ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцойн журналистана виза ца ло Оьрсийчоьно


Германерчу ARD телеканалан журналист Зеппелт ХIайо, Марс.4, 2016
Германерчу ARD телеканалан журналист Зеппелт ХIайо, Марс.4, 2016

Оьрсийчуьрчу спортхоша допинг лелорах материалаш язйина Зеппелта.

Германин футболан барто а, политикаша а, дуьненаюькъарчу журналистийн вошахтохараллаша а юхабаккха аьлла, кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедалшка, ARD телеканалан журналистана Зеппелт ХIайона 2018-чу шеран футболан дуьненан чемпионате ваха виза ца яларх лаьцна сацам.

Германин футболан бартан куьйгалхочо Гриндел Райнхарда кхайкхам бина Дуьненаюкъарчу Футболан ассоциацийн федерацега (FIFA) а, цуьнан президенте Инфантино Джанне а шайга далург де Оьрсийчоьне Зеппелтана виза ялийта аьлла.

FIFA-но официалан дIахьедар дина, дуьненан футболан чемпионат вовшахтохаран комитетера алсам хаамаш кхачаре ладоьгIуш ду шьаш аьлла.

Футболан федерацино иштта билгалдаьккхина пресса маьрша хиларехьа ша хилар а, FIFA-ан турнирашка журналисташ маьршша бита безаш хиларх а лаьцна.

Дуьненаюькъарчу "Доза доцу репортераша" шаьш вуно реза ца хилар хаийтина немцойн журналистана Оьрсийчоьно виза ца яларна. Цу вовшахтохараллана хетарехь, Москохо бинарг политикан сацам бу, Зеппелта оьрсийн спортхоша доппингах пайда оьцуш хиларх лаьцна материалаш зорбане яхарна.

Журналистана Оьрсийчоьно виза ца яларх лаьцна пIерасканан дийнахь хаам бира ARD телекомпанино. Дийцарехь, Зеппелт Оьрсийчоьнан Iедалхоша юкъатоьхна, шайна махка бахка ца луучу нахана.

Оьрсийчоьнан векалша цу хьокъехь цкъачунна официалан комментари йина яц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG