ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Пачхьалкхо къоьллехь дитина тхо"


Перевозчиков Валерий

Шайна Iедало компесацеш яларе хьоьжуш Iа стохка хихьадча зен хилла кубанхой

Бала Iаьвшинарш

Йоьлхуш дагалоьцу Краснодар-махкарчу Кривенское юьртахь яьхначу, алссам бераш долчу нанас стохкалерчу ГIадужу-беттан 24-гIа де. ВорхI стагах лаьтта доьзал белира шен мел хиллачух – цIийнах, йийбарх, гIирсах, пхьегIех , машенах.

Балхахь яра Наталья Iалам карзахдаьлла аьлла хезча. "Ирча хьал дара иза, бераш а, майра а цигахь бара, со гIалахь балхахь яра, доьзална дан гIо дацара", дагалоьцу цо.

Андрей, Натальян майра, халла кхиира доьзалан кехаташ схьагулдан – цIеххьана хьаддера хи керта, цIенна чуделира. Корехула бераш ара а даьхна, уьш а эцна, тхов тIе велира Андрей. ХIинца-тIаккха чудужу поппарх дина цIа, бохуш Iийра тхов тIехь. Оцу дийно цхьа тамаше сиха къежвира доьзалан да, дуьйцу Коротина Натальяс.

Кривенковское юьртахь ши къано велира хихьаьдча, къелхьара ца бовлабеллера уьш. Ерриг а Кубанехь велира хихьаьдча ялх стаг, 7 эзар адам чохь даьхна 2500 сов хIусам йохийра хьовзамо.

Iедало 176 доьзална ахча лур ду элира. 17 доьзална бен ца елира хIусам кхачош йолу сертификат. Кхиболучаьрга санна, КоротингIаьрга а бохура Iедало, "кхеле довла, лаахь". ЦIенна хIиттийна хилла кехаташ нийса дац аьлла, компенсаци ца луш битира кхеран доьзал. Бахамех тоьшалла дечу Росреестро долуш ду КоротингIеран долахь цIа хилла тоьшалла бахарх а ца хилла гIуллакх.

"Советан Iедал доха ма доьхнна, тхо гIиртира хIусамах дерг тхешан караэца, амма "шун цIа балансехь дац" олура массанхьа а. Цундела ца лараделира хеннахь тхешан бахам ма-оьшшу долабаккха", - дуьйцу Коротинас.

Хи дуьххьара хьодуш а дацара Кривенское а, цунна гонахарчу а ярташка. 2010-чу шарахь а хилира и тайпа бохам, амма тIех сов ца делира хилла зен, наха шаьш тодира шайн цIенош.

"КоротингIар кхерамечу меттехь беха, царна 2018-гIа шо дерзале хIусам яла еза", бохура хьакамаша хIиттийначу кехаташа. Амма бохам ца Iийра оцу хене хьоьжуш, хьалхо тIебеара!

"Эхь хета-кх кху пачхьалкхехь еха ала а"

ХIинца аппеляцин кхелехь, шаьш бакъду бохуш, къийсабала деза КоротингIеран а, уьш санначийн а. 100 сов ду и тайпа дов Краснодар-мехкан кхелашка чуделла.

"Стеган долахь кхин цIа а делахь, я иза кхечу меттигна тIеязвелла велахь, кхелаша вуьту компенсаци ца луш", - дийцира "Кавказ.Реалиига" меттигерчу жигархочо Витишко Евгенийс.

Иштта ду меттигера низам, Iаламан хьовзамо дохийна цIа доцуш, кхин цIа а хьан делахь, Iедало метта ца хIоттадо хьуна хилла зен.

Амма КоротингIаьргарчу хьолаца дуьстича, харцонна накъосталла деш го оцу низамо. Ненанана ехачу жимачу цIеннна тIеяздина ду Натальян а, Андрейн а бераш, Iедало да-нана деххачу гIишлоне яздеш дацарна.

Багахь къамелдеш хьаькамаш кхета КоротингIарех, амма … йиш яц церан низамо бохург ца дан. Краснодар-мехкан парламентехь ю и низам хийцарх йолу проект, амма тIаьххьарчу гуламехь йийцаре ца йоккхуш йитина иза депутаташа юха а.

"КхидIа а низамехь лелар ду тхо, эшахь, дедоьхнарш тхайн-тхайн хIусамашка дIа а буьгур бу, арахь буьтур бац!" – аьлла дара Туапсе кIоштан куьйгалхочо Русин Анатолийс "Новая газета Кубани" газетехь дина къамел.

"Южный" пансионатехь беха КортингIар – хихьадча Iедало тарбина уьш цига. Амма эха шарна бен яц цигахь Iан елла бакъо. ХIинца, хIара йоза "Кавказ.Реалино" дечу сахьташкахь кхочу и ах шо, тахана цигара лаьхкина хила а тарло уьш.

"Харцо ю хIара, ахь бераш дуьнентIе доху, цара къематде лов… Пачхьалкхо къоьллехь дитина тхо, цунна бен-башха а дац хьо мила ву, хуьлда заьIапхо я боккхачу доьзалан нана. Иза стенна ду ишта? Пачхьалкх сагIаден касса яц, боху тхоьга. Ткъа хьанна луш ю вай ваьш къахьоьгуш доккхучу рицкъанах ял, иза соьгара стенна йоккху тIаккха? Эхь хета-кх кху пачхьалкхехь еха ала а", - озе елхар а лелхаш, шен бала балхабо Коротина Натальяс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG