ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лоьрийн гIалаташна тIекарлойо Iедало


Черкессерчу дарбан цIийнахь веллачу стеган гергарчара лоьраш жоьпе озор доьху Европан кхеле

2013-чу шеран Дечкен-беттан 18-чу дийнахь Тимченко Денисна терапевт кхайкхина цIерачара. Шелвелла, вирус лаьцна, лоьрашна тIегIо, аьлла цуьнга. Амма цамгар дийно-дийно чIагIлуш хилла. Кхин кхо де даьлча медицинан орцан машенца Черкесск-гIалин клинике вигина цомгушниг. Цигахь цунна пехийн пневмония ю аьлла.

Гергарчара дийцарехь, карахь полис йоллушехь, Тимченкона молханаш гергарчаьрга эцийтина. Чувиллина де даьлча реанимаце дехьаваьккхина иза, ткъа цигахь велла.

2014-чу шеран бIаьста Тимченко Денисан доьзало Оьрсийчоьнан Бехктакхаман кодексан 109-чу артиклца а догIуш (белхан декхарш дуьззина кхочуш цадарна, ларамза стаг вер), жоьпе кхайкхина лоьраш.

Эксперташа Iорадаьккхина, лоьраша тергамза, доггIу дарба ца деш валийтинийла Тимченко. Амма Талламан комитето 2015-чу шеран Iай сацамбина ша айдина хилла бехктакхаман гIуллакх дIакъовла. Шо даьлча бен аьтто ца баьлла гергарчийн дов юхаайдайта – 4 лор зен волийна.

Веллачун доьзалан векална, "Бакъонан зона" цIе йолчу юкъараллан юристна Шолохов Игорна хетарехь, лоьралла дан декхаре болучара тесна витарна велла Тимченко.

Айдинчул тIаьхьа, бехкенаш жоьпе ца узуш, низамо хьал зен луш хуьлу хан дIаялийтина талламчаша. Иза олий, Черкесскан кхело гIуллакх юхадохьуьйту прокуратуре, цигахь дIакъовлу.

Оьрсийчоьнан низамхошкахула Талламан комитете дов юхаайдайта гIертарх гIуллакх а ца хилла, Европан адамийн бакъонийн кхеле арздина Тимченкон гергарчара – нанас, йишас, зудчо, йоIа.

"Кхело лоьраш бехкебина бацаро, уьш бехказа бохуш, дов къовларо бохамна дуьхьал компенсаци эца йиш йоцуш битина гергарнаш", - боху юристо Шолоховс.

"Кавказ.Реалиино" дуккхаза а дийцина и санначу хьелех лаьцна. Талламчаша, прокурораша, кхелаша ма-доггIу ца толлуш дитина дукха ду лоьрийн тергамзаллица доьзна девнаш.

Кхушеран Iай 20 эзар евро дала декхарейина Страсбургерчу кхело Оьрсийчоь ГIалгIайчуьрчу Бопхоева Заирин нанна. ЙоьIан могашалла галъялла, ша яда а йина, майра хила гIертачун доьзалехь хьийзийча. Ткъа лоьраша нийса ца хIоттийна диагноз, ца дина оьшшу гIо.

Стохка гурахь Европан кхело 24 эзар евро кхачийна Нохчийчуьрчу Каимов Мовлдин доьзална. ГIезалойчохь набахтехь пехийн цамгарх велла Каимов. И цамгар цунна кхетта 2004-чу шарахь. Шена тоьхначу хенах цхьа дакъа Нохчийчохь набахтехь техкна хилла цо, ткъа цул тIаьхьа, ГIезалойчу (Нижнекамск) дIахьажийча, дарба ца луш витина, аьлла арздира тутмакхан гергарчара. 2010-чу шарахь набахтехь велла Каимов.

Дагестанерчу Халикова Саидин латкъам бу Страсбурго рогIехь талла тIеэцна. Волгоград-махкахь хан токхучу гергарчун могашалла галъялла, амма набахтин хьаькамаша а, цигарчу лоьраша а дарба ца до, аьлла, арздина цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG