ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Вайн амалехь дац "клиент даима а бакъ ву" бохург"


ГаланчIожахь (архивера сурт)

Саламова Елена

ХIун новкъарлонаш хуьлу Нохчийчоьнан экономикана, стенна яц шорлуш туризм

Оьрсийчоьнан Финансийн университетан эксперташа бахарехь, шен гIоранца хьал дебон таро йолчу регионех ю Нохчийчоь.

Меттигерчу хьолан барам бестон аьтто моссаза болу, шаьш регионан экономика кхиош ду, олу Нохчийчоьнан куьйгалхоша. "Регионехь тоьлла хьелаш кхолларо" мехкан рицкъ (валовый региональный продукт) кхион аьтто бина вайна, элира Кадыров Рамзана 2018-чу шарахь а. Ткъа дуй-те цо аьлларг бакъ?

Статистикан чаккхенехь

Регионаша кхиийна хьал дустучу федералан тептарахь даима а санна тIаьххьарчу могIаршка нислуш ю Нохчийчоь.

Бакъ ду, 2016-чу шарахь массех регионал лакхаяла аьтто белира цуьнан – 85 махках лаьттачу пачхьалкхехь цо баьккхира 70-гIа меттиг. Делахь а, регионо кхиийначу рицкъанах цхьана вахархочунна мел кхочу дуьстича, эшна сурт хIутту – 84-гIа меттиг (тIаьххьарчул хьалхарниг).

Мехкаша кхиийна хьал гойтучу 2016-чу шеран тептарахь хьалхарниг яра Москох - 14299,8 млрд сом. Нохчийчоь - 166,7 млрд сом.

Махко кхиийначу хьолах цхьана вахархочунна кхочу дакъа дара Нохчийчохь 118,7 эзар сом (цул лахара дацара терахь цхьана мехкан бен – ГIалгIайчоьнан). 2017-чу шарахь ерриг Оьрсийчохь цхьана вахархочунна кхочу хьолан дакъа дара 640 эзар сом.

ТIемаш лаьттинчу Нохчийчоьнна мехала ду хьал кхиоран болар гойту терахьаш – 2010-чу шарахь махко цхьана вахархочун цIарах кхиийна хьал дацара 56 эзар сом бен.

Амма и тайпа терахьаш кхиаро гойту ала дац экономикан болар – харц ву мехкан болар цаьрца дузуш волу Кадыров, тIекхуьучу хьолан барамо ца гойту мел дукха, масала, йинчу гIишлонех петарш дIайоьхкина, я мел инвестицеш кхаьчна махка.

Нохчийчохь дIадахначу шеран хьалхарчу декъехь йина 210,3 эзар квадратан метр хIусамаш. Лурчах эха шарахь йиначул кхузза гергга сов ю уьш. Цундела деста мехкан хьал кхиаран терахь, амма ца гойту цо экономикан болар довзуьйту билгалонаш – инвестицийн барам, масала. Ткъа вон ду махкахь лаьтта де тахана а – ца богIу яккхий таронаш йолуш дивелоперш, ца мега царна регион.

Статистико "зурма хаза локхийла" гойту терахьаш а ду дукха. Схьаоьцур вай иштачу могIанех цхьаъ – "пачхьалкхан урхалла дар а, тIеман кхерамзалла латтор а; дахар Iалашдаран ял (обязательное соцстрахование)". 2016-чу шарахь Нохчийчохь кхиийначу хьолан барамах оцу параметро дIалоцура 17%. Дустархьама хьовсур вай, мел дара и терахь Москох. Дара 5% гергга.

Нохчийчоьнна дуьсундерг

ХIун белхаш "дика дIагIур бара" Нохчийчохь? Бизнес-хьехамчина Бено Шемална хетарехь, эвсаре хила тарлора нахана гIуллакхден бизнес.

"ГIишлошъечу бизнесо чухьаьдда болхбира 2005-2015-чу шерашкахь, амма хIинца, суна гарехь, и бизнес лахъелла, аьлча а, еш ю гIишлош, хIусамаш, амма уьш йохкалуш яц. Нахера ахча лахделла, ткъа хIусамийн мехаш лакхабевлла. Дукхахболчу сан накъосташкахь, масала, дац "совнах" ахчанаш.

Махкахь маьIданаш дахар совдер ду олийла а дац. "Нагахь керла мехкдаьтта карадахь, кхиа тарло лаьтта бухара болу пайда, амма суна ца хезна иштаниг хир ду аьлла. Лаьтта бухара рицкъ даккхар ша хьалха лаьттинчу лахарчу тIегIантIехь лаьтта. ТIулг, гIум лелаяло (и ниIмат алссам ду кхузахь), амма цунах болх-некъ бийраш а бац дукха, ледара ду цигахь хьал", дуьйцу Бено Шемала.

Къибаседа Кавказехь, къаьсттина Нохчийчохь, ГIалгIайчохь, Дагестанехь, даьржина лела ламаст ду даьккхина ахча "батта дуьллий" дIасалуш. Iедалх къайлаяьлла лела "долара экономика" ю иза. Хенан йохалла легале довла а тарло и тайпа ахчанаш, царех дакъа кхочур ду бюджете, аьлла хета "Кавказ.Реалиица" къамелдинчу тергамчина.

Доцца аьлча, индустри когахIуттур ю ала дац, боху Бенос. Цунна хетарехь, юьртбахамехь хинболу кхиам а бац 1-2% бен. "Цхьаболучара моз доккху, я бошмаш лелайо – юкъа ахча дилла дезаш бизнес яц иза. Амма иза микробизнес ю. Йоккха бизнес гIоттур яц, кхуьур яц. Туризмна оьшу хьелаш а дац кхузахь. Я нах а бац и бизнес лело кийча, "Вайн амалехь дац "клиент даима а бакъ ву" бохург", элира Бено Шемала.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG