ТIекхочийла долу линкаш

Къаьмнашна юкъахь Советан Iедало, мел мухха а хиллехь а, латтийна бакъонийн баланс юьйхира и Iедал доьхча. Диспропорци хIоьттира политикехь, идеологехь – массо а къаьмнашна цхьана къоман нах лен а мегаш, дуьхьал дан хIума а доцуш.

«Йоккха зарратан бомба тоьхна, кIур туьйсу кратер йита еза» шен регионна ала Iедалан дайх волучунна ала а торуш йолчу пачхьалкхехь ца долийла дацара доккха дов.

ТIемаш бирзина иттех шо даьлла, амма тIеман хеьлашкахь санна еха гамонаш тахана а. Оцу гамонех адам а, Iедал а шаьш-шаьш Iалашло. Iедална аьлча – Iедало окху, нахана аьлча – шаьш наха лоцу аьлларг.

Оьрсийчоьно доьхку зорбанехь а, интернетехь а ксенофоби яржор. Ткъа иза-м лела шек дIа а йоцуш. Цундела нах шаьш гIерта къаръян а.

Кху кIиранах дара Шамиль цIе йолу цхьаъ нохчашна а, гIалгIашна а сийсаз лийча интернетехула. Уьш мичча бехкича а ца Iебаш, цара заманашкахь мел Iаьвшина баланаш тIехтуьйхира цу дагтIе кхаччалц маж лелочо, цхьаьнга-м юх-юха «ахи» а бохуш.

Холчу хIиттинера нохчийн, гIалгIайн Фейсбук, Ватсап, Ютуб – массо машанаш. Вайнахана дагахкхеттера х1инца кху рогIерчо мархийн баттахь юйцу харцо.

Шамиль: «Баккъал а, ахи, и массо а нохчий, царна гонахарнаш и куралла-цамгар кхетта бу-те? Массо а кавказхой ала гIерта со-м. Субхьаналла, и нохчий а гина, иштта гIалгIай а, къаьхкина со-м. Дагалоьцуш Iа, субхьаналла, нийсса Дала депортацехь хIаллакдеш хилла и ши къаьм. БогIуш бина бекхам, элхьамдулиллахI.

Хьоьжу хьо цаьрга, шаьш ма-ярра даIамаш, уьш бен адамаш а дац, оццул сонта. Амма тIехь гIелоян йолайой, уьш хIумма а йоцурш хуьлий дIахIуьтту, сан ваша, цундела, ахи, царна дика дарба ду танканаш а, кеманаш а. Кхин царна дарба ШарIахь а карор дац».

Ца хилира оьгIазбахначарна дуьне тIех доккха а – де-буьйса ца ийшира, лаьтта бухара санна, Германехь яппарча схьакаро. ОьгIазбаханчийн монитораш самалхаевлира. Цхьа можа маж ерг, толкх а лелхаш, вистхилира хазачу Баварин цхьана хьуьнайистехь, хьалха санна а доцуш, хазчу дашца.

Шамиль: «Со Шамиль ву. Ас халахетар дина нохчашна а, гIалгIашна а – кавказхошна – сайн аьхазчу дешнашца. Со кIера ву, со нийса вац, ас харц аьлла. Мархийн баттахь. КъинтIера довла суна, ас хьалхо вежаршка а хьажийна хIара хабар. Со харц вара, огIазвахана аьллера. Кхин ас иштта къамел дийр дац. Со ГIезалойчуьра ву».

Шайн къам селхана сийсаздинчо тахана хьоьстуш баккхийбе нах, оццу машанашкахула – Фейсбукера ду хIара а.

Фейсбукера: «15 июнь ду тахана. Шакалаш юй, гиенаш юй, танканашца, кеманашца нийса хIаллакдиний, бохуш, видео яьржича, дукха нахана хала а хеттера, иза лохуш а вара. Де далале иза карийна хазахета, Дела реза хуьлда иза кара а вина, цуьнга кIинтIерадовлар дехийтарна!»

Мюнхенера «ахи» санна, йиттинчу баганах аьттонца, тIехь дерташ доцуш, кIелхьарбовла аьтто массо а ксенофобийн ца болу. Яхначу бIаьста даржийра машанашкахула изза зуламе къамeл видеоца Нохчийчоьнна юьстах вехачу цхьамма. Мотт маьттаза хиларна, цуьнан къамел кег а деш, довзуьйту оха.

Фейсбукера: «ХIинцца ас дIавеана, лаьцна, цхьа-ши нохчо, гIалгIа, дан деззарг дийр ду шуна, Мага, Зага, Iабдурахьман, Мухьаммад, Шмухьаммад – ас хIинцца, х1оккхeхь…»

И накъост нохчашна хьалха карийра, халла беллалуш ши бIаьрг а, бес-бесара юьхь-марш а йолуш, элира цо ша дийцинчун лорах кIурд.

Фейсбукера: «Суьйре дика хуьлда массеран а. Ас дукха хан йоццуш видео яржийнера хIинцца 3-4 де хьалха, баккъал а аьлча, айса стенна нохчий, гIалг1ай сийсазбеш … къинтIера даха воллу… мухха а дийцича а, вай вежарий ду, сан гIалатна къинтера довла суна».

Амма рогIехь дийзира пекъаран гIалгIашна хьалха а бехказвала. Цо ша кхин хир вац боху къаьмнашца оццул гома.

Фейсбукера: «Ганижев Iела ваьлла соьца зIене. Ас цуьнга кхеттош аьллера, иза туьгуш вац. Суна даггара лаьа нохчийн а, гIалг1ай а сайна кIинтIера баха. Айса хIун дуьйцу ца хаара суна, сайна иза цара дуьтур доцийла хаа дезара суна. Со бехке ву нохчашна а, гIалгIашна а хьалха. Ганижев Iелига къинтIера валар а доьху».

И санна галморзахaллаш дукха лела нахалахь, социалан машанашка а ховший, адамаш адамашца гамдийраш вуно дукха бу. Шайна вониг аьлларг ма-хуьллу сиха схьалаха аралоьлху, дукха хьолахь схьа а карабо, масала, нохчашна, я гIалгIашна.

Ала хала ду, дуьненан кхин муьлхачу маьIIехь, Оьрсийчуьра доцчу кхин муьлхачу къаьмнашлахь яьржина лела и тайпа гамонаш а, бекхамхой аралелхий, шайна вон аьлларг, лоций, букарветтарш а.

Низамехь данне а дац массарна а хезаш, мохь бетташ, къаьмнашна лер. Дац низамехь и мохь беттарш леха а лоьхуш, царна бишка озар а.

Делахь а, 200 гергга къоман бухара а, тIебаьхкина а нах бехачу Оьрсийчохь кхоллаялаза юьсуш ю къаьмнийн гIайг1анаш луьсту министралла. Ца хьоьху къаьмнашна вовшашка лараме хила цхьана а телеканалаша. Ур-атталла, ца доьхку, нехан башхаллаш юьхьара а оьцуш, уьш, къаьсттина кавказхой, сийсазбен сериалаш телеканалашкахь хьийзор. Ца марздо шуьйрачу маьIнехь адамна адамца, бос, мара, бIаьрг мухха а белахь а, догцIена хила.

Цундела наха шаьш йо нийсо юкъараллехь – буй-тIарица, боьха лоь батт дуръярца, лоций, боьха Iаьхначуьнга кIурд алийтарца.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG