ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пачхьалкхо ша кхиабо шена "экстремисташ"


Оьрсийчоь, Новосибирск, экстремизмах долчу низамна духьал хIоттийначу гуламехь.
Оьрсийчоь, Новосибирск, экстремизмах долчу низамна духьал хIоттийначу гуламехь.

Ахмедова Юлия

"Экстремизмна дуьхьалоен" низамаш малдаро лахдийр дац гIитточу девнийн терахьаш, боху адвокаташа. Стенна го царна хьал ишта?

Оьрсийчоьнан Инарла прокуратурин терахьаша гайтарехь, экстремизмо массарел а чIогIа лаьцна мохк бара стохка Дагестан. 75-за хьаьшна цигахь экстремизмна дуьхьаллаьтта низам. ШолгIачу меттехь ю ГIебарта-Балкхаройчоь – 40-за. Царел тIаьхьа ю Нохчийчоь, ГIалгIайчоь – шинхьа а 12-за, Кхарачой-Чергазийчоь – 8-за, Ставрополан мохк а, Къилбаседа ХIирийчоь а – 6-зза шинхьа а.

Талхорна ялхориг ю Оьрсийчоьнан Бехктакхаман кодексан 282-гIа артикл – "халкъалахь оьгIазалла, я мостагIалла айдар".

Лурчах а, стохка а, йоккха башхалла йоцуш, цхьабосса лаьттина Къилбаседа Кавказехь экстремизм, статистико бахарехь. Билгалдаккха догIу, полицино, я къайлахчу сервисо (ФСБ-но) чу мел делла дов нах бехкебарца дерзийна кхелаша.

Цкъа репост йича – гIуда, шозлагIа репост йича – набахти

Ши бутт гергга хьалха экстремизмах долу рогIера низам тIечIагIдира президента Путина. Оцу низамо лахдира экстремисташна ден таIзар. Бехктакхаман кодексера даьккхина, административан кодексе диллира "халкъалахь оьгIазалла, я мостагIалла айдар", 10-20 эзар сом гIуда а тухуш, 100 сахьтехь вацорца.

Амма шатайпа билгалдаккхар лаьтта административан кодексан 20.3 артиклехь: "нагахь санна дина зен бехктакхаман кодексе дуьжуш дацахь". Ткъа хIун боху оцу хьокъехь бехктакхаман кодексерчу, лакхахь вай хьахийначу 282-чу артикло хIинца. Боху, набахте экстремист хьажавойла ду, шера чохь цкъа цунна изза зулам дарна "административан кодесца таIзар дина хиллехь".

Низаме и хийцам билличхьана схьа дIакъевлина интернетехь посташ, репосташ хIитторна бехктакхаман кодексан 282-чу артиклца айдина иттаннаш девнаш.

Хийцамца а догIуш, мукъаваьккхина, масала, экстремизмна бехкевеш хилла тIеман иччархойн урхаллехь (ГРУ-хь) полковник лаьттина Квачков Владимир а, социалан машанашкахь йозанаш даржорна бехкееш хилла Барнаулера Мотузина Мария а.

ГIирмерчу гIезалойх массех жигархо а ваьлла экстремизмца доьзна хенаш такхарх хьалха. Царех ю, масала, интернетехь йозанаш дарна бехктакхаме озийна хилла Алиева Гульсум.

Амма ца карийра "Кавказ.Реалиина" "экстремизм" олучу бехктакхамах Iедало мукъаваьккхина кавказхо, цхьаьллиг цхьаъ а. Цундела ца теша Кавказехь, экстремизмах долу низам малдина аьлча.

Рецидив ларъеш Iийр бу

Административан кодексца гIуда текхна ваьллачунна, цо рецидив яре сатуьйсуш, "бухахевшина Iийр бу полисхой, керла-керлачунна гIуданаш а "тоьгуш", шозлагIа оццу гура чу стаг эккхаре а хьоьжуш, пайде хIумма а хир дац", элира ша цавовзийтар дехначу Нохчийчуьрчу цхьана адвокато.

Делахь а, "административан таIзар текхначунна хаа ду, шозлагIа лацахь шена хIун хир ду. Оьрсийчохь дийца даьхна хиллачех цхьадолу девнаш дIакъевлина кхелаша, амма ша бехктакхаман артикл цхьаммо а ца къевлина дIа, прокурораша полици хьийзор ю девнашца и артикл юза, бохуш, терахьаш охьадахка бохуш", аьлла хета Нохчийчуьрчу адвокатна.

Хьаькамийн паччхьалкх Iалашъеш

"Делах тешачийн дог-ойла йохор", "адамаш экстремизме кхайкхар", я хIинца дийцадаьккхина "юкъаралла, пачхьалкх емалъяр" – оцу массо а низамийн Iалашо цхьаъ ю, Iедал а, цуьнан финансаш а ларъяр, оцу новкъа тIера хьаькамаш цкъа а бевр бац", тешна ву тхоьца къамелдина адвокат.

Цунна хетарехь, тIаьххьарчу хенахь тIеоьцу низамаш интернетах хьакхалуш ду, хьаькамийн пачхьалкхехь цхьа а хIуттур вац нахана хьалха а ваьлла, хетарг ала, амма социалан машанашкахь цкъачунна баьхьа нах хетарг вовшашка яздан, молланашна, мозгIаршна тIехь бела, Iедалх лаьцна хетарг ала.

Бехктакхаман кодексан 280-гIа артикл а ю оццу "экстремизмна" дуьхаллаьтташ, цо къастош долу таIзар дац административан кодексе доккхуш.

Масала, бахначу баттахь Дагестанан прокуратуро хаам баржийра, Хасу-Юьртара вахархо кхеле озийна Бехктакхаман кодексан 280-чу артиклан 1-ра дакъа а, 282-чу артиклан 1-ра дакъа а талхорна, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG