Черкес Лариса
Оьрсех доцчу къаьмнийн жигархой оьгIазбахана шайн меттанийн хьокъехь Пачхьалкхан Думехь тIеэцначу низамна, амма ца хаьа шаьш хIун дан деза
Кхаж баьлла халкъаша хIинццалц далхийначун – тоьлла пачхьалкхехь цхьа оьрсийн мотт бен берашна Iамор тIехь дац Путина алар тIедоккхуш хьийзина депутаташ, низаман проект къобалйина Думехь.
Социалан машанашкахь, шаьш шайлахь къаьмнийн жигархой реза бац тахана шайн регионашкарчу депуташна. Къаьсттина го иза Къилбаседа Кавказехь.
Керлачу низамехьа кхаж тесна 373 депутато, дуьхьал ву 3, ойла ца къадош сецна 1 депутат.
"Дуьхьал ву" нуьйда тIетаIийначех ву, ала дашна, ГIирмехь депутат ваьлла дагестанхо Курбанов Ризван. Ткъа Дагестанерчу депутато Сафаралиев Хьаьжимета "реза ву" аларал совнах, дуьйцу "Кавказ.Реалиига" шена стенна хета нийса шегара позици.
Оьрсийн мотт Iамор а деза тIерадаккха
Лахарчу Палатехь низаман проект йийца йолош алссам бара резабоцурш ГIебарта-Балкхаройчохь, Кхарачой-Чергазийчохь, Адыгейхь. Цхьаболучара цхьалха пикеташ а йийра.
"ГIебартойн конгрессан" лидеро Бешто Аслана лечкъа ца до ша Думехь бинчу сацамна дуьхьал хилар. "Халкъо бохучух шаьш кIезиг дешийла гайтина депутаташа", - боху цо.
Ненан маттехьа ша болийна къийсам шорбан дагахь ю "ГIебартойн конгресс". Бештона гарехь, Конституцин кхеле даккха деза гIуллакх, цо ГIебарта-Балкхаройчоьнан конституци талхош хилар юьхьар а эцна.
"Вайн Республикан конституци коьрта ю ГIебарта-Балкхаройчоьнан бахархойн бакъонаш, маршонаш юьйцучохь. Цундела Конституцин кхело низам, нагахь санна иза дуьззина тIеэцна, чекхдалахь, юхатоха деза", - элира Бешто Аслана "Кавказ.Реалиига".
Кочесоко Мартин ГIебарта-Балкхаройчуьрчу чергазийн жигархо ву. Цунна Пачхьалкхан Думано сацамбар - иза "цIена империн политика" ю аьлла хета. "Кегий къаьмнашна ассимиляци еш хьийзина Оьрсийчоь даима а. Россин Федерацехь, оьрсий боцчийн, массеран а бу бовш меттанаш, ламасташ, цхьадолу къаьмнаш шаьш а ду довш лаьтташ", - элира цо.
"Оьрсийчоь кехат тIехь бен яц федераци, мулххачу а къоманна лаьа дийна диса, оха, чергазаша, дерриг а дийр ду тхешан халкъ дахийта", - элира Бештос.
Кхузза йийцаре ян еза проект, иза низам хилла дIахIоттахь,ша школашкахь оьрсийн мотт Iамор а диллийта гIертар ву берийн лааме, боху кхечу жигархочо Жемуха Заура. "Нагахь санна шен боцу мотт бере Iамабайта ца оьшу бахахь, оьрсийн маттах а хьакхадала деза иза,оьрсийниг-х баций вайн ненан мотт", - аьлла хета Жемухина.
Халкъаш дIасадаьхна ду
Къаьмнийн республикаш вовшахъяхна кхобу, чIагIдо Майкоперчу "Адыгэ Хасэн" куьйгалхочо Чундышко Заурбийс (меттан хьекъехь дуккхаза а гулъелла цуьнан хасэ).
"Iедална ца тов шена дуьхьало еш, хIоьттинчу хьолах сагатдечу кхечу къаьмнашца барт лохур бу оха меттан проблема къастош", - элира цо.
Кхарачой-Чергазийчуьра "Адыгэ Хасэ" а ю хуьлучух сагатдеш. Амма цуьнан коьртерчу Жужаев Тимура яц элира шайн хIумма а дан Iалашо. Реза вац низамна иза а: "ХIун новкъа бу къаьмнийн меттанаш?! Гул а делла, ойла ян еза-кх кхидIа дан догIучух", - боху цо.
Къаьмнашкара юьйлучу протесто юхабохур бу Думин депутаташ, аьлла хетара ГIебарта-Балкхаройчуьрчу бакъоларъярхочунна Хатажуков Валерийна. "Тхо цхьаьнакхетар ду депутаташца, юристашца. Дерриг а хила деза низаман гураш чохь, амма вайн кегийнаш дуьхьал бу, уьш тешна бу Пачхьалкхан Думано конституци хьоьшуш хиларх", - элира Хатажуковс.
Нальчикера интеллигенци дагахь ю кху шинарийдийнахь меттан низамна гонах хIоьттина хьал дийцаредеш гулъяла.