ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Акци хIотторна Бесланера наной лецна полисхоша


Гезгамашин-беттан 1-чу дийнахь 12 шо хьалха Бесланерчу школехь дайинчу берийн наноша вовшахтоьхнера акци. Оьрсийчоьне Нохчийчуьра тIом битийтархьама, Бесланера школа дIалецира 30 сов тIемалочо. Уьш хIаллакбеш школана тIедиттинчу герзаша вийра маьрша 334 вахархо, дукхахдерш бераш а долуш, 800 стаг лазийра. Тахана а таллаза лаьтташ ду и гIуллакх. Акцехь гулбеллачу наношна тIехь яра «Путин – чалтач ву» аьлла йозанаш долу кучамаш. Полисхоша акци дIа а йохош, лецнера наной цхьана ханна.

XS
SM
MD
LG