаме гIуллакх иза ду цунна моттийта. ТIаккха кху кепара сурт хIоттадо: нохчо, терроризмана бехкевина хан текхна ву. ТIаккха цхьанна а шеконаш ца кхоллало, ницкъахоша дийриг нийса хиларехь", – билгалдаьккхина Дашкиевс.

Висаев Ати кхелера араваьлча
Висаев Ати кхелера араваьлча

Интернетехула цо къамелаш дина боху тоьшаллаш цунна "гIаддайна" а, бакъдолчунна генахь а хета. Нохчийн йукъараллин декъашхоша, Дашкиевс бахарехь, сагаттадо, тидам бо Висаев гIуллакхна, амма "тебна Iа", хIунда аьлча, ницкъаллин хьукматашца дов цхьанна ца деза.

"Шайн даймахкана эзарнаш километраш генахь бу и нах, сом даккха баьхкина уьш Норильске. Оцу кепара гIуллакх делла йиш йу тхоьх муьлххачунна а дуьхьал", – дуьйцу къамелдечо.

2005 шарахь 18 шо долу Висаев 15 шарна чувоьллира Нохчийчохь. Соьлжа-ГIаларчу эскархойн машенаш лелхуьйтуш дакъа лаьцна ву элира иза кхело. Висаевс бехкаш тIелаьцна ца хиларал совнаха, шен тIехь къиза Iазап латтийна элира – оцу тоьшаллашна кхело тидам а ца бира.

Висаев Норильскерчу колоне хьажийра, 2019 шарахь цу чуьра араваьлча, цигахь ваха виссира иза. Iазапна латторна тIехула бехктакхаман гIуллакх доладайта гIерта адвокаташ хIинца а, амма талламхой дуьхьал хуьлу царна.

Охотин Сергейс бахарехь, Оьрсийчохь кхолладелла ламаст ду, терроран артиклашца набахте хьежийна нах ара ца бовлуьйтуш. Сих-сиха уьш набахтешкахь леш нисло, наггахь девзаш доцчу бахьанашца ле уьш, маьршабовла кIезга хан йиссича. Цунна хетарехь, Висаев оцу официалехь йоцучу системех зен хилларг ву.

"Соьлжа-ГIалахь хиллачу эккхийтарна шеконехь хилла болу биссинарш кхелхина. Шена тIехь Iазапаш лелочу хенахь иза къера ца хиллехьара, хетарехь, иза ша а дийна хир вацара. Амма шена тоьхна хан чекх а йаьккхина, аравала аьтто хилира Висаевн, делахь а, маьрша дукха ца лелийтира иза: набахтера ара ма-валллара, керла бехктакхаман гIуллакх коча долла "дика объект" хилира цунах ницкъахошна", – тешна ву Охотин.

Висаевн бехктакхаман гIуллакхехула ткъе итт сов кхеташо хилла Хабаровскерчу кхелехь. Адвокатийн тоьшаллашка ладегIа йолайелла кхел, амма гIадужу-бутт тIекхачалц сацийна ду гIуллакх.

Висаевн зуда Мутаева Iайша кхелан кхеташонера арайаьккхира, йукъараллин адвокат санна дакъа лоцуш а йара Мутаева. Иза арайаккхаран бахьана лерира, йоьдучу кхеташонехь ша даьхна хилла суьрташ Мутаевас шен телеграм-канале хIиттор.

  • Оханан-баттахь Висаевс латкъамаш бира Хабаровскера талламан изоляторехь шена латточу хьелашна. Шен хIусамнене цо дахьийтинчу кехата тIехь далхийнера цо, йалх йиъкIов метар йолчу камери чохь латтош ву ша аьлла.
  • Дайначу шарахь Висаевна тIехIуттуш масех акци дIайаьхьира Европехь нохчийн диаспоран векалша. Венерчу Оьрсийчоьнан векалтана хьалха пикет хIоттийнера мангал-баттахь, Висаев Аптина тIаьхьарадовлар тIедожош.
  • 2022 шеран товбеца-баттахь Берлинехь, Венехь пикеташ хIиттийра, европхойн Iедале, Оьрсийчоьно нохчийн бакъонаш хьешарна тIе тидам бахийтар доьхуш. Висаев Аптин хьолаца шайн кхерамехь хилар хаийтира гулабеллачара. ХIора гIалахь 20 гергга стага дакъа лецира. Висаев маьршаваккха бохуш йозанашца плакаташ а, тIейоьхна кучамаш а йолуш арабевлера протестхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG