Оршотан дийнахь "Россия-24" телеканалан йоьдучу эфирехь харжамел хьалхарчу дебаташкахь кхайкхамбина оппозиционер Навальный Алексей а, кхинболу Оьрсийчоьнан политикан тутмакхаш а маьршабаха аьлла. Оьрсийчоьнан маршонан а, нийсонан а партин тептаран коьртехь волчу, Пачхьалкхан думан харжамашкахь дакъалоцучу Шевченко Максима дина оцу кепара дIахьедар.
Иштта вистхилла иза, бозуш боцу журналисташ а, жигархой а хьийзорна дуьхьал а.
"Пачхьалкхерчу чоьхьарчу политикан садукъийна, хьаьшна, вайн дешан маршо, политикан дискуссийн маршо, гуламан маршо йоцуш ю", - билгалдаьккхина политико.
Цо дийцарехь,оцу доллучо а, лаца а лаьцна, Навальный набахте волларо а бахьана ло Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш яха, ткъа цунах бала хьоьгург къам ду.
"Политикан тутмакхашна маршо, журналисташна маршо, араваккха Навальный Алексей а, политикан репрессеш мел лелораш", -дерзийна къамл Шевченкос.
Шевченко Максим – журналист ву. 2000-гIа шераш доьрзучу хенахь Хьалхарчу каналехь болх беш вара иза. 2012-чу шарахь Поклонная гора олучу меттигехь Путин Владимирехьа хIоттийна митинг вовшахтоьхначу Антиоранжевый олучу комитетехь вара иза.
ТIаьххьарчу шерашкахь кест-кеста вистхуьлу иза аьрру позицешкара Iедалхошна критика еш, доккхачу декъанна, Кавказехь оппозицин жигархой лецарна.
КПРФ партин цIарах Владимирскан кIоштарчу низамаш кхуллучу гуламе хаьржинера иза.
Оьрсийчоьнан маршонан а, нийсонан а парти (РПСС) хьалха КПСС аббревиатура лелош яра. 2021-чу шеран бIаьста цуьнан куьйгалле хаьржира политтехнолог Рыков Константин, ткъа партин цIе хийцира. Пачхьалкхан думе болчу харжамашкахь дакъалаца бакъо ю партин куьйгаш ца гулдеш. Шевченко Максим ву кху шарахь тепатаран коьртехь.