ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ростовн кIоштахь 20 шерачохь 13 тутмакхна гечдина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Ростов кIоштарчу гечдарехула йолчу комиссино шаьш 20 шерачохь бинчу белхашкахь теллина 2 286 тутмакхан дехарш. Царех гечдан мегар ду аьлла, билгалваьккхира 79 стаг, ткъа президенто къобалвира 13. Чуделлачу массо а кехаташ лерича, 0,57 процент хуьлу иза. Ростовн кIоштан губернаторо Голубев Василийс мах хадийна комиссин белхан, "озабезамаш боцуш, массо а агIор бина бу" аьлла.

Доккхачу декъанна, тIаьххьарчу кхеташонехь гечдар доьхуш чуделла 18 дехар юхатуьйхира комиссин декъашхоша. Iедалхойн информацица, хан тоьхначу шиммо дина зулам юккъерчу шогаллица дина лоруш ду, дисинарш даккхийчу зуламашца доьзна ду – стаг вер, талоралла, хьарамлонаш, къоланаш, наркотикаш лелор.

Регионерчу гечдарехула йолчу комиссин декъашхочо Мнацаганов Андрейс дийцира, гечдаран жима процент йоьзна ю "хьакъйолу кандидатураш цахиларца" аьлла.

"Формалехь, йиш ю тхан гечдар доьхуш, уьш хьалхататта, амма президентан комиссино оцу тайпа кандидатураш чекхйовлуьйтур яц", - кхетадо Мнацагановс.

Хьалхо Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра емалбира регионерчу талламан комитетийн дакъойн болх, оцу меттигашкахь стаг бехказавоккху сацамаш совбийларна. Йоллу Оьрсийчохь цхьана процентал а лахара бу ишта сацамаш, амма Бастрыкинна хетарехь, Красноярскан кIоштахь а, Хакасехь а, ГIажарийчохь а, Калуган а, Костроман кIошташкахь а и гайтам "къаьсттина сингаттаме" бу аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG