ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Роскомнадзора материалаш дIаяхар тIедожийна масех зорбан гIирсана


Роскомнадзоран логотип
Роскомнадзоран логотип

Шоьтан дийнахь, ГIура-беттан I8-хь Роскомнадзор урхалло "Медузаан" а , "Дождь" телеканалан а, Znak.com а The Village а The Bell а изданийн а редакцешка хаамаш бахьийтина, Оьрсийчоьнан Инарлин прокуратуро Товбеца-баттахь "ца оьшу" вовшахтохаралла лаьррачу "Проект" зорбан гIирсо бинчу талламанна тIетевжина кечйина публикацеш дIаяхьар тIедожош. Цунах лаьцна яздо Радио Свобода портала.

Оццу дийнахь The Bell журнале "иттех сов" хаам кхаьчна Роскомнадзорера "Проектан" материалех лаьцна кечйина артиклаш дIаяхар тIедожош. Цунах лаьцна хаам бо Оьрсийчуьрчу а, дозанал арахьарчу а зорбан гIирсаша.

ХIоразза а Роскомнадзора хьахийна Инарлин прокуратуро арахецна тIедожор, блок хIотторан кхерам а тосуш. Роскомнадзоран говзанчаша лаьрра оцу публикацешкахь "хаамийн материалаш" хилар кхечу пачхьалкхан я дуьненаюкъара Iедалшца йоьзна йоцчу вовшахтохаран, ца оьшуш лаьрра йолчу Оьрсийчоьнан территори тIехь.

"Медузе" кхаьчна биъ хаам, керланийн хаамаш дIабахар тIедожош. Царна юкъахь бу: Ярославлехь №1 колонехь тутмакхна етташ яьккхина видео, "Боширов Русланан" паспортан файлехь йина билгалонаш ю "Петров Александран" паспорта тIехь ма хиллара, телепрограммаш лелош йолчу Аскер-заде Наиляс Рублёвкехь доьхкина лаьтан дакъа; "Россия" банка хIора шарахь ши миллиард гергга ахча доккху махкахоша ЖКХ-на дIалучу ахчанах пайда оьцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG