ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

RT-н каналаш дIакъовларна YouTube-на блок хIотто кхерам тесна Роскомнадзора


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Роскомнадзора тIедожийна Google-на блок дIаяккхар Оьрсийчоьнан пачхьалкхан RT (Russia today) телеканалан немцойн маттахь йолчу редакцин ютьюб-каналашна. Оцу регуляторан дIахьедар кхаьчна "Интерфакс" агенталлин редакце.

Шен кехатехь Роскомнадзора чIагIдо, Google-о динчо "йохайо маьршша хаамаш дIасабаржо йолчу бакъонан коьрта принципаш", иза цензуран акт ю, Оьрсийчьурчу зорбан гIирсашна йина йолу. Дукха хан йоццуш тIеэцначу низамо бакъо ло иза дахь болх малбан а, блок хIотто, Оьрсийчоьнна иза цензуран акт ю аьлла хеталахь.

RT-н немцойн маттахь йолчу шина проектана блок хIотторах лаьцна хиъна Гезгмашин-беттан 28-чу сарахь. Каналаш дIадехира юха меттахIитто бакъо а йоцуш, дуккхазза а цара сервисан низамаш дохорна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG