ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоь: чемпионатан IиндагIехь репрессеш


Оьрсийчуьрчу талламхоша а, суьдхоша а, полисхоша а тийна-таьIна хьийзош бу Iедалшна реза боцу нах

Оьрсийчуьра бахархой, Путин Владимирна дуьхьал берш а цхьаьна, самукъадаьлла бу Оьрсийчохь дIахьош футболан дуьненан чемпионат хиларна. ГIирма дIа а лаьцна, Украинан малхбалехь тIом болийчхьана 4 шарахь Кремлан пропагандо дийцира царна, Оьрсийчоь мостагIаша гоне лаьцна ю бохуш. Ткъа хIинца дуккха а нах баккхийбеш бу, махка баьхкинчу кхечу пачхьалкхашкарчу наха шайн сакъерарца а, доттагIаллица цу пропагандо цуьйцург дIалакъорна, яздо "Iамеркан аз" зорбанан гIирсо.

Москох Кермлна гергахь а, ткъа иштта кхин а Оьрсийчуьрчу 11 гIалахь а хIора денна цхьаьнабеттало футбол езархой. Цара хелхарш а до, эшарш а лоькху. Оьрсийчуьра социалан машанашкахь вуно дукха сурташ ду адамаш вовшашна маралелхаш даьхна. Синкъерам хаалуш бу Оьрсийчуьрчу телевизионийн хаамашкахь а.

Амма Оьрсийчохь политикан бахьанашца махкахой хьийзор шайн тидамехь латточу юкъараллан жигархоша дуьйцу, махкахь севцна цахиларх лаьцна низамаш лардечу органаша дIахьош йолу репрессеш.

Оьрсийчоьнан къилбе – чемпионат а, " кӀеда-мерза телефон тохар" а

Оьрсийчоьнан къилбехь шина гIалахь – Ростох а, Сочехь а – дIахьош ду футболан дуьненан чемпионатан ловзарш. Цундела дуьненаюкъара синкъерам боьдучу ханна Iедалша чIагIдина оппозицин декъашхошна тIаьхьа хьажар.

"Къилбаседа Кавказера экологин вахта" Iедалшца йоьзна йоцучу вовшахтохараллан кхеташонан декъашхо ю Русова София. "Iамеркан аз" порталан оьрсийн сервисан корреспонденте цо дийцира, "хьийзош ерг а, тидаме эцнарг а блоггерех а, экологех а, оппозицин вовшахтохараллийн жигархойх а лаьтташ йолу цхьа жима тоба" ю аьлла.

Шайн накъосте Витишко Евгенийга, цо ма аллара, "кӀеда-мерза телефон тоьхнера "Э" центрера, цуьнан хIун планаш ю, хIун дан дагахь ву иза къастош. Шайна ма хаьа иза хIунда тоьхна ю. Иштта телефон тоьхна "Э" центрера "Солидарность" тобанан жигархочуьнга Чириков Викторе а, бохуш дуьйцу Русовас.

Цо бинчу хаамца, Iедалша хьийзош ю Краснодарехь берийн хирург болх беш йолу Оьрсийчохь магош йоцу "Открытая Россия" вовшахтохараллан декъашхо Антонова Яна. Русовас дийцарехь, лор ехачу хIусаме сих-сиха богIу полисхой а, верасаллан урхаллан белхахой а (Антонова Янин доьзалехь ву кхиазхо). Цара гIуданаш детта цу зудчунна.

ДIадаханчу кIиранах Антонова Янина а, Чириков Викторна а, "Открытая Россия" вовшахтохараллан кхин а 5 декъашхочунна а дуьхьал административан гIуллакх талла долийна Iедалша, уьш, ца хилча дика хир ду аьлла, пачхьалкхехь йихкинчу вовшахтохараллан декъашхой бу аьлла.

ГIирма: соцуш дац ГIирмера гIезалой хьийзор а, украинахоша мацалла хьегар а

Оьрсийчоьно 2014-чу шарахь дIалаьцначу Украинерчу ГIирмехь хьийзош бу меттигера гIезалой. Оьрсийчохь Мангал-беттан 14-чу дийнахь футболан дуьненан чемпионат йолаеллачул тIаьхьа а лахделла дац иза.

Иштта, репрессеш лелор шен тидамехь латточу Фейсбукерчу "ГIирман дакъа кхачар" тобано хаам бина, Мангал-беттан 18-чохь ницкъаллин структурийн белхахоша Ширачу ГIирмехь Сейтумерова Назифе дIалацарх лаьцна. Бахьана ду цуьнан телефонехь Украинехь вехачу майрачуьнга цо яздина кехаташ карор. ТIаьхьо и зуда дIахийцира.

ШолгIачу дийнахь ФСБ-н белхахоша, хIусамех а хьаьжна, лецира ГIирмерчу гIезалойх йолу Алупкера яхархо Кайданова Наджие. Иза дIахийцира масийтта сохьтехь лейинчул тIаьхьа.

Мангал-беттан 21-чохь ГIирмехь мацалла кхайкхийра Оьрсийчохь йихкинчу "Хизб ут-ТахIрир" исламан юкъараллан декъашхо ву аьлла, чувоьллинчу Примов Нурин нанас. Цо кхайкхам бинера Севастополерчу ФСБ-н урхалле, шен кIант дIахецар доьхуш.

Примов Нури чувоьллина ву 2016-чу шарахь Гезгмашин-беттан 17-чу дийнахь дуьйна, Къилбаседа Кавказан тIеман гонан суьдо 5 шо хан а тоьхна. Карарчу хенахь таIзар токхуш ву иза Марий Эл республикерчу колонехь.

Кху деношкахь мацалла хьоьгуш ву ГIирмехь 2014-чу шарахь лаьцначул тIаьхьа, 20 ша хан а тоьхна, чувоьллина Сенцов Олег а, 10 шо тоьхна набахте хьажийна волу Кольченко Александр а, ткъа иштта 2017-чу шарахь, кхо шо 7 бутт хан тоьхна волу Украинера жигархо Балух Владимир а.

Футболан чемпионат хилар бахьана долуш къинхетам а бай дIахецахьара аьлла дуьненаюкъарчу вовшахтохараллаша, шайна юкъахь Евробертан парламент а йолуш, кхайкхам бинехь а, Оьрсийчоьнан Iедалхоша шайн набахташкахь чубоьхкина латтош бу Украинан махкахой Сенцов а, Кольченко а, кхин а 64 политикан тутмакх а, яздо "Iамеркан аз" зорбанан гIирсо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG