ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Авторханов Iабдурахьман, юха а - "мостагI"


Туаев Мохьмад

"Къийсалолаш оьрсийн къоман маршонехьа. Оьрсий маьрша хилахь, маьрша хир ду вай а"

Гоьваьлла историк, яздархо, политолог, дерриг а шен дахарехь советан Iедалца къийсалуш ваьхна нохчо Авторханов Iабдурахьман кхелхина 18 шо даьлча, юха а, дихкина Оьрсийчоьно цуьнан "Кремлан импери: советийн колониализме боьду некъ" жайна арахеца а, деша а. Дехка сацам бинарг ю Мещанский кхел (Москох).

Оцу хьокъехь "Кавказ.Реалиица" къамел динчу эксперташна гарехь, бехкам боьзна Дуьненан ШолгIа тIом боьдучу муьрехь Украинехь леллачу маршонан боламах лаьцна йолчу агIонашца. Бакъду, уьш тешна бу, дехкаро Авторхановн сий цхьана а кепара дожор дац бохучух. Цу тIе, дихкинера аьлла доцуш, жайна цкъачунна деша аьтто бу дуккха а интернет-агIонашкахь.

Информацин-аналитикан "Сова" центран директорна Верховский Александрна хетарехь, "жайнин электронан кеп – иза ша жайна дац, кхелан сацамо ца боху и кеп а хIаллакъян еза".

Тамашениг ду Мещанский кхело жайна экстремизмалле дуьллу сацам бина хан 2015-гIа шо хилар, ткъа юстицин министралло, иза кхочушбеш, жайна Федералан тептара кху беттан 5-чохь бен даьккхина дацар. Верховскийс бахарехь, иштаниг кест-кеста нисло: я кхел йицло шен сацам юстицин министралле дIахьажо, я министраллехь кехаташ дов.

"Кремлан импери" жайна юкъаяздинчу тептарахь моггIара охьадогIу Украинаца доьзна дихкина жайнеш. Иштта кхаьчначух тера ду "экстремизмах дакъа" Авторхановна а. Цуьнан жайни тIехь "тоъал" емал бина бац националисташ-украинахой, буьйцурш бандеровхой хиларо прокурор тешийна жайнийца экстремизман хьу хиларх", - элира Верховскийс.

"Тамаше хир дара жайна дешар ца дихкича"

Авторхановн жайна "экстремизман литературин тептара" даккхар дийцаредо Москох а, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь а. "Исламан аз" порталан журналиста Хан Икрамуддина хиллачун мах хадош яздо, "режимна товш доцу жайна хьаша араяьлла маьршачу ойланашца тIом беш йогIу машен".

"Оьрсийчохь дихкинчу Авторхановн жайно массо а агIор йовзийттина къаьмнийн политика ю таханлерачу Iедало пачхьалкхехь дIахьош. Авторхановс шуьйрра гайтина, советийн кхетам а, къаьмнаш оьрсех дIатардан лаар а цхьаьна а иэдина, коммунистийн режимо бина некъ. Изза ду Оьрсийчоь тахана "Оьрсийчоьнан къам", "Оьрсийн дуьне" кхиош хьийзар а. Цундела тахана а деша пайде ду Авторхановн жайна. Цундела тамаше хир дара иза "экстремизмалле" ца яздича", боху Хан Икрамуддинна.

Юстицин министраллин пешахь

Оьрсийчоьнан кхелаша жайнеш деша ца магорца болийначу барамаша пачхьалкхан юридикан зеделларг сакхте дерзош лаьтта, олу хийлачу юристо. И тайпа сацамаш муха, муьлхачу хьелашкахь тIеоьцу, хаьттира оха "Плиев а, партнераш а" а цIе йолчу адвокатийн бюрон куьйгалхочуьнга Плиев Мусага.

"Со дукха хилла оцу кепарчу кхелашкахь, дукха хьолехь, тIоьхула дIа, бен-башха доцуш, жайна а таллаза, тIеоьцу сацамаш. Кху жайница муха хилла аьлла, сурт хIотто хала дац суна. Кхело сацам бойла дацара, тIекхайкхина агIонаш а йоцуш – жайнех долалла лелораш, цуьнгахьа берш, дуьхьал берш.

Кхераме прецедент ю иза. Масала, иштта доьхку дукха-дукха заманаш хьалха хIиттийначу бусалба жайнех нахана пайдаэцар. Литература экстремизман могIара йоккхуш вуно еза адаман бакъонаш талхайо кхелаша", дуьйцу Плиевс.

Жайнийн мах хадабайта кхойкху нах наггахь а ца хуьлу жайна талла оьшу Iилма шайца долуш. Жайнех доладен агIо юьстах йитина кхело. Цундела маьIна ду царна сацам къовсаме баккха, хуьлда иза цхьа стаг я цхьа хьукмат. Арздан луш йолу хан чекхъялаза ю хIинца а", элира адвокато Плиев Мусас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG