ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчий – курдошкахьа тIаме? Стенна леста Кадыров Малхбале?


Кадыров Рамзан а, Абу-Дабин хинволу паччахь, эла Мухьаммед бин Зайед Аль НахIайан а

Iаьрбийн Эмираташкара хьоста: Кадыровс курдошна гIоьнна бIо хьажабойла а, Туркойчоьнна тохардеш гIолоцийла а лаьа Эланна

Шемарчу курдошкахьа тIемаш бен болу ницкъ вовшахтохийтархьама оьшу Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмиратийн куьйгалхошна шаьш Кадыровца кхобу зIе. Иза бакъдеш ду "Эмиратийн къайлахчу сервисан полковник" шех олучу цхьана Iаьрбийчо Твиттеран аккаунте хIоттийна йоза.

"Полковникца" юкъарлонехь болчу твиттерхоша шеко ца юьту иза воккха хьаькам хиларх. Хьанна дуьхьал хир бу курдойн и тIом, ца дуьйцу авторо. Амма хезна вайна, ша "террорхой" лоруш болчу курдошна дуьхьал лерина операцеш дIахьур юйла хаийтинийла Туркойчоьно.

Нагахь санна Кадыров баккъал а курдошна гIодан валлахь, шеко яц Хонкаро иза шен мостагIийн могIара вуьллург хиларх.

"Полковнико" яздинарг дешча, Кадыров тIаьххьарчу хенахь кест-кеста Малхбале лестарца доьзна хIоттало хаттар: хIун дан вахара иза хьастагIа Эмираташка а, БахIрейне а? Прессо "Оьрсийчоьнан Малхбалерчу гIуллакхийн министр" шех олуш волу Нохчийчоьнан куьйгалхо махканна инвестицеш лаха а, шен долара говраш къовсадаларшкахь муха йовду хьажа а вахара бохучо шеко юьту.

Цу тIе, Туркойчу а кхечира Кадыров – хаамийн гIирсаша, президент ЭрдохIан Реджеп ган дагахь ву иза, яздора. Амма ца хилира гойла (мухха а нисделлехь а, цхьана а агIоно ца боху, хилла и тайпа цхьаьнакхетар). Ткъа Нохчийчу-м баьхкира ГIуран-бутт бовш СаIуда Iаьрбийчуьра а, Эмираташкара а хьеший-хьаькамаш.

"IиндагIе а ца хьош" аьлла ник ю ша "къайлахчу сервисан полковник" ву бохучу Iаьрбийчун-твиттерхочун. "Шайха Мухьаммад бен Зайда (Эмираташкахь рогIера паччахь хинверг, мехкан эскаран буьйранчин гIовс) курдошна гIодийр ду Кадыров Рамзанехула – тIемалой гулбеш; Сербера а, Мисарара а герз гулдийр ду – Дахлян Мухьаммадехула (Палестинерчу ФАТХ-партера политик); вайца цхьаьна (Эмираташца) тIеман харж токхур ю, нийсса ах, СаIудийн Iаьрбийчоьно; тIеман хьехамчаш лур бу президенто (Мисаран) ас-Сиси Iабдул-Фаттахьа", яздо "полковнико". 200 000 стаг ву цуьнан агIоне язвелла.

Твит
Твит

Iаьрбийн Эмиратийн Iалашонашца догIу ала тарло "полковнико" яздийриг. Цуьнца йогIуш ю Израилерчу "Debka" газето йовзийтина Iалашо. Iаьмеркан Штаташа шен эскарш Шемара дIадуьгуш хилча, церан меттиг дIа ца лаьцча ца бовлу Iаьрбийн пачхьалкхакхашкара ницкъаш, боху газето. Оцу бахьаница кху муьрехь Шемарчу стратегина мехала йолчу къилбаседанерчу Манбиджехь хилира Мисаран а, Эмиратийн а инарлаш, боху газето.

Цо дийцарехь, "уьш хьавсира гIалига, цуьнан йистошка, Iамеркан эскарш а, курдойн тIемалой а лаьттачу меттигашка, дийцаредира шаьш муха дIатардийр ду цигахь шайн дакъош".

Израилерчу Debka газето бахарехь, курдошна а, церан агIонна а кеманашца гIо латтор ду Штаташа. Оцу накъосталлин Iалашо хир ю Оьрсийчоьнан, я Туркойчоьнан, я Асадан эскарш тIелатахь, царна духьалояр.

Эмиратийн а, Мисаран а делегаци Манбидже ярах яздина туркойчуьрчу прессо а. "Йени шефек" газето, масала.

Курдошна гIодан Iаьрбийн мехкаш хIиттахь, цара вуно доккха халахетар дийр ду Атлантикан тIеман бертан декъашхо йолчу Туркойчоьнна. Курдошна гIодеш йолчу Штаташна ишта а реза бац туркой. Делахь а, президента Трампа дIахьедина деношкахь, ша Iамеркан эскарш арадахар лагIдан а кийча ву, Шемарчу курдошна гIо кхачорхьама, аьлла.

Твиттерехула Iаьрбийн Эмиратийн Iалашонаш йовзуьйтучу авторо ца боху, Кадыровн гIоьнца шаьш стенгара гулбийр бу тIемалой – Нохчийчуьра, я кхечу цхьана махкара. Твито массо а паччахьел хьалха йоккху тIеман ницкъ вовшахтоха Эмираташна оьшучу Кадыров Рамзанан цIе. Ца хьехайо Оьрсийчоь – Нохчийчоь хьехайо, Кремле а ца хоттуш, гIо шайна Кадыровс шеггара кхачор долуш санна.

Вайнехан доьзалш кест-кеста нахала бовлу шайн берашна тIехь Iазап латторца. ХIун дан деза иштаниг ца нисдалийта?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG