ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Русофобаш пачхьалкхе ца бита дагахь ю "Единая Россия"


"Единая Россия" партино низаман проект кечйина, русофобашна Оьрсийчу бахка доьхкуш. Пачхьалкхан думан депутато, партин инарла кхеташонан секретаран гIовса Хинштейн Александра бина и хаам шен телеграм-каналехь. Цо бахарехь, документо магор дац Оьрсийчу бахка арахьарчу пачхьалкхийн бахархошна, нагахь санна:

  • гамо гIаттош, мостагIалла карзахдоккхуш, къаьмнийн, расин, динан, меттан билгалонашца адамаш сийсаздеш велахь;
  • даймехкан турсхойн аьшнаш беш, даймехкан тIеман ветеранийн сий дойъуш, Оьрсийчоьнан тIеман символш бехъеш велахь, тIамехь эгнарш дIабоьхкина меттигаш хIаллакъеш, талхош уьш белахь;
  • шайна хаа а хууш, Сийлахь-Даймехкан тIом боьдучу заманчохь лаьттинчу Советан Iедалх лаьцна харцдерг даржош белахь;
  • нацистийн, я эксремистийн атрибутикана, символикана пропаганда еш, иза гойтуш хилахь, я еш хилахь;
  • иштта, нацистийн зуламаш къобалдахь а.

"Оьрсийчуьра араваларх, Оьрсийчу вахарах" долчу федералан низамехь бийр болуш бу хийцамаш. Чоьхьарчу гIуллакхийн министралла тIетайна низаман проектна, хаам бина депутато.

Хинштейна дийцарехь, "постсоветан меттигехь йиллина русофоби лелийна эргIаде меттигаш хиларна дуьхьал луш долу жоп ду и документ". Билггал юьйцучу меттигехь ца хаийтина цо.

  • Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло 50 шарна пачхьалкхе ван дихкина дукха хан йоццуш Азербайджанан цIарах Беларусехь векал лаьттинчу Вагабзаде Исфандиярна а, Казахстанан вахархочунна Ахметов Куатна а, "къаьмнашна юкъахь гамо тосуш", интернетехь дIахьедарш дарна. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххоша бинера и хаам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG