ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно харц до шайн эскархой Мисаран а, Либин а дозанца хилар


Конашенков Игор
Конашенков Игор

Iамеркан а, Мисаран а дипломатин хьостанаша дийцарехь, Оьрсийчура леррина тIеман дакъош дIатардина Либин дозанца Мисарахь йолчу авиабазе. Цу гIулчо синтем байа мега Оьрсийчоь Либина Iаткъам бан гIертарна реза йоцучу Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн бохуш, яздо «Iамеркан Аз» портало.

Iамеркан векалша бинчу хаамаца, цу меттехь леррина Iалашонаш кхочушйо тIеман тоба дIатаръяран Iалашо хила мега Либин тIеман буьйранчана Хафтар Халифана гIортор ян гIортар.

Цу стеган ницкъаша шайн Iуналлехь латтош яра Бенгазера мехкадаьттан порташ. Амма кху беттан 3-чу дийнахь, Бенгази ларйон Бригадаша тIелатар а дина, араваьккхира цигара Хафтар.

Iамеркан векалша, шайн цIе ца яккхар а доьхуш, хаам бина, шаьш дукха лерина шайн тидамехь латтош бу Сиди-Баррани олучу гIалана уллехь болу эскархой а, (гарехь, Оьрсийчоьнан лерринчу эскаран дакъа) ткъа иштта тIехь пилоташ боцу кеманаш а. И эскархой а, кеманаш а дIатардина ду Мисаран а, Либин а дозанна 100 километр хиллал гергахь.

Мисаран лерринчу сервисашкара хьостанаша а дуьйцу шайна хуург. Цара дийцарехь, хьехош ерг ю 22 эскархочух лаьтта оьрсийн эскархойн тоба. Цара ца дуьйцу церан миссех лаьцна, амма болчу хаамашца, Оьрсийчоьно Чиллан-бутт болалуш пайда ийцира кхечу Мисарарчу базанах. Иза ю Мерса-Матрух гIалана гергахь.

Мисаран Iедалша харцдо шайн латта тIехь Оьрсийчоьнан эскаран тоба ю аьлла Reuters агенталло бина хаам. Изза дина Оьрсийчоьнан тIеман министралло а.

«Цхьа а Оьрсийчоьнан леррина тIеман тоба Сиди-Барранехь яц», - аьлла дIахьедар дина Оьрсийчоьнан тIеман министраллан лерринчу векало Конашенков Игора. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло.

Конашенковна хетарехь, цIе ца яьккхинчу нахана тIе а тевжаш, цу кепара хаамаш а беш, Малхбузерчу зорбанан гIирсаша карзахйоккху юкъаралла. Къаьсттина иза деш Украинера а, Прибалтикера а цIе ца йоккхуш болу нах бу боху Оьрсийчоьнан тIеман министраллан векало, яздо «Iамеркан Аз» сайто.

XS
SM
MD
LG