ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Минанийн майдана волуш ву Кадыров а, Васильев а


коллаж
коллаж
Филиппович Екатерина

Нохчийчоьнан а, Дагестанан а дозанаш билгалдаха дагахь бу мехкадай Кадыров а, Васильев а. Цхьацца меттигашка сизтохар бен дац цара цкъачунна хьехориг. Хьакамаша дийцарехь, яц шина республикан вовшашка претензеш. Амма дуй-те хьал оццул тайна, ГIалгIайчохь дозанаша айина гIара а йижале, стенна оьшу юха а дозанаш хьехо?

Ша лулахошца лаьттан долалла къасто воллийла хаийтира хьалхо Дагестанан куьйгалхочо. Ша реза ву Кадыровс бохучунна, "оьшуш дац хаш хIитто, ойла ян еза нехан аьттонийн", элира Васильев Владимира.

Комиссино латтанаш билгалдохуш бина болх шина мехкан парламенто зуьйр бу, бохура цо. Амма кхеташ дац, хьанна оьшу дозанашца долийна ловзарш.

Вовшашна юкъара дозанаш къасто Оьрсийчоьнан Федерацин мехкаш декхаребинарг Путин ву. Цуьнан омра кхочушдеш, лаьттан хьокъехь бартбира Евкуровс а, Кадыровс а. Амма цушиннан берто эгIийра церан къаьмнийн барт.

Дагестанан Халкъан Кхеташонан спикерца Шихсаидов Хизрица къамелдан вахара Дечкен-беттан 22-чу дийнахь Нохчийчуьрчу парламентан куйьгалхо Даудов Мохьмад. Дозанашца доьзна дар-дацар хуьлийла доцийла, ша претензеш яхьаш ца веанийла хаийтира цо Шихсаидовна.

"Пачхьалкхан кадастре Дагестананний, Нохчийчоьнанний латтанийн долаллах йолу информаци язъярхьама, мичахь хIун ду билгалдоккхуш" бан беза болх хьахорхьама бен дацара шен ХIинжа-ГIала кхачар, яздира тIаьхьо Даудовс шен "Вконтакте" агIонтIехь.

Дозанаш къастонза юьсурш муьлха меттигаш ю ца хоуьйту агIонаша. Амма шина а республикан Iедалша боху, дозанаш къасто деза цхьаццанхьарчу лаьттанашца.

Пачхьалкхан регистрацин, кадастран, картографин урхаллин пресс-гIоьнчаша, "Кавказ.Реалиино" шайга деллачу хаттарна жоп луш, хаийтира Дагестанний, Нохчийчоьнний юкъахь лаьттанашца боьзна цакхетамаш боцийла. "Дозанашца дерг регионаша шаьш билгалдоккху, цара къастийна хьал архиве даккхар бен бац тхан болх", элира тхоьга.

Латтанийн, дозанийн хьал девзачу эксперташка а дийхира"Кавказ.Реалиино" къовсамехь лаьттачу меттигийн цIерш яхар. Дагестанехь чоьхьара лоруш йолу аьккхийн проблема яц кадарстр билгалъяккхархьама дечуьнца йоьзна, ша къастийна, Iедало тIеэцначу программица луьстуш схьаяхьа проблема ю 1944 шарахь дуьйна дозан билгало йоцуш юьсу Аух меттахIоттор, аьлла хета тергамчашна. Цу тIе, стагга а вац аьккхийн мохк Нохчийчоьнах дIатоха гIерташ, элира цара.

Iедало цкъачунна луш бац нахана цаьрга йоьссина шеконаш дIайоху аьтто. Цундела резадацарш хеза, къаьсттина Дагестанехь.

"Нехан латта а ца оьшу, тхешаниг дIа а лур дац" боху тема яьржина социалан машанашкахула", элира "Кавказ.Реалига" "Дагестанан кегийрхой" газетан шеф-редакторо Джафаров Тимура.

Нагахь санна, дозанашца дерг Iедалхоша шаьш ма-аллара чекх ца даккхахь, ГIалгIайчохь иккхинчу конфликтах гIан а деш, гIоттур ю Дагестан, аьлла хета Джафаровна.

Дозанех долу дийцарш, массо а теш а волуш, дIахьор ду, аьлла Васильевс, амма стенгахь ю Нохчийчоьнца долалла къастоза йисина лаьттан асанаш, ца хаийтина куьйгалхочо, элира политолого Уразаев Эдуарда.

"Массо а теш волуш" бохург ду – кадастран белхаш хьан, маца, муха дIахьош бу хаийтар, белхан тобанна юкъа халкъан векалш, Iеламнах бахийтар. Цкъачунна иза дац деш. Цундела къайлаяхьа тарло Iедало цхьайолу информаци, ткъа оцо гIаттаме бохур бу бахархой", аьлла хета политологна.

ГIалгIайчохь иккхина хилла конфликт массарна а лаьтта дагахь. Изза хьал эккха сахьт дац Дагестанехь а – цунах богу нах.

"Дозанаш бахьанехь оьккху къовсам массарел а лазаме хуьлу, хуьлийла а хаийтира 2017 шеран аьхка Калининаулехь лилхинчу протесташа. Ала дашна, Дагестанан куьйгалхой юьстах Iийнехь а, Нохчийчуьра хьаькамаш листира цигарчу гуламе", дагалоьцу Москох дипломаташ Iамочу МГИМО институтерчу Кавказан проблемийн а, регионийн кхерамзаллин а Центрерчу Iилманчас Ярлыкапов Ахьмада.

Цунна гарехь, ма-хуьллу экам хила деза Iедал дозанца йолу проблемаш луьстуш – ца хилахь, кечдала деза гIовттунболчу гуламашна хьалха бехказа бийла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG